Дуьненаюкъарчу хIорда тIера ракеташ тоьхна Шемин Iедалан Хомс шахьарахь йолчу тIеман базанашна. Цигахь байъинарш а, чевнаш хилларш а бу. Ракеташ схьатоьхначу меттехь США-на, Израилан а хIордан кеманаш хилла. Делахь а, оцу пачхьалкхийн куьйгалхоша даре ца до шаьш ракеташ тоьхна хилар. Ма-дарра аьлча, цара хьаххане а хьахош дац иза.
***
Шемарчу Малхбален Гутера террористаш арабаьхначул тIаьхьа, шайн хIусамашка юхавирзина 55 эзар сов маьрша стаг. ХIокху деношкахь дIадолийна Дума гIалара террористийн «Джейш-аль-Ислам» гIеранан террористаш а, церан доьзалш а арабахар. Бинчу бартаца нийса а догIуш, цигара араваккха везаш верг 8 эзар террорист а, церан доьзалш а (40 эзар сов стаг) бу. И болх дIаболийна.
***
Израилерчу Газан (Секторехь) Декъехь палестинхошний Израилан эскархошний юкъахь тIаьхьарчу деношкахь хиллачу тасадаларшкахь 10 палестинхо кхелхина, 2 эзар гергга стаг лазийна. ТIаьхьарчу цхьана кIиранах оцу тасадаларшкахь кхелхинарг 30 сов стаг ву, чевнаш хилларг а, лазийнарг а – 2,8 эзар. ООН-н Кхерамазаллин Совето шина а агIоне кхайкхам бина маслаIате кхойкхуш, къизалла лелор сацор доьхуш.
***
«Чина лууш яц США-ца махлелорехь тIом бан, амма оцу тIемах кхоьруш а яц иза», – иштта дIахьедар дина Чинин коммерцин министерствон куьйгалло. Оцу дIахьедарехь иштта билгалдоккхуш ду: Iамарко Чинина дуьхьал динчу гIуллакхашна хьакъ доллу гIуллакхаш Iамаркана дуьхьал а дийр ду Чинин куьйгалло, цуьрриг а шек а ца довлуш. Вуьшта аьлча, Чинин куьйгалхоша даррехь дIахаийтина Iамарках шаьш цхьана а хIуманна тIехь озалуш цахилар.
***
Германерчу Мюнстер шахьарахь цхьана кафехь садоIуш болчу нахана машен тIетоьхна кхо де хьалха. Цигахь 3 стаг кхелхина, 20 стаг лазийна. Лазийначарах 6 стаг вуочу хьолехь ву. Ша и зулам динчул тIаьхьа, ша-шена тоьхна, велла машенан водитель. Полицин белхахоша а, талламхоша а и бохам теракт ца лору. Цара дийцарехь, водитель коьртаца лазар долуш хилла. Мухха делахь а, нахана бохам баьлла-кх цунах.
***
ОвгIанехь террористаша тIаьхьарчу хенахь алсамдаьккхина эскаран дакъошна, некъашца йолчу посташна тIелетар. Иштта, террористаша хIокху деношкахь тIелатар дира тергояран-чекхвалийтаран меттигна (КПП). Цигахь хиллачу тасадаларехь 6 эскархгIуллакххо кхелхира, 3-нна чевнаш хилира. Мехкан кхерамазаллин службин векалша дийцарехь, тIелатар динчу террористех масех хIаллаквина, дийна бисинарш лохуш бу.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Францин Президентаца Э.Макронца. Коьртачу декъана цара дийцаре дира Шемара хьал а, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а тоярца доьзна гIуллакхаш а. Э.Макрона билгалдаьккхира Россин а, Францин а экономикин а, культурин а дакъошкахь цхьаьна гIуллакхаш дан яккхий таронаш хилар.
***
Волжски а, Рязанан а, Волгоградан а областашкахь хиш дестар бахьана долуш 30 сов юьрта хи иккхина. БIеннаш бахархой ханна кхечанхьа дIакхалхийна. Iаламат даккхий зенаш дина бахархойн цIеношна а, бахамна а. Оцу областийн губернаторша дийцарехь, халкъан бахамна хилла иэшам буьйцучохь дац цкъачунна. ХIинца коьртаниг адамаш а, дийнаташ а бохамах лардар ду.
***
Амуран областехь, бIаьстенан билгалонаш гучаевлла а йовлале, хьаннашкахь, цIерш евлла. Цара хIинцале а масех эзар гектар меттиг дIалаьцна. ЦIеяйархоша шайн ницкъ кхочург до цIе ярташна герга ца кхачийта. Цу тIехь царна гIо-накъосталла до меттигерчу бахархоша. Цхьадика, тIаьхьарчу деношкахь догIанаш а дуьйладелла.
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо