ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира «Бенойн бIаьсте – 2018» цIе йолу хIорашеран халкъан кхоллараллин фестивалана кечамбаран а, иза дIаяхьаран а вовшахтохараллин комитетан кхеташо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира куьйгалла а деш дIаяьхьира иза. I.Израйиловс вовшахтохараллин комитетан декъашхошна йовзийтира фестивалан хьалххе кечйина йолу программа.
ХIокху шарахь фестиваль дIахьур ю хIутосург (май) бутт юккъе бахча.
«Бенойн бIаьсте –2018» фестивалан гурашкахь дIахьур ю культурин а, спортан а, Iилманан а, самукъадаккхаран а мероприятеш. Иштта, фестиваль дIахьош, лаьмнийн Нажи-Юьртан кIоштахь схьайоьллур ю цхьамогIа объекташ. Царна юкъахь ю Бена юьртара Ташу-Хьаьжин цIарах йолу хьуьжар а, рузбанан маьждиг а. Циггахь хир ю юьртабахаман ярмарка, ткъа иштта, суьрташдахкархойн а, декоративни- прикладни искусствон говзанчийн говзарийн гайтам.
Фестивалехь дIахьур ду «Нохчийн хелхар» хIорашеран конкурсан чаккхенан дакъа (финал) а, «Синмехаллаш» юбилейн хIорашеран телевизионни фестивалан хьалхарчу туран рогIера мур а. Оццу дийнахь дIахьур ду говраш хахкаран спортан къийсадаларш а, спортан нохчийн къоман кепашкахула долу къийсадаларш а.
Фестивалехь концертан программа гойтур ю исбаьхьаллин кхолламаллин векалша а, нохчийн эстрадин артисташа а.
I.Израиловс билгалдаьккхира «Бенойн бIаьсте» фестивало нохчийн халкъан культура а, истори а йовзийтарехь лелош долу доккха маьIна.
Вовшахтохараллин комитетан берриге а декъашхошка иза кхайкхира мероприятеш дIаяхьарна кечамбар жоьпаллица дIадахьаре а, и болх шен хеннахь чекхбаккхаре а.
«Бенойн бIаьсте» фестиваль республикехь дуьххьара дIаяьхьира 2015-чу шарахь. Фестивалан Iалашо ю Нохчийн Республикин халкъийн культура ларъяр а, кхиор а, исбаьхьаллин культура йовзийтар а, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалшна вовшийн гIиллакхаш, ламасташ довзийтар а.
I.МУРТАЗОВ
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо