Оьрсийн сийлахь яздархо

(Горький Максим вина 150 шо кхачарна лерина)

Советийн заманахь гIараваьлла вевзаш яздархо вара Горький Максим. Соцреализман бухбиллархо олура цунах. Прозехь, драматургехь, публицистикехь болх бина цо. Цуьнан пьесаш тIехь хIиттийначу спектаклашка хIинца а Россин дукхах йолчу гIаланашкахь хьовса аьтто бу театрезархойн. Горький Максиман цхьайолу говзарш нохчийн матте гочйина вайн яздархоша. Царна юкъахь,уггаре а хьалха, цIе яккха хьакъ ю Курумова Батас гочйина «Нана» цIе йолу роман а, Ошаев Махьмуда гочйина «Бералла» цIе йолу повесть а. Цул сов, нохчийн къоман дуьххьарлерчу яздархошца уьйр-марзо йолуш, цаьрца доттагIалла лелош хилла Горький Максим.

Нохчийн къоман сийлахьчу поэта Мамакаев Мохьмада даима а дозаллица хьахадора, СССР-н Яздархойн союзан декъашхо хиларна тоьшалла даран кехат шена М.Горькийс делла хилар. Иза 1934-чу шарахь хилла гIуллакх дара, СССР-н яздархойн хьалхарчу съездехь. Оцу муьрехь СССР-н Яздархойн союзана куьйгаллехь вара Максим Горький.

Иза вина 1868-чу шеран бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь Нижний Новгород гIалахь дечиг-пхьеран Пешков Максиман доьзалехь. Дуьнен чу ваьлча кIантана тиллина цIе Алексей яра. Максим Горький цуьнан литературин псевдоним ю. Максим боху цIе дега болчу ларамна схьаэцна ю.

Ткъа Горький боху фамили Россерчу мискачу адамийн дахар даима а къаьхьа хиларна тIелаьцна ю. Дукха хьалхе да-нана дIадаьлла, байлахь висина кIант ненадас кхаьбна.

Цуьнан 11 шо кхачале ненада а дIаваьлла, ша шена напха лахар тIедоьжна пекъарна. Говзалла караерзо йолчу Iалашонца, тайп-тайпанчу пхьерашца белхаш бина кIанта, мачаш ян Iама гIиртина, чертежникан говзалла караерзо гIиртина, хьал долчу нахана чухIоьттина лаьттина, ларамаза, ца хууш яьллачу ледарлонна кест-кеста цара етташ ницкъ бина. Эххар а, кара ца боьрзу белхаш кIордадой, Идал-хи тIехула киралелочу хинкеманна тIе матросан балха хIутту кIант.

Амма мокъа еанчу хенахь книгаш йоьшу цо. Бераллехь дуьйна хааршка кхийдаш хилла Горький Максим. Книгаш ешаро гIо-накъосталла дина цунна дуьне а, дуьненан шогалла а йовза.

1884-чу шарахь Казанерчу университете деша ваха гIурту жима стаг. Амма кхуьнан къелло новкъарло йо и Iалашо кхочушъян а. И дерриге а яздархочо довзуьйту шен «Мои университеты» трилоги тIехь.

Шен 23 шо кхочучу хенахь, гIаш Россин аренаш толлуш, волало яздархо хила ойла кхобуш волу жима стаг. ВогIуш-воьдуш шена гинарг а, кхоллаелла ойла а дIаязйо цо. ТIаьхьуо кхуллучу говзаршкахь пайдаоьцу оцу йозанех.

1891-чу шарахь Кавказе кхочу иза. Паччахьан Iедало Буру-ГIалара Соьлжа-ГIалахула, Гуьмсехула, ХIинжа-ГIала цIерпошт дIасалелийта аьчка некъ буьллу хан ю иза. И аьчка некъ буьллучохь болх бо цо.

Горький Максиман говзарш дуьххьара зорбане йовлар а Кавказехь нисделла. «Тифлис» газетан агIонаш тIехь дуьххьара зорбане даьлла цуьнан «Макар Чудра» цIе йолу дийцар.

Бакъду, яздархочун цIе дешархойн шуьйрачу гуонашна йовзийтинарг шина томехь зорбане яьлла «Очерки и рассказы» книга ю. Къоначу яздархочуьнгахь похIма тосаделла, массарал хьалха иза шен Iуналле эцнарг оьрсийн яздархо Короленко Владимир ву. ТIаьхьуо Горький Максиман кхоллараллин гергарло тасало оьрсийн яздархочуьнца Чехов Антонца. Чеховн кхоллараллин тIеIаткъамца волало иза пьесаш язъян а.

Россин тоьллачу театраша хIиттайо цуьнан «На дне», «Мещане», «Дачники», «Супруги Орловы», иштта кхийолу пьесаш. Масех роман язйина М.Горькийс: «Егор Булычов и другие», «Жизнь Клима Самгина», «Дело Артамоновых», иштта кхиерш а. Делахь а, дуьненна яздархо вовзийтинарг цуьнан доца дийцарш ду. Царна юкъахь ду «Старуха Изергиль», «Челкаш», «Бывшие люди», «Песнь о соколе», «Песнь о буревестнике», «Сказки об Италии», иштта кхиерш а.

Дуккха а къахьегна Горький Максима берашна лерина говзарш язъеш а. Советийн Союзехь дуьххьара берийн журнал юкъадаьккхинарг а, масех шарахь цунна куьйгалла деш, иза зорбане доккхуш хилларг а Максим ву.

Цуьнан «Воробьишко», «Самовар» цIе йолу дийцарш хIинца а берийн литературехь тоьллачарех лоруш ду. Боккха тидам тIебохуьйтуш хилла цо къаьмнийн литература кхиорна. Нохчийн дуьххьарлера яздархой Айсханов Шамсудди а, Сальмурзаев Мохьмад а, Бадуев СаьIид а, Мамакаев Мохьмад а дозалла деш хилла Горький Максим шайна вовзарх а, цуьнца уллера доттагIаллин зIенаш шайн хиларх а.

Нохчийн Яздархойн союз вовшахтохарехь доккха гIо-накъосталла дина цо. Цундела къаьсттина ларам а хилла вайн махкахойн цуьнга.

Кхалхар 1936-чу шеран асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь хилла М.Горькийн.

А.ГАЗИЕВА

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: