Нохчийчоьнан Куьйгалхо ДаьргIахь хилира

Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан масех де хьалха нохчийн уггаре а ширачу яртех цхьаъ йолчу Веданан кIоштарчу ДаьргIахь хилира. Веза хьаша шаьш долчу варах боккха кхаъ хилла бара ДаьргIара хьовха, ерриге а кIоштара бахархой. Иза церан екхаеллачу, елаеллачу яххьашкахь, вовшаша бечу хаамашкахь бIаьрла гуш дара.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо цкъа хьалха Шайх Къосум-Хьаьжин зератехь хилира. Кхачам боллуш дика тодина, хаздина, куьце далийна, юха схьадиллина ду и зерат. Цигахь суннат ламазаш а, доIа а динчул тIаьхьа, ша вистхуьлуш, Кадыров Рамзана дийцира Къосум-Хьаьжа доккха Iилма долуш, шен Iамалшца Далла герга кхаьчна, нахана юкъахь барт, маслаIат деш стаг хилла хиларх лаьцна.

Цул тIаьхьа Р.Кадыровн къамел хилира меттигерчу бахархошца. Хаьттира церан сагатдеш хIун ду, аьлла. Цара республикин Куьйгалхочунна даггара баркалла элира шаьш долчу варна, шайн ларам барна, лаьмнашкара ярташ, кIошташ кхиорна боккха тидам тIебахийтарна, гIийлачеран, мискачеран хьашташка сема хьажарна. Царах цхьа а вацара леткъамаш беш а, арз деш а.

Кадыров Рамзана юьртарчу бахархошна баркалла элира шех тешарна, ша беш болчу белхан лаккхара мах хадорна. Цунна тайнера хIокху ширачу лаьмнашна юккъехь Iуьллуш йолчу юьртарчу бахархойн республикехь хуьлуш болчу дикачу хийцамаша дегнаш даккхийдеш хилар, массо а хIуманан бала кхочуш хилар, массо хIуманна сагатдеш хилар.

Юха регионан Куьйгалхо Мутаев Туркон доьзалехь хилира. ДаьргIа юьртан администрацин куьйгалхо вара
иза. Кхо шо хьалха цхьана хьовзамехь кхалхар нисделира цуьнан. Цуьнан ворхI бер дисина. Царах шиъ заьIап ду, бIаьрса доцуш.

Кадыров Рамзана МутаевгIеран доьзална машен а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондера ахча а делира.

Цу тIехь а чекх а ца девлира цуьнан дика гIуллакхаш. Юьртара къано Танкаев Бауди волчохь хилира Р.Кадыров. Иза чIогIа лазар долуш, меттахь Iуьллуш ву. Цунна тIе а хIоьттина, цуьнга хьал-де а хаьттина, цуьнан хьашт-дезаршна лакхахь хьахийначу фондера ахча делира цо.

Цул сов, юьртарчу кхин а 20 доьзална Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондера ахча делира. Баккъал а цунах боккха кхаъ хилла болчу церан бIаьргех ирсе хиш девлира.

«Рамзан, Дала къобалдойла хьан сагIа!», – бохура цара.

Цара аьллачунна тIетовш вай а боху-кх: «Рамзан, Дала къобалдойла хьан зерат а, сагIа а».

Хь.САИДОВ

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: