Вайна дика дагадогIу жимма хьалхо, XXI-гIа бIешо долалучумуьрехь республикиннекъаш муьлхачу хьолехь дара а, вуьшта, юкъараллин хьал а мел чолхе дара а. ТIаьхьарчу шина тIамо республикин некъаш дерриге а бохург санна дохийна дIадаьхна дара. Терахьийн маттаца аьлча Нохчийн Республикин некъийн бахаман объектех 80 процента йохийна яра.
Ур-аттал тIеман хенахь а шайн болх сацийна бацара некъашдахкархой. Цара некъашкара оьланаш дIа а йохуш, уьш цIандора, некъашца тIайш тIехула дIасаваха аьтто а беш.
2000-чу шарахь хьуьнаре а, шен къомах дог лозуш а волу динан гIуллакххо – Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа йохийначу республикина куьйгалла дан хьалхаваьлча некъашдахкархой кхийтира, Нохчийчоь машаран а, кхиаран а новкъайолуш хиларх.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалхахIиттийначу мехалчу гIуллакхашна юкъахь билгалдина дара республикин некъийн бахам меттахIоттор а, хIунда аьлча, и дакъа меттахIотторо дахаран-Iеран кхидолу дакъош а когахIотторна аьтто бийр бара. Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин хIинцалерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагI а дира, кхидIа дIа а даьхьира республикин некъийн бахамна дакъа меттахIоттор а, кхиор а.
2007-чу шарахь республикин некъийн бахаман коьрте хIоттийра Тумхаджиев Абубакар, цул тIаьхьа некъийн бахаман болх жигара а белира.
ТIаьхьарчу 10 шарахь республикехь дина, реконструкци йина 594, 1 километр некъашна, 3 006,3 метр йохалла йолу 53 тIай тиллина, йина 14 производствон база. Коьрта ремонт а, вуьшта ремонт а йина 983 километр некъашна а, дукхах долчу, тIайшна а.
Нохчийн Республикин регионан маьIна долчу массара а пайдаоьцучу автомобилийн некъийн йохалла 3 055,2 километр ю, царах асфальтан-бетонан – 1 679,3 километр, жагIанан – 1 155,2 километр, вуьшта – 220,7 километр некъаш ду.
Оцу некъашкахь 238 тIай а (8 089,1 метр), 1 388 биргIанан дехьаволийлаш а (18 186 метр), 23 цIерпоштнекъан дехьаволийлаш а ю.
Лаккхара дикалла йолчу некъаша а, тешамечу тIайша а хийцина республикин гIаланаш а, ярташ а, нах бехачу массо а меттигашна тIеваха аьтто а бина цара. Некъашдахкархойн дозалла хилла дIахIиттина керлачу технологешца деш долу а, кхузаманан муьлхха а мохь ловр болуш долу а тIайш. Царна юкъахь ду 266,35 метр йохалла йолу, Оьрза-ГIала – Соьлжа-ГIала автомобилийн некъан 4-чу километрехь долу Терка тIехула тиллина тIай а, иштта Терка тIехула, Хьаьнгиш-Юрт уллехь тиллина долу, 264,35 метр деха тIай а.
Иштта бигалдаккха деза Соьлжа-ГIала – Ведана – БотIлих автомобилийн некъан 53-чу километрехь долу тIай, Бетт-Мохк – СоврагIа новкъахь долу тIай а, Сельман-Тевина юьртана тIекхочучохь долу тIай а, Шела – Эвтара – Курчалой-Эвла автомобилийн некъан 10-чу километрехь долу тIай а, Заки-Юьрта чувулучохь долу тIай а, дуккха а кхидолу, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц техкина тIайш а.
Доккха маьIна долуш ду Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла автомобилийн некъан 32-чу километрехь долу, 158 метр йохалла йолу тIай. Соьлжа-ГIала а, дукха ца Iаш схьаелла лерина йолу ерригсезонийн, ламанан-лыжийн «Ведучи» курорт а вовшахтосуш долу цхьаъ бен доцу тIай ду иза. И туристийн комплекс (Ведучи) Къилбаседа Кавказан туристийн кластерна юкъаяхана а ю, спортан, могашалла тояран комплекс а, туристашна йовза лууш йолу маршрут а хилла дIа а хIуттур ю.
Оцу маршрутехула тешаме а, кхерамаза а дIасавахар хилийтархьама Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос 2013-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла автомобилийн некъана реконструкци ю еш.
Оцу маршрутаца Хьачара юьртана тIекхачале йолу йохалла 78,8 километр. 32-чу километре кхаччалц болчу некъана реконструкци хIинцале йина яьлла ю. 2017-чу шарахь кхин а 6,7 километр меттигна реконструкци ян йолийнера. И меттиг хIокху шарахь лур ю эксплуатаце.
Итт шарахь тодинчу а, реконструкци йинчу а некъашна юкъахь республикин масех кIошта вовшахтосуш долу некъаш а ду: Соьлжа-ГIала – Шуьйта –Итон-Кхаьлла автомобилийн некъ, Соьлжа-ГIала – Ведана – Дагестанан дозане кхаччалц болу некъ, Шела – МахкатIе – Элистанжа – Ведана некъ, Ойсхара – Курчалой-Эвла – Мескер-Эвла некъ, Коьрте – Устрада-ГIала некъ, Соьлжа-ГIала – Гуьмсе – Азамат-Юрт некъ, Гуьмсе – Баммат-Юрт некъ, Эна-Хишка – Соьлжа-ГIала некъ, СогунтIа – Хошкалда автомобилийн некъ, дуккха а кхидерш а.
Иштта, тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь къаьсттина тидам тIебохуьйту лаьмнийн кIошташ кхиорна. ДIадахначу итт шарахь республикин лаьмнийн кIошташкахь некъаш дохкуш а, царна реконструкци еш а, коьрта ремонт еш а боккха болх дIабаьхьна некъашдахкархоша.
Кхерамазалла хилийтаран Iалашонца кхузахь йина хин йистош чIагIъяран а, нах беха меттигаш ларъяран а гIишлош а, духалонийн керташ а, токхамаш хуьлучу меттигашкара некъаш а чIагIдина. Кхузахь, транспорт дIасалелаш ца хиллачохь, асфальтан я жагIан некъ ца хиллачохь, 2011-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц 29 юьртана тIевоьдийла еш, 82,2 километр йохалла йолу некъаш дехкина. И бахьанехь тIекхача хала долчу лаьмнийн кIошташка газ а, электросерло а, хи а далор мелла а атта хилира.
Некъаш дехкича, царна реконструкци а, коьрта ремонт а йича чекх ца болу некъашдахкархойн атта боцу болх. И объекташ ларъяран а, уьш хила еззачу хьолехь хилийтаран а декхар тIедужу царна. Иштта, цаьрга уьш хьовсар бахьанехь кху тIаьхьарчу итт шарахь мелла а лахбан аьтто баьлла некъан-транспортан бохамийн кхерам. Иштта, билгалдаккха деза, вайн республикин некъашна тайп-тайпана кхерам хилар: лаьмнашкахь – токхамаш, чухерцарш, лайно некъаш дIадукъар, хин Iовраш, аренцарчу кIошташкахь – дукха хьолахь хи тIедаларш. Оцу халонашца а, Iаламан бохамашца а дика ларош, бертахь къахьоьгуш схьабогIу некъийн министерствон предприятийн белхахой.
Министерствехь а, цунна юкъайогIучу предприятешкахь а болх беш бу лаккхара говзалла а, белхан зеделларг а долу говзанчаш. Церан белхан лаккхара мах хадийна Iедалан федеральни а, регионан а тIегIанехь.
Царна юкъахь бу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденан кавалераш а, Россин сийлахь некъашдахкархой а, Нохчийн Республикин хьакъболу гIишлошъярхой а, «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш елларш а. Царна иштта совгIаташ дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин Правительствон а, Россин Федерацин транспортан министерствон а, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон а Сийлаллин грамоташца а, баркаллин кехаташца а.
Министерствон белхахоша тIаьхьарчу 10 шарахь баьхна кхиамаш бахьанехь Нохчийн Республикин некъаш, Къилбаседа Кавказехь хьовха, Россин регионашна юкъахь а уггаре тоьллачех хилла дIахIиттина. Тахана а кIадбалар доцуш, Нохчийн Республикин некъаш кхидIа а тодарехьа къахьоьгуш бу некъашдахкархой.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайна хьалха хIоттийна йолу, Нохчийчоьнан некъаш Россехь уггаре тоьлла а, кхузаманан лехамашна жоп луш а хилийтаран керла Iалашо ю цара хIинца кхочушъян юьхьарлаьцнарг.
Цкъа а некъаш ца хиллачохь а, лаьмнийн кIошташкахь а дехкина тахана дика некъаш. Цара гIо до оьшучу метте сихха дIакхача, иштта алсамдолу республике туристаш бахкар а. Тахана муьлххачун а бIаьрг бузу, самукъадолу куьзга санна, шерачу, хазачу, дикачу некъашца дIасавоьдуш. Шен республиках а, къомах а дог а лозуш, цуьнан кхиамех воккха а веш, ша церан цхьа дакъа хетачу адаман цунах самукъа ца дала йиш яц.
I.МУРТАЗОВ
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо