Соьлжа-ГIаларчу Ю.Дешериевн цIарахчу лингвистикин школехь шина дийнахь а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школехь цхьана дийнахь а дIаяьхьира «Опыт и практика применения современных педагогических методов, приемов и технологий. Инструменты современного педагога» ерригроссин конференци.
И мехала гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дуьненаюкъарчу дешаран «ЗАВУЧ.ИНФО» порталаца а, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтаца а цхьаьна.
Россин дешаран декъехь уггаре а тоьллачу 62 говзанчас Нохчийчоьнан 300 гергга хьехархочунна керлачу техникица болх баран некъаш довзийтира.
Конференци дIа а йолош, хьешашка маршалла а хоттуш, вистхилира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал: «Таханлера цхьаьнакхетар вайн берийн дуьхьа ду. Уьш вайн кхане ю. Ткъа денна кхуьучу керлачу технологеша шайн меттиг дIалоцу баккхийчеран санна, берийн а дахарехь. Царна карайоьрзу муьлхха а керла телефон, компьютеран программа, кхиерг. Цундела хIокху заманан лехамашка хьаьжжина, хьехархо а кхиа везаш ву. Хьехархочунна дешархошначул а дика хаа еза юкъаяьлла муьлхха а программа. Уьш кхетош-кхиоран болх а цуьнца боьзна хила беза.
Дешархойн дай-наношна хаа деза шаьш дешархой болчу хенахь хилла йолу школин система, хIинцалерчу системица цхьаьна йогIуш цахилар. Уьш цунах цакхетарна, дукха хьолахь цаьрца а кхетош-кхиоран болх бан безаш хуьлу».
Цул тIаьхьа лекци йийшира говзачу хьехархойн дуьнанаюкъарчу юкъараллин Ассоциацин вице-президента Гин Анатолийс.
ШолгIачу дийнахь лекцеш йийшира психологин Iилманийн кандидата Гульчевская Натальяс а, педагогикин Iилманийн доктора Круглова Ларисас а, говзачу хьехархойн дуьненаюкъарчу юкъараллин Ассоциацин вице-президента Гин Анатолийс а.
КхоалгIачу дийнахь – педагогикин Iилманийн доктора Найденова Зояс а, психологин Iилманийн доктора Арцев Михаилас а, философин Iилманийн доктора Валявский Андрейс а.
Лекцеш ешарал сов, коьрта проблемаш а хьахийра цара. Ткъа, ткъе итт шо хьалхалерчу а, хIинцалерчу а дешархочунна юкъахь йолу башхаллаш а йийцира, дешархочуьнца юкъара мотт карон а, хьехархочо дан дезарг а дийцира.
Конференцехь дакъалаьцначу хьехархошна дуккха а керланиг девзира, хьехархошца-Iилманчашца доттагIалла а тесира нохчийн хьехархоша.
Конференци ерзош Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос конференцин дакъалацархошна сертификаташ делира.
ВЕГИЕВА Макка
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо