Берийн конкурс хилира

Невран кIоштарчу Савеловски юьртан библиотекехь «Туьйранийн дуьненахь» берийн конкурс хилира. Школин дешархоша а, библиотекин ешархоша а дакъалецира цигахь.

Дерриге а диъ тIедиллар даре конкурсан: туьйранийн турпалхойх лаьцна хаттарш, кийсаг ешча туьйранан цIе яккхар, суьрташка хьаьжжина туьйранан цIе яккхар, Iаьржа яьшка.

Бераш кечам бина, туьйранех лаьцна дуккха а хаарш гулдина даьхкинера конкурсе. ХIора туьйра а, туьйранан турпалхойх лаьцна дерг а дика девзара царна. Цхьа а бер юьстаха ца дуьсуш, жигара дакъалецира конкурсехь.

Библиотекара Ибрагимов Лайсас дийцира конкурсах лаьцна: «Конкурсехь дакъалоцуш тхан юьртарчу школин 3–4–5-чуй классашкара дешархой бара. Берана туьйра дукхадеза хан ю 3–5-гIий классашкахь ерг. Дукха лерина кечам беш сатуьйсу бераш библиотекехь хуьлучу мероприяте».

Конкурсан хIора тIедилларан шен-шен номинаци яра. «Библиотекин тоьлла жигархо» номинацехь толамхо хилира Магомадов Руслан, «Тоьлла забарча» номинацехь Хагаева Зарета, «Библиотекин тоьлла ешархо» номицанехь Джамалдинова Ийман.

Джамбекова Маликат «Конкурсашкахь дукха толамаш бахарна» аьлла билгалъелира.

Конкурсан дакъалацархошна совгIаташ дира. Берашна дикачу агIор тIеIаткъам бо ишттачу гIуллакхаша. Цкъа делахь царна библиотека хьалхачул дукхаезало, шолгIа делахь книгаш еша лаам а совболу, берийн къамел дан хаар, иэс кхиадо.

З.ХИЗИРОВА

Суьрта тIехь: Савеловски библиотекехь конкурс

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: