«Ийман долу зуда – доккха беркат»

IMG_6228

Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь зударшна лерина мехала цхьаьнакхетар хилира. Кхузахь дIадаьхьира юкъараллин «Иман» организацис лакхахь билгалъяьккхинчу урхаллин гIоьнца юкъаяьккхина керла проект йовзийтар. Проектана юкъадогIу баттахь кхузза зударшна бусалба дин, Iилма довзийтаран Iалашонца цхьанакхетарш вовшахтохар. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен цхьаьна хьадисехь аьнгалин гIутакхца юьстина зуда. Цуьнца доьзна ду проектана «Аьнгалин гIутакх» цIе тиллар.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа. Иштта мехала гIуллакх дагалацарна, дIадолорна баркал элира цо «Иман» клубан жигархошна. КхидIа зударийн дозаллех а, хьалха заманахь хиллачу дикачу зударех а лаьцна дийцира муфтис.

«Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дика зуда дерриге а дуьненал а, дуьненчохь мел долчу хIуманел а тоьлаш ю». Ийман долу зуда – доккха беркат а, Делера къинхетам а бу. Муьлххачу хьолехь хьан юьхькIам а бийр бу цо, оьшшучохь накъосталла а дийр ду», ­-элира С.-Хь.Межиевс.

«Делан Элча буобер а долуш дуьнен чу ваьлла (тIехь да воцуш). Иза дуьнен чу ваьллачу заманчохь ерриге а  шахьар серлайоккхуш, нур гучудаьлла хилла. ТIаккха кхайкхар хезна цуьнан нанна Аминатна: «Хьалаайъа иза, хьалаайъа, дIахаийта адамашна Делан Элча дуьнен чу ваьллий!». ДIахьаьжча, жима Элча сужданехь а гина цунна.

Мухьаммадан ялх шо долчу хенахь, иза шен ден коша тIе вуьгуш яхана хилла Аминат, шайца цхьаьна Умму Айман цIе йолу лай а йолуш (т1аьхьуо, Делан гергара стаг а, караматийн да а хилла оцу лайх). Коша тIе а бахана, х1орш юхабогIучу заманахь, Адваъ шахьаре ма-кхаьчна, дегIе лазар деана, охьайоьжна Аминат. Коьртехь Iаш жима Элча а волуш, иза къевллина мара а къовлуш: «Массо хIума а дIадер долуш ду хьуна. Массо а адам лийр долуш ду. Тахана ирс ду-кх сан, Дала соьгахула Iаламашна совгIат даийтина», ­- олуш, д1акхелхина иза. Йисттехь гIо дан кхин цхьа а воцуш, Умму Аймана а, жимачу Элчас а циггахь каш даьккхина, дIайоьллина Аминат. Иза дIа а йоьллина, шаьш схьадуьйладелча, юхаведда, «Нана! Нана…», ­- бохуш, коша тIе воьжна Мухьаммад… ТIаьхьуо а, цхьаммо арахь нене кхойкхуш хезча, бIаьргех хиш охьахьовдуш хилла Элчанна. Нана бохург иза доккха хIума ду. Хала ду дуьненахь нана йоцуш висар…», ­-  дийцира Салахьа.

Дагна синхьаам беш дара Делан гергара нах хиллачу зударех лаьцна дийцарш. РабиIатуль Iадавиййат бохуш Делан цхьа гергара стаг хилла. Цхьана денна а, буьйсана а чохь эзар ракаIат ламаз деш хилла цо. Ша эзар ракаIат ламаз динчул тIаьхьа, «Веза Дела, Ахь суна яла кечйина елахь, ялсамане ца еза-кх суна. Мухьаммад Пайхамаран умматах болчу дакъазбевллачарна дIало Ахь иза. Везан Дела, цкъа мукъане а Хьуо гайтахь суна, Хьо веза-кх суна!», ­- олий, доIа деш хилла цо. Иза дIакхелхинчул тIаьхьа, цуьнан хилла йолу коч маликийн эскарша дIа а яьхьна, Делан Iарш кIела дIатесна хилла боху, «РабиIатуль Iадавиййатан хилла коч ю хIара», бохуш, маликаш зерате а оьхуш.

Иштта, Мукъадатуль Iадавиййат цIе йолуш кхин цхьа эвлиаъ хилла. Дийнахь ялх бIе ракаIат ламаз деш хилла цо. ЦIийнда а, кIант а гIазотехь дIакхелхина хилла цуьнан. Шен цIийнда дIакхелхинчул тIаьхьа ткъа шарахь мотт охьатесна, паргIатъяьлла дIайижна ца хилла иза цкъа а. Ша дIакхелхачу заманчохь цкъа йоьлхуш, тIаккха йоьлуш хилла иза. ХIун хилла аьлла шега хаьттича, шена дуьхьал веана цIийнда а, кIант а гича, самукъадолий елало ша, юха Дела хьахоран марзонах, Далла дечу Iибадатах дIахедаш хилар дагадогIий, йоьлху ша аьлла хилла Мукъадатуль Iадавиййата.

КхидIа йоьIарийн тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш делира республикин муфтис. Зудчо Iаьржа духар лелорах, чIаьнга дIакъовларх, дийначу адамашна тIера сагIина хIума яларх, марчо хьалхе эцна охьадилларх, нийса нийят дарах, динах лаьцначу литературех пайдаэцарх, кхин-кхин дуккха а дара хаттарш. Царех хIоранна а кхоччуш жоп делира Iеламстага. Цул тIаьхьа, зала чохь зударий бен ца буьсуш, массо аравелира. «Бусалба зуда – кхузаманан юкъараллехь» аьллачу темица керлачу проектан дуьххьарлера лекци дIаяьхьира. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш болчу дешаран, Iилманан министерствера а, могашаллаIалашъяран министерствера а, «Иман» клубера а зударшка шайна хаа луург хатта таро хилира гулбеллачеран. Иштта, хиджаб йоьхна боцучу йоьIаршна (церан шайн лаамца) доккха йовлакх муха дIа туьллу а гойтуш, царна йовлакхаш совгIатна а луш, болх дIабаьхьира клубан жигархоша. Сирла ойланаш йолуш  дIаяхара цхьаьнакхетарехь дакъа мел лаьцна йоI. Цу тайпа хаза цхьаьнакхетарш баттахь кхузза хир ду Соьлжа-ГIаларчу бусалбанийн динан урхаллехь.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: