Оханан беттан 5-гIа де, 1953-гIа шо. Казахстанехь вина Хасимиков Салман, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер. Соьлжера юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь.
Спортан лакхенашка иза новкъаваьккхинарг ву СССР-н хьакъволу тренер Багаев Дэги. Спортсменан дахарехь къаьсттина дагалецаме хилла дисина 1979 шо.
Юьхьанца СССР-н халкъийн спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатан толамхо хуьлу.
Оццу шарахь Европин чемпион а хуьлу цунах. Амма и тIаьххьара кхиам бацара хьуьнаречу спортсменан: СССР-н а, Европин а чемпионаташкахь, дуьненаюкъарчу цхьацца турнирашкахь баьхна толамаш ца лерича а, кхин а кхузза (1981–1983-чуй шерашкахь) дуьненан чемпион хуьлу С.Хасимиковх.
Цул сов Советийн Союзехь дуьххьара японийн кэтч кепара латаран дуьненан чемпион ву иза.
ПаргIатчу кепара охьатохархлатарехула нохчашлахь дуьххьара доьазза дуьненан чемпион хилларг Хасимиков Салман ву.
Оханан беттан 8-гIа де, 1952-гIа шо. Казахстанан Караганда гIалахь вина Минцаев Мовсар, иллиалархо, Россин Федерацин хьакъволу артист.
Дешна П.И.Чайковскийн цIарахчу консерваторехь. Еххачу хенахь болх бина СССР-н Пачхьалкхан академически Йоккхачу театрехь. Цуьнан сцени тIехь тайп-тайпанчу оперни спектаклашкахь кхочушйина хьалхара партиш (Фигаро, Алеко, Иван Грозный, Юлий Цезарь, Кутузов, Дон Карлос).
Лондонехь стажировкехь хилла.
Ерригсоюзан а, дуьненаюкъарчу а дуккха конкурсашкахь хьалхара меттигаш яьхна М.Минцаевс:
– М.Глинкин цIарах йолу ерригсоюзни конкурс – 1979;
– «Сочи – 80» эстрадни эшаран ерригсоюзни конкурс – 1980;
– Вилли Лобосан цIарах йолу иллиалархойн дуьненаюкъара конкурс (Бразили, Рио-де-Жанейро) – 1983 шо;
– Ф.Шаляпинан цIарах йолу дуьненаюкъара конкурс – 1993 шо; иштта кхин а.
ЛадогIархоша езаш тIеэцна ю нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь М.Минцаевс кхочушъеш йолу музыкин говзарш: «Iаьржа верта», «ДоттагIашка», «Ломара зезаг», «Гори, гори моя звезда», «Вечерний звон», «Ямщик, не гони лошадей», «Шумел камыш», «Осенний сон», дуккха кхин а.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н а, Россин Федерацин а хьакъволу артист.
Оханан беттан 9-гIа де, 1949-гIа шо. Юккъерчу Азехь вина Джамаев Iимран, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист.
1968-чу шарахь чекхйоккху Девкар-Эвлара юккъера школа. Цул тIаьхьа дешна А.Луначарскийн цIарахчу театран искусствон институтехь.
1973-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драматически театрехь болх беш ву.
Дукха васташ кхоьллина цо Нохчийн театран сцени тIехь: Яго (В.Шекспир, «Отелло»), Хлестаков (Н.Гоголь, «Ревизор»), Кочкарев (Н.Гоголь «Зудаялор»), Нурадилов Ханпаша (I-Хь.Хамидов, «Лийрбоцурш»), Моцарт (А.Пушкин, «Моцарт а, Сальери а»), Кларена (В.Шекспир, «Кориолан»), Скапен (Ш-Б.Мольер, «Скапен, орцахвала безамна»), Ломов (А.Чехов, «Предложени»), ТIалаб (С.Гацаев, «Пелхьонаш»), Къамболат (С.Чахкиев, «Асхьаб Бендер»), ГIуллакхан стаг (А.Экзюпери, «Жима эла»), Сутарби (I.Хь.Хамидов, «Бож-Iела»), иштта кхин а.
Боккха болх бо I.Джамаевс театрана къона тIаьхье кхиош, масийтта шо ду цо шен сценин зеделларг Нохчийн пачхьалкхан университетан театральни отделенин студенташна довзуьйту.
Джамаев Iимранан кхоллараллин а, юкъараллин а белхан лаккхара мах хадийна юкъаралло а, Iедало а: цо хьакъ а йолуш лелайо Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а халкъан артистан цIе, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву иза.
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо