Къинхетамечу новкъахь…

Вайна ма-хаъара, могаш воцчу я ша цхьаъ вехачу стаге аьлла хаза дош а сагIа ду. Мискачу нахана гIо дарехь, и беркате некъ юьхьар а лаьцна, къахьоьгучу организацех цхьаъ ю Россин ЦIечу жIаран Нохчийн Республикехь йолу региональни отделени. Оцу организацин балхах лаьцна дерг хаа лаамца оха интервью ийцира региональни отделенин председателера Докуев Хожа-Баудигара.

– Хожа-Бауди, маца схьайиллина шун организаци? Шайн балхах лаций дийцахьа.

– Вайн республикехь тIемаш болчу хенахь дуьйна, дуккха а нахана гIо деш, лаьттина ю ЦIечу жIаран дуьненаюкъара комитет. Цхьаболчарна билгалъяьккхина комитет а, ЦIечу жIаран региональни отделени а цхьа организаци ю моьтту. Амма иза иштта дац. Дуьненаюкъара комитет 1863-чу шарахь дуьйна, тIеман муьрехь халонаш хьоьгучу мискачу нахана гIо а деш, схьайогIуш ю. Ткъа Россин ЦIечу жIаран региональни отделени вайн республикехь 1990-чу шерашкахь болх бан йолаелла. ТIеман муьрехь, дуьненаюкъарчу комитетаца цхьаьна, бохам хиллачу нахана гIо-накъосталла дора региональни отделенис. ТIом дIабаьллачу юкъана отделенис цхьана ханна сацийра шен болх. Бакъду, 2005-чу шарахь юха дIаболийра иза. Дуьненаюкъарчу комитето тIамехь зенаш хиллачу нахана гIо до, ткъа Россин ЦIечу жIаран отделенис социальни агIор гIо до. Масала, цхьана кIоштахь я цIе яьлла, я мохк бегийна, я муьлхха а цхьа бохам хилла меттиг нисъелча, царна социальни а, психологин а агIор гIо дан хьовсу тхо.

– Бохам хиллачу нахана а хIун гIо до ЦIечу жIаран региональни отделенис?

– Масала, цхьана билггалчу меттехь нахана бохам хилла аьлла тхайна хезча, тхо тхайн ма-хуьллу сиха цига дIакхача хьовсу. Ишттачу меттехь хала киртиг тIеIоттаеллачу адамаша шайна хиллачух кхета цхьа хан оьшу. Цундела социальни а, психологин а агIор гIо до оха царна. Юучуьнца а, тIедухучуьнца а, церан синкхетамна тIеIаткъам цахилийтархьама цаьрца къамелаш до. ЦIеххьана бохам хиллачарна олий, отделенехь 100 гергга стагана лерина бедар а, мотт-гIайба а, иштта кхийолу хIума а хуьлу тхан.

– Хожа-Бауди, ЦIечу жIаран региональни отделенис болх бен кIезиг хан яц. Цуьнца доьзна, дуккха а проектийн гурашкахь болх бина аш. Царах уггаре а яккхий а, мехала а йолу проекташ билгалъяхахьа.

– Региональни отделени кхоьлличхьана дуьйна мискачу нахана гIо дарехь дуккха а проекташ кхочушйина оха. Делахь а, царах уггаре а яккхий ерш къасто хьожур ву со. Дарба хир доцу цамгар йолу стаг а я гIо дан уллехь цхьа а воцуш висинарг а, уггаре миска а, къа долуш а ву.

Онкологи, туберкулез цамгарша гIелбинчу нехан цIа а боьлхуш, царна чохь-кертахь дан дезачуьнца, юург кечъярца болх бора региональни отделенин белхахоша. Ткъа цул а чIогIа оцу нахана синтем хуьлург кхин дара – шайца къамел деш, шайн догъоьцуш, гIоле хирг хиларе дегайовхо кхуллуш болу белхахой шайга бахкар. Цара шаьш хоуьйту, хIоразза а уьш шайга баьхкича, шайна тамашийна синпаргIато хуьлуш хилар. Иштта, гергара стаг а воцуш, шаьш бисина болчу баккхийчу нахе а кест-кеста кхочура отделенин белхахой а, волонтераш а. Шайн ечу тергонех баккхийбеш, самукъадолий хуьлура и баккхий нах. Шайн гергара нах цахиларна, шайн тидам беш берш, гергара а хетий, тIеоьцура цара. Оцу проекто дуккха а мискачу нахана дикачу агIор тIеIаткъам бира.

«Милосердие» программин гурашкахь 2015-гIа шо кхаччалц болх бира билгалъяьккхинчу проекто. Оцу программица 800 гергга стеган (заьIап нах а, баккхий нах а) хьашташ кхочушдора отделенис. Иштта, хIусамдай байначу доьзалшна гIо даран программа яра тхан.

– Региональни отделенин волонтераш буй? Нахаца хIун болх бо цара?

– ЦIечу жIаран региональни отделенис юьхьарлаьцначу новкъахь къахьега лууш а, мискачу нахана гIо дар шайн декхар хеташ а кегийрхой-волонтераш бу вайн. Региональни отделенин сайта чухула гергарло кхоллало тхан кегийрхошца.

Вайна ма-хаъара, дукхах болчу кегийрхоша интернет чохь йоккху шайн мокъа хан. Цу чухула тхоьга шайна хаа луург а хоттий, ЦIечу жIаран волонтераш хила шайн болу лаам бовзуьйту цара, ткъа оха хазахетарца схьакхойкху уьш. Волонтераша кест-кеста акцеш а, кегийрхошца цхьаьнакхетарш а вовшахтуху. Ишттачу гIуллакхан Iалашо ю адамашца къинхетаме хилар а, царна гIодар а беркате гIуллакх хилар кегийрхошна хаттар.

– Вайн бахархошна лерина медицинин хьалхара гIо даран курсаш аш дIахьо олуш хезнера тхуна. Цунах лаций дийцахьа.

– Хууш ма-хиллара, стагана бохам муьлххачу а минотехь хила тарло. Чолхе киртиг тIехIоьттинчохь, цунна медицинин хьалхара гIо оьшучохь гIо дан Iаморан курсаш вовшахтуху оха кест-кеста. Медицинин хьалхара гIо дан хуурш вайн республикехь алсамбахар ю оцу курсийн Iалашо. Билгалъяьккхина программа ЦIечу жIаран справочни туьшо магийна ю. Курсаш чекхъевллачул тIаьхьа, медицинин хьалхара гIо дан Iеминчарна сертификаташ ло. Региональни отделенин Iаморан класса чохь дIаяьхьна а ца Iаш, дешаран заведенешкахь а, иштта кхийолчу предприятешкахь а вовшахтуху вай юьйцуш йолу курсаш. Отделенехь йолчу Iаморан класса чохь оьшуш мел болу гIирсаш бу – манекенаш а, Iаморан пособеш а, и.дI.кх. Теори хьехна ца Iаш, инструктора гойту медицинин хьалхара гIо оьшучохь дан дезарг.

– Карарчу хенахь муьлха проект кхочушъеш ю ЦIечу жIаран региональни отделени?

– Дан дагалаьцнарг дуккха а ду. Региональни отделенис шен болх дIаболийначу хенахь дуьйна дуккха а мискачу нехан дог хьаьстина. Ткъа карарчу хенахь Россин ЦIечу жIаран организацис Президентан грант яккхарца дIайолийначу «Со хьан донор ву» программин гурашкахь дIаболийна шен болх региональни отделенис. Билгалъяьккхина проект маьIне а, оьшуш а ю, хIунда аьлча, могашаллица дуьстича, цуьнга кхочуш хIумма а дац. Оцу программин гурашкахь вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташка дIаса а доьлхуш доноршца болх бо оха.

– Дела реза хуьлда, Хожа-Бауди!

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: ЦIечу жIаран региональни отделенин председатель Докуев Хожа-Бауди

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: