ХIара дийцар суна дийцира 1999-чу шеран Iай, Нохчийчохь болабеллачу шолгIачу тIамах девдда Несаре дахна долуш, тхо тIедиссинчу пхьоьгIа тайпанах волчу Пугоев Османа. Цо гIалгIайн маттахь дийцина хIара дийцар, ас нохчийн маттахь дIаяздина.
12 шо долуш ву со хIетахь, – аьлла, дIадолийра Iусмана шен дийцар. Чиллин (февраль) беттан 23-гIа де дара иза. Базоркино (гIалгIайн маттахь Байсаркъоьнга-Юрт, хIинца Чермен) юьртахь дехара тхо хIетахь.
Тхан доьзалехь тхан дай, наний, ялх бер – кхо кIант, кхо йоI дара. Со кIенташлахь жимахверг вара. Сол жима цхьа, Липхан цIе йолу, йиша яра.
Сахуьллуш чувеанчу шина салтичо, шайн сал-пал вовшахтохий, новкъадовла кечамбе, шун халкъ махках доккхуш ду, пхийтта минот хан ю шуна, – элира.
ХIунда, мича, мича бахьненна? – аьлла тхан хаттаршна жоп ца луш, чехкка дIавирзина, араваьлла дIавахара ши салти. Хьала а лилхина, доьхна хьийзаш, корах арахьаьвсича, цхьадерш доьлхуш, маьхьарий хьоькхуш, вуьш доьхна, дIасауьдуш лела юьртара адамаш, тобанашца я цхьацца а, шишша а дIасалелаш салтий а, церан хьаькамаш а гора. ХIара-м лаа ма дац, аьлла ка ма-доллу, оьцучо хIума схьаоьцуш, вукхара шайн барзакъаш тIедухуш, тхо дохкуш, кечамбан йиллина хан (15 минот) чекхъяьллий, ялазий йолуш, юха а неIаре веанчу шина салтичо, тхан вовшахтоха кхиъначу сал-палца, кIоршаме а, маса а хьалхадаьхна, школин майдана дIадигира тхо. Дикка цIенна генадевлча, тхан дена дагадеара дIахецаза дисина жIаьлий, бежнашший, амма юхадоьрзийла дацара.
ЦIера даьхна адамаш дIадуьгуш йолчу цхьана «студебеккер» олучу машен тIехь тхан доьзал а, кхин 2–3 доьзал а, дIабигна, Буру-ГIаларчу аьчканекъан вокзалан хьалхарчу майдана охьабоссийра.
ТIедогIучу лайлахь, кхин дууш, молуш доцуш, цигахь и дей, буьйсий даьккхира оха а, тхан эвларчу дуккха а доьзалша а. Къаьсттина хала дара кегий бераш долчарна. Гуттар чIогIа шелвелларг вокзал чу эккхаш меттиг йора, иза а гобаьккхина герзах боьттина лаьттачу салташна хууш дан йиш йолуш дацара.
ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна 9–10 сахьт долуш, схьатеттинчу киралелочу вагонаш тIе доьттина, цхьаболчара хIорда чу кхийса дуьгу, вукхара Идол хи чу кхийса дуьгу, бохуш, бехачу новкъаелира цIерпошт. Билггал дуьгу меттиг а я тхайх хиндерг а цхьанна а хууш дацара. Амма Аштаркханехула тIехдаьхна цIерпошт малхбалехьа дIахьаьвзича я Сибрех, я Юккъерчу Азе дуьгу, аьлла кхетам кхоллабелира дуккхболчийн, амма, хIорда чу кхуьйсу бохучу ойланехь буьсурш а кIезиг бацара.
БIаьрго ма-лоццу шера, лайх йоьттина аренаш гезъеш, 20 дийнахь гергга дIадигна, Малхбале Казахстанан Алексеево юьрта охьадиссийра тхо. И Iа, лайн кIелхьара картол лахьош, бIаьсте яьлча колхозехь беллачу чорпи кедах цхьа тема деш, хан елира. Амма шолгIа Iа чIогIа меца а, уьне а деара. ГIуллакх гуттар а эрча даьккхинера тхан да тхох ваьлла хиларо. Иза Iедало дIалаьцна, 3 шо хан тоьхна, чувоьллира. Иза иштта нисделира.
Колхозехь жигара, хьанал къа а хьоьгуш, нехан, ша Къуръан дешна Iеламстаг хиларе терра, дикане, воне хьожуш, схьавогIуш вара иза. Амма колхозан председательца, цо гIалгIайн цхьана йисина Iачу зудчуьнга маьттаза къамел дина аьлла хезна, дар-дацар хилар бахьанехь, коменданта бандитизм ю аьлла кехаташ кечдина, дIалецира. Ткъа хууш ма дара, вайх жимма а галваьллачунна Iедало ишттаниг атта дуьтуш цахилар. Шадерриг цхьаъ ма дарий вай хIетахь. И Iа чIагIделлачу муьрехь, мацаллой, шелоной гIелвина, тхан доьзалера массо а, со цхьаъ воцург, цамгарна вуьйжира. Оцу юьртарчу дукхах болчу вайнахехь а дара иштта хьал, делахь а, хIораннан шен-шен бу-кх бала а, гIайгIа а.
Де а дан амал доцуш, Делий, сой бен кхин орца доцуш, лоьралла бохург-м дийца а ма дийца, шайн цамгарал сов мацалла Iаьткъина охьаэгна Iохкучу йижарийн, вежарийн (къаьсттина къахетара сайл жимах йолчу йишех, Липханах, ненах), гIайгIанна, сайгара мацалла а йицъелла, балина вуьйжира со.
Везан Дела, хIун дича хIун хир дара те, аьлла ойла йича, кхин дан хIума а ца хилла, дагадеара суна ишттаниг, ца ваьллачунна ца ваьлларг ду-кх, олуш ду вайн. Тхан луларчу оьрсаша а, немцоша а шаьш юург еш цIанйинчу картолийн чкъоьргаш кетIа а, керташка а кхуьйсуш хааелира суна. Уьш лахьийна кхехкийча, цхьа тема хир дацара-те аьлла, араваьлла волавелира со. Цхьана кедахь уьш лахьийна чу а веана, кхехка а йина, цхьацца-шишша Iайг нисбина, кхаллийра ас цомгашчарна. Амма цунах башха ладам болуш хIума ца хилира.
Везан Дела, Воккха Дела, даха ахь тхо хIокху балех, Хьо воцург накъост вац-кх тхан, аьлла, сайна хуъучу тайпана доIа а дина, волавелла массо а цомгашчарна тIевахана, хьаьжтIе куьг дуьллуш, дезачунна хи делла со ваьлча, уггаре а жимах йолчу Липхана «Iуси, суна маькх деза», – аьлла, сайна хезча, цIеххьана Дала дагатесира суна эвлайистехь колхозан ялташ Iалашдеш йолу чIоь (склад).
Дала къина ма лорийла, валаран киртиг тIехIоьттича, – Адамо дийр доцуш хIума кIезиг нисло, – олуш хезнера суна вайн баккхийчара.
Со бусалба хеташ а, Делах тешаш а вара со, – Везан Дела къинтIера вала Хьо суна, аьлла, схьаэцна, цIера деана муьша гали тIема кIел доьллина, вуьшта а холчохь болчу чуьрчаьрга са ца гатдайта, со хIинцца схьавогIу шуна аьлла, складехьа дIатаьIира со.
Цхьа-ши чаккхарма гена ваха дезара. Буьйсанна ши сахьт даьлла зама яра, тIетаьIIина догIуш ло, хьийзош дарц долуш, Iаьржа, олуш ма–хиллара, къу-берзан, гIалгIачо ма-аллара аьлча, бертий бийса яра.
Юьртахь тийна дара, наггахь леташ жIаьла а, геннахь екаш котам доцург кхин и тийналла йохош хIума дацара.
ЧIоь тIе кхача цхьа-ши бIе метр йисинчу меттехь цхьана хенахь гIишло лаьттина бухабисина поппарх бина пен бара. Цу пена тIехьа дIа а лечкъина, чIоьна гонах (и ларъеш хехо вуй хаьара суна) хаалуш хIума дуй-те бохуш, ладоьгIуш тебна со лаьтташ, генна хьуьна чохь угIуш борз хезча, «Деллахь борз, со санна гIаддайна, мацалло дарйина, я кIезашна дан амал ца хилла, ижонна араяьлла хир ю-кх хьо», – аьлла хийтира суна.
ХIинца хехочунна ца хаалуш муха, мича кепара оцу чIоьна кIел кхочур вара-те со аьлла, ойлане ваьлча, дагадеара суна, лай тIехула дIавахча хехочунна хаавала мега, ах метар сов долчу лай бухахула харш доккхуш тIеваха бегIийла хир дар-кха аьлла.
Иштта, ло дIасхьахьоькхуш, текхаш чIоьна кIел тилира со. ТIаккха чIоьнан буханний, лаьттаний (ах метар херо яра царна юкъахь) юккъе аркъал а вижна, сайгарчу цхьана буру мIаьчигца чIоьна кIел Iуьрг даккха волавелира со, гали кIел а лаьцна.
Юьхьанца цхьацца-шишша буьртиг бужуш, тIаккха алссам охьахецаделла кIа, цхьа ах гали хиллал чу а доьхкина, даьккхина Iуьрг бехчалгца дIадуькъна, галин бертиг дIа а йихкина, и текхош тоххарлерчу пена тIехьа схьакхечира со.
Цигахь жимма садоIур ас аьлла, сецна со Iаш, чIоьна гонах, валенкаш кIел цIийзаш ло а долуш, хехочун гIаларт хааделира суна, оццу минотехь, тоххара санна, берзан угIар а хезна, дикка даг тIе кхерам тесна, дера веза со кхузара генавала аьлла, гали цкъа такхош, тIаккха гехь дохьуш, цIакхечира со. И сайн ижу айса хьалххе билгалйинчу метте чу а хецна, кхана хIун хуьлу а ца хаьа, юха а вахана цкъа мукъана а мохь бан беза ас аьлла, дагадеана, цомгашнаш хIун деш бу те аьлла, чувахча, цхьа нана йоцург, ас лелочун бала кхаьчна цхьа а ца хаавелира суна. Цуьнга: «Нана, самагатде, со хIинцца схьавогIу» аьлла, цуьнан догъэцна, юха а ижуна новкъавелира со.
ХIинца а сатаса дикка хан йолчух тера дара, котам декар тохарчул жимма алсамо долуш санна хетахьа. Пена тIекхаьчча, хIумма а шах-тата хаалой те аьлла, дIатаьIна сацар дина, ладоьгIча, дерриг тийна дара.
Юха а оццу айса баьккхинчу новкъахула текхна вахана гали дуьзна, хьалха санна – гали цкъа такхош, тIаккха ги дуьллуш – чукхечира со. КIа хьалха айса доьхккинчу дIа а доьхкина, чоьхьа ваьлла жимма цомгашчаьргахь хIун хьал ду а хьаьжна, охьалахвелла ойла йира ас, деллахь, кхин цкъа вахча тхуна бIаьстенга довллал таро хила а ма мегара, са хила герга а ма дахана аьлла.
ХIун дича, хIун хир дара те аьлла, ойла йича, мохь, хьалха шоззе беъначул а ца бохьуш, кIезго беача, дIасавахар сахилале кхочуш а хир дара, сайн гIорасизе диллича, тешам боллуш а хир дара, аьллачу дагахь, нанас, жимачу йишас тIаьхьа мохь бетташехь, ша хирг хир аьлла, дIаараиккхира со.
Сахила гергга дахча хуьлуш ма-хиллара, буьйса хаалуш Iаржъеллера, котаман декар а марсадаьллера, амма дарц-ло соцуш дацара.
Пенна тIекхаьчча, хьалха санна, саца а сецна, чIоьнехьа бIаьрг хьажийна ладогIа хIоьттира со, амма хаалуш хIума дацара, хехочунна наб кхетта хир ю аьллачу дагахь, жимма сина паргIато хилла, чехкка айса лайлахула баьккхинчу новкъахула, чIоьна кIел тилла, хьалхачул кIезго ялта а эцна, кхин пена тIехьа сацар ца деш, дукха хьолахь гали гехь долуш, цIавеана, хьалха деанарг доьхккинчу кIа дIа а доьхкина, тIе хIуманаш тоьхна и къайла а даьккхина, чувахара. ХIинца а сайга хьоьжуш, сан терго еш Iуьллучу нанна юххе охьавижира со, Iуьйранна, нагахь Iедал лорах дагIахь айса дендолчун а, аьндолчун а сурт хIоттийна.
Iуьйранна 9–10 сахьт долучу хенахь, цхьа чIогIа неIарх хIума етташ хезна самаваьлла, хьалаиккхина неI дIайиллира ас.
Чуьрнаш а кхерабелла, Iадийча санна, бисинера. Карахь тапча а йолуш комендант, цунна тIаьхьахIоьттина: «Бандиты, вас всех расстрелять надо» бохуш, колхозан председатель чоьхьа велира. Кхин къамел доцуш, кадетташ чохь мел йолу сал-пал тIекIел тоьхна, чехкка арабевлла дIабахара кхайкхаза баьхкинарш.
Бакъду, араволуш, суна меркIел тапча Iоьттина, каменданта «бандит» элира.
Я деца шайн хиллачу дар-дацарна делахь а, я ло тIехула схьаеана лар хааелла баьхкинехь а, мухха делахь а цхьана бахьаница кхаьчнера уьш тхоьга. Амма кхин тIаьхье йоцуш чекхделира и къола аьлла, дерзийра Iусмана шен къамел. Хьалха Дела, шолгIа Iусмана дина гIуллакх бахьанехь ца леш, денбелла, Iаьнера баьллера и доьзал.
1945-чу шарахь Германица хилла тIом Союз тоьлаш чекхбаларца доьзна араяьлла амнисти бахьанехь лаьцначуьра хенал хьалха араваьлла цIавеара IусмангIеран да. Бечо колхозехь болх беш, ца бечо цIахь долахь беш лелош, хенебаьллера и доьзал. Да-нана а, хIетахьлера вежарий а, йижарий а хIинца а могаш-маьрша бу Iусманан. Дала церан хан яхйойла.
Лакхахь аьлла ма-хиллара, къоладар къобалдеш ца далийна ас кхузахь сайна дийцина Iусманан къамел.
Амма нохчийн а, гIалгIайн а, кхин дуккха а къаьмнаш, цхьа а бахьана доцуш, Советан Iедало махках дахар а дацара тIаккха къола а, талор а, харцо а.
Зингатий санна, эзарнаш адамаш мацаллина, цамгаршна делла дIадевлира Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а, Сибрехахь а. Цуьнга диллича, Iусмана, шен доьзал цабалийтар Iалашо йолуш динарг, хIумма а Дала къилахь лорур ду аьлла ца хета суна. Къуьнна къоладича Дела а велавелла олуш ду вайнехан.
Кхин ма йогIийла вайна иштта зама, вонах, харцонах Дала лардойла вай!
К.ЧОКАЕВ
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо