Дахар а, нах а лоруш а, царах даггара тешаш а, массо а бусалба стагана дика болх хила а лууш йолчу суна, цхьа ирча сурт тIехIоьттинера. Я сан дагна эрчадаьллера а хаац.

Тайп-тайпанчу белхашкахь кхуьучу вайн республикерчу къоначу говзанчех йоккхаейо со. Уьш массарна а бовзийла лаьа, царах дика дош ала а, уьш кхидIа керлачу лакхенашка кхочийла а. Иштта цхьана адамах (йоI ю, кIант ву ца дуьйцу, цIе муххале а) лаьцна статья язъян дагахь яра со.
Цуьнца къамел а хилира, статьяна мел оьшург хаьттина даьллера. Тхо дIасакъастале цо соьга хаьттира шех лаьцна йолу статья мичахь карор ю шена (ас къамел долош шега иза аларан тидам бина а ца хилла) аьлла. Ас, айса даима а олуш ма-хиллара, дозаллица боху:
– «Даймохк» газет тIехь а, иштта тхан сайта тIехь а.
Цо боху:
– Собар де, нохчийн маттахь хир ю иза?
– Хир ю, – боху ас.
– Хьалххе схьа хIунда ца боху ахь, эрна хан йойъур ма яцара ас. Суна мича хаьа нохчийн маттахь еша. Суна и газет хIинца дуй-ам ца хаьара, – боху сан «турпалхочо».
Сайн хIинца а дахдала ца кхиинчу дахарехь дуьххьара дара суна оццул синан декъазалла гуш. Сан кхетамца ца догIура турпалхочуьнан къамел. Ехха Iийра со цуьнан бIаьра хьоьжуш. Цо ша бегаш бина аларе сатуьйсура а я дешнаш юхаэцаре сатуьйсура а ца хаьа.
Со кхуьучу хенахь, тхан чохь хазбеш, марзбеш ма Iамийна суна-м вайн ненан мотт, и цахаар ша цаларар ду а бохуш. ХIусамаш а хилла-кх тайп-тайпана. Нохчи вац, нохчийн маттах эхь хетарг, и цабезарг, и Iамо куралла йинарг. Мел ву баьхча а, суна-м вац иза нохчи.
Сайн цо дохийначу даге ла а доьгIна, жоп делира ас.
– ХIара ас йина запись (телефон тIе) гуш юй хьуна? ДIаяьккхи хьуна. Хьан сурт а оьшуш дац. Хьо ца вайн «Даймахка» тIехь цкъа а ма гойла хьуна хьо. Хьуо волчу къоман газет тIехь бен ма хуьлда хьох а, хьан кхиамех а лаьцна яздинарг.
– ТIаккха со муьлхачу газета тIехь хир ву бохург ду хьан иза? – хотту цо соьга.
– Десачу!
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо