Iаламе садаIа эхар а лахде, цIарца ларлуш а хила. Хьуьнхахь а, Iеха болчохь а, якъаеллачу беца тIехь а, иштта, дитташ тIера охьаэгначу гаьннашна а юххехь цIерш ма летае.
Лаьтта охьа ма кхийса латийна сирникаш а, цигаьркийн юьхьигаш а, оццу цигаьрках схьайолуш йолу йовха юкъ а!
Яга а ма е хьуьнхахь нехаш я цIе латийна а ма йита уьш цигахь! Нагахь санна нехаш ца ягийча ца йовлуш елахь, дитташна а, хьаннашна а 50 метрал юххехь лато мегар дац цIе!
Нехаш ягош йолчу меттигна 25-30 метр гонахара майда диттех а, жIоламех а, атта цIе хьалалата кхерам болчу гIирсех а дIацIанйина хила езаш ю.
КIелхьарбахархойн а, цIеяйъархойн а гIо-накъосталла я орца оьшуш хьал делахь, мобилан телефона тIера сихонца схьатоха 101 я 112 номера тIе.