Кегийрхой дахарна кечбарехь – маьIне гIуллакх

ХIокху деношкахь Нажи-Юьртарчу №8 йолчу гимназехь хилира «Тхан хьоме Нажи-Юьртан кIошт» проект йовзийтар (презентаци). Нийсса аьлча, проект кхочушъеш дешархоша шарахь сов бинчу белхан жамIаш дар дара иза. Билгалдаккха догIу и болх кIоштан 95 шо кхачарна лерина хилар.

Цига кхайкхинчу хьешашна юкъахь бара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Нажи-Юьртан кIоштан администрацин, цхьацца юкъараллин организацийн векалш, шайн схьабовлар хIокху кIоштара долу бевзаш болу нах, Гуьмсан, Шелковски, ТIехьа-Мартанан, Грозненски, Дагестанерчу Хасавюьртан кIошташкарчу цхьамогIа школийн куьйгалхой, дай-наной.

Муьлххачу а дешаран учрежденин коьрта Iалашо ю, кIорггера хаарш долуш, ийманехь, гIиллакхе кхиийна, дахарна кечбина, дешархой арахецар. Оцу Iалашоне кхачарехь доккхачу маьIне ду дешархошца классал арахьара кхетош-кхиоран болх вовшахтохар.

Тайп-тайпанчу классал арахьарчу гIуллакхашкахь дакъалацаро дешархошкахь юкъараллин белхан жигаралла кхиайо, мелла а зеделларг IаIадо, дахаран некъ харжарехь гIо до. Цунах дика кхета Нажи-Юьртарчу №8 йолчу гимназин хьехархойн коллектив (директор – Сабуралиева Й.Т.).

ХIокху дешаран учрежденехь шех шуьйра пайдаоьцуш йолу классал арахьарчу белхан цхьа кеп ю тайп-тайпана проекташ кхочушъяр. ТIаьхьарчу хенахь гимназин дешархоша шена тIехь болх бинчех ю вай юьйцуш йолу «Тхан хьоме Нажи-Юьртан кIошт» проект.

Иза пхеа декъах лаьтташ ю: «Нажи-Юрт кхиаран новкъахь», «КIошт хьалха а, хIинца а», «КIоштара гоьбевлла нах», «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш», «КIоштара еза меттигаш».

ГIуллакх дIадолош, хьешашка маршалла а хоттуш, йистхиллачу гимназин директора, проектан автора Сабуралиева Йиситас йоцца йовзийтира проект кхочушъяран Iалашо. Цул тIаьхьа дешархоша чулацаме докладаш йира проектан хIора декъехь шаьш бинчу балхах лаьцна. КIоштара хьал толлуш, цара дика болх бина хилар гуш дара.

КIоштан историх, таханлерчу хьолах, Iаламах, предприятех, дешаран а, культурин а учрежденех, езачу меттигех лаьцна дукха хаамаш гулбина дешархоша. ЦIершца йийца маса юрт ю, цигахь дехаш мел адам ду, хIун хиш ду, маса школа, культурин учреждени ю, керла йина а, еш а объекташ муьлхарш ю? Оцу дерриге а хаттаршна дала дуьззина жоьпаш ду церан хIинца. Ткъа коьртаниг – шайх дозалла дан а, масал эца а хьакъ долу гоьдевлла адамаш девзина: эвлаяаш, тIеман баьччанаш, тIеман а, къинхьегаман а ветеранаш, Iилманчаш, яздархой, спортсменаш. Масала, ГIеза-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Орцин Тапа, Бенойн БойсагIар, имам Iаьбаг-Хьаьжа, яздархой – Гадаев Мохьмад-Салахь, Айдамиров Абузар, Рашидов Шаид, Iилманчаш – Гапуров ШахIрудди, Дадашев Райком, искусствон гIуллакххой – Эльмурзаев Бека, Усманов Iимран, Дадашева Тамара, спортсменаш – Хасимиков Салман, Отарсултанов Джамал, Шамилов Якъуб…

Мехала дара проектан хIора декъехула докладаш йина ца Iаш, леррина стендаш кечйина хилар.

Проект йовзийтарехь къамелаш динчу хьешаша (Зелимханов Ширвани – экономикин Iилманийн кандидат, Касаева Бирлант – ЮНИСЕФ-н «Дашо дог» совгIатан лауреат, Анасов Висради, экономикин Iилманийн кандидат, юкъараллин гIуллакххо, Кутуев Руслан – Нохчийн пачхьалкхан университетан проректор, Курбанов Леча – Оьла-Махкарчу юккъерчу школин директор, А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденан кавалер, дуккха кхин а) билгалдаьккхира иштта проекташ кхочушъеш болх бар дешархойн хаарш кIаргдарна а, кхетам кхиорна а, юкъараллин дахаран зеделларг IаIорна а чIогIа пайдехь хилар.

Ткъа дика вовшахтоьхна, дIадаьхьначу гIуллакхо тешавора, иштта белхаш №8 йолчу гимназехь, цIархазмана доцуш, цхьана къепехь дIахьош хиларх.

Хь.АБАЕВ

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: