Ганаев Олхазар – хьехархо, журналист, композитор похIме иллиалархо. Цуьнан цIе шуьйра евзаш, боккхачу безамца йоккхуш яра Нохчийчохь ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь. Цуьнан башха аз ладогIархойн лерса хьостуш а, хIоранан синкIоргене кховда ницкъ кхочуш а дара. Нохчийн халкъан сийлахьчу артистийн Дагаев Валидан а, Магомедов Султанан а, Буркаев Мовладан а могIарехь йоккхуш яра Ганаев Олхазаран цIе. Вайнехан музыкин культурехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина иллиалархочун кхолларалла. Олхазаран иллеш нохчийн меттан хазаллех Iанаоьхуш дара, ворхIе дех дисинчу оьздачу гIиллакхашкахь кхоьллина дара. Цара Даймохк беза Iамавора. Адамалле, машаре, догцIеналле, къинхетаме кхойкхуш декара уьш, цкъа хезначунна цкъа а дицлур доцуш. Иза ша а вара нохчаллех къилба дина вехаш. Цунна дика евзара ша схьаваьллачу къоман бартакхолларалла, узамаш, турпалаллин иллеш, кицанаш. Церан тIеIаткъам хаалора цуьнан къамелехь а. Нохчийн мотт кIорггера хууш, иза шера буьйцуш вара иллиалархо, шен дукхах болчу нийсархоша цунна пе тоьхначу хенахь а. Дийца даьккхинчуьра аьлча, илли аларан говзалла хиларал сов, Ганаев Олхазар мукъам боккхуш, говза сурт дуьллуш а, халкъан дарбанан къайленаш евзаш а, куьг дарбане долуш а вара. Доцца аьлча, массо а агIор, хьуьнаре стаг вара иза. Делахь а, Къилбаседа Кавказехь похIме иллиалархо а, композитор а санна гIараваьлла а вара.
Бералла
Ганаев Олхазар вина 1939-чу шеран бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь Шелахь Ганаев Iалавдин доьзалехь. Лаьттаца къахьоьгуш дара Олхазаран да Iалавди а, нана МинагIаз а. КIентан бералла ирсе хилла ала хIуттур яц со. Олхазар когавахана валале, немцойн фашисташа Даймахкана ямартлонца тIелатар дина, дIаболабелира буьрса тIом.
Дерриге а советийн халкъаша санна, мостагI хIаллакварехь жигара дакъалецира вайн махкахоша а. Воьдург тIеман ара дIавахара, цIахь висинарг хьуьнаре къахьоьгуш вара, ЦIечу Эскаран бIаьхошна оьшучунна кхачо хилийта.
Кхиболу нохчий санна, де-буьйса ца лоьруш, къахьоьгуш дара Олхазаран да а, нана а. Амма церан садагийна хьийзар а, колхозан аренашкахь къахьегар а эрна хилира. Сталинан хьадалчаша, къинхетамза дай баьхначу лаьттах бохуш, сийначу Сибрех дIахьажийра дерриге а нохчийн халкъ 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна.
Стаг, зуда, къано, бер ца къастийра. Берриге а «халкъан мостагIий» лерира. Оцу декъазчу декъахь вара пхи шо кхачаза волу Ганаев Олхазар а. Дуккха а деношкахь бехачу новкъа дIатекхара цIерпошт.
Юучуьнца, молучуьнца гIело хуьлура массарна. Амма цул чIогIа ницкъ беш дара, бIешерийн кIоргенера хIайкал санна, лардеш схьадеана вовшашца долу эхь-бехк лардан бегIийлаш йоцуш, зударий а, божарий а цхьана вагончу бохкар. Сингаттамо совдехира лазарш. Дарба деш стаг вацара.
ХIора социйлехь охьадохуш декъий дара, хьарчош марчо, доккхуш сагIа доцуш. Нохчийн халкъе хIоьттинчу Iазапах ца кхетахь а, амма и дерриге а гуш вара Олхазар: хаддаза ненан елхар, даима а самукъане хиллачу ден бIаьргаш чохь – гIайгIа. Жима велахь а, кIентан дог Iийжадора ден-ненан юьхьа тIерачу кхоларша. Шийлачу некъан йозалла ла ца елла дIаделира Олхазаран йиша а, ваша а. ПIелг санна, ша цхьаъ висира иза сингаттамо хабийначу деца а,ненаца а.
Да вийна мостагI Iебарволуш, къиза некъ бара нохчашка 1944-чу шеран шийлачу Iай Iедалан векалша юьхьарлацийтинарг. Цкъа а, цхьанна а гина йоцу къизалла яра хIоранга Iовшийтинарг. Эххар а, Казахстанерчу Кустанайн областерчу Аулиекольскан кIоштан Чили станцехь цIерпошт тIера охьабехьира цхьаболу шелахой.
Лайно хьулйинчу аренашка охьабиссийначу нохчашна юкъахь бара ГанаевгIар а. Нохчий эрна ара охьабиссийнера. Гуш цхьа а тхов кIело яцара, шок етташ, хьоькхучу шийлачу махах хьулвала гуш, ур-атталла цхьа кхалор а яцара. Чот йоьхна хьаьвзира Iалавди а, МинагIаз а. Кавказера Казахстане болчу бехачу некъаца шина беран декъий дитина схьадеанчу кху шинна хIинца гуш тIаьххьара дисина хIара цхьа кIентан-саллар бен хIума дацара. Шайгахь мел йолу тIелхиг тIехьарчийнера цара Олхазар шел ца валийта. Амма и эгIаза мадар яра оьгIазе шок етташ хьоькхучу махе ладоьгIча.
Делахь а, Делан къинхетам боккха бу. Дуьненах а нохчаша дог диллинчу хенахь, говр-салазахь казахаш кхечира хIорш охьабиссийначу метте. Цара цхьацца-шишша нохчийн доьзал шайн хIусамашка дIабигира, эрна арахь буьйса ца йоккхуьйтуш. Дела вевзачарах хиллера ГанаевгIар дIабигна казахаш. Цара цхьа ах стака шура, цуьнца яа цхьа тамашийна локъам елира Олхазарна. ТIахьуо хиира цунна локъамах тера долчу даарх казахаша боурсакх олуш хилий. Бакъду, оцу суьйранна санна мерза хеташ цо цкъа а, цхьанхьа а биъна-м бацара кхача.
Шелахь дуьйна трактор тIехь белхаш бина Iалавди, бIаьстенца юьртарчу колхозе балха хIоьттира. МинагIазана а карабора цхьацца кега-мерса белхаш: казахашна поппар а хьохура, кира-басар дора а. Дас-нанас дерриге а дора цхьаъ бен воцу кIант меца ца вита. ЦIахь дуьйна мелла а маха боккхуш хиллачу МинагIазана и гIуллакх а шарделира. Шена караеанчу кIадийн кийсагах Олхазарна бедар тоьгура цо. Ненан и говзалла бахьанехь, дукха беркъа воцуш, даима а хаза тIеюьйхина хуьлура ГанаевгIеран кIант.
Школе а Чилехь вахара Олхазар 1945-чу шарахь. Даима а лаьттаца, хала белхаш беш схьавогIучу Iалавдина чIогIа лаьара шен цхьаъ бен воцчу кIанта доьшийла, цуьнан дахар мелла а сирла хуьлийла. Цундела дас шен семачу тергонехь латтадора кIентан дешар, иза ца ларочохь гIо-накъосталла дора. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш а, хьекъалца нийсархошна юкъахь къаьсташ а вара иза. Цуьнан самукъадолура хаарийн лакхенашка ша йоккхучу хIора гIулчах.
Ца Iебаш йоьшура исбаьхьаллин литература. Дукха жимачохь дуьйна, хазахетара муьлххачу книги тIехь а Кавказах аьлла дика дош шена карийча. Самукъадолуш, юх-юха доьшура цо и Кавказах лаьцна аьлларг шен турпала дай баьхначу Нохчийчоьнах аьлла хеташ.
Кхин цхьа хьуьнар а билгалделира Ганаев Олхазарехь. Дийнахь колхозан аренашкахь къахьегна суьйранна чувирзинчу Iалавдис, Нохчийчоьнах долу къамелаш доладора, дукха хьолахь, и къамелаш назманашка а доьрзура. ЧIогIа хаза аз долуш, назма аларна говза вара Iалавди. Дукха хан ялале, дас дIаолуш хилла массо а назма дагахь Iемира Олхазарна.
Иштта гучуделира цуьнан назма аларан хьуьнар. Казахстанехь 13 шо доккхучу муьрехь, дас дIаолуш хезна Iеминера цунна вайнехан турпалаллин иллеш а. Дас боккхачу безамца лелош хилла дечиг-пондар а карабирзира. Даггара безнера Олхазарна иллешкахь буьйцу халкъан турпалхой. Кхиъна вогIучу кIентан дагна хьоме бара халкъан бартакхоллараллера турпалхой: дог майра Вара, шотойн Аьстамар, Таймин Бийболат, Жумин Акхтулла, Мадин Жаммирза, иштта дуккха кхиберш. Цуьнан экамечу сих хаддаза хьерчаш бара уьш, дог-ойла диканна гIиттош, нохчийн къомах дозалла дойтуш, кханенах тешош.
1955-чу шарахь кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина ваьлла Москва вахара О.Ганаев. Юккъерчу школин лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна лоьран корматаллех ойла хьерчаш вара иза. Да а тIетайнера цхьаъ бен воцчу кIентан лаамна.
Москвахь И.Сеченовн цIарах йолу лоьрийн институт яра цо билгалъяьккхинарг. Халачу зерех чекхваьлла, институтан шолгIачу курсан студент вара Ганаев Олхазар 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь, вайнахана дай баьхначу лаьтта тIе цIаберза некъамаршо яларх болу хаам газетийн агIонаш тIехь зорбане болуш. Массо а нохчичунна санна, цунна мерза кхаъ хиллера оцу хаамах.
Дукха хан ялале дегара деанчу кехато, Москвара дешар дIатесна, Кавказе цIаверзар тIедуьллура цунна. Кегийрхойн самукъадаккха меттигаш мел дукха елахь а, дешар дIатасар шен къоначу даго къобал ца дахь а, ден-ненан ша цхьаъ бен цахиларх дика кхетара Олхазар, царна ша уллехь эшарх а бехк ца буьллура, сица, цIийца нохчи волчу жимачу стага. Шена хетарг генна, синкIоргенехь хьулдина, ден дош лардеш, лоьрийн дешар дIатесна, Шела цIавирзира иза.
Студентан самукъане некъаш
Цхьаъ бен воцу кIант шайх хераваьккхина, ур-атталла луларчу республикашка лоьрийн дешар чекхдаккха дIавахийта ца лиира дена а, нанна а. Лоьрийн корматалла караерзо луучунна Буру-ГIалахь а, ХIинжа-ГIалахь а йолуш яра институташ. Делахь а, зама кхин яра. Цига вахча а шайна Iаламат гена волуш хетара Iалавдина, МинагIазана шайн цхьаъ бен воцу кIант. Царна луучунна тIера ца волуш, ши-кхо шо дIадалийтира Олхазара.
Эххар а, 1961-чу шарахь ден а, ненан а, барт хилира Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте Олхазар деша вахийта. Олхазара билгалъяьккхинарг хьехархойн институтан историн-филологин факультет яра.
Институте дIаэцаран зерех, цхьана кепара хало ца хуьлуш, чекхвелира жима стаг. Кхуьнца хиллачу студентийн тоба яра, хIара санна кIорггера хаарш долчу кегийрхойх лаьтташ.
Тахана а шайн цIерш яьхча махкахь бевза уьш. Царна юкъахь ву: Мамакаев Эдуард, Супаев Руслан, Туркаев Хьасан, Нашхоев Мурад, иштта дуккха а кхиберш. Кхин а боккха аьтто хиллера Ганаев Олхазаран институтехь хьехархой нохчийн къоман тоьлла къонахий хиларна. Царна юкъахь вара Ошаев Халид, Мациев Ахьмад, Мальсагов Дошлукъа, Музаев Нурди, иштта кхиберш а.
Институтехь доьшуш волуш вевзира Олхазарна нохчийн поэт Дикаев Мохьмад. Дуьненахь кхидIа яккха йисинчу ханна мерза доттагIалла тасаделира цу шиннан. Оцу доттагIаллин беркат тахана а вайх хьерчаш ду. ХIаъ. Вайна массарна дукхадеза Даймахках долу илли ду иза, заманан йохалла нур ца довш, вайн дегнаш синкхачанах Iабош, къаьхьа чам беттало хилларг карладоккхуш, нохчийн къоман зовкхечу кханенах дегайовхо чIагIъеш дека и илли тахана а.
Нанас берахь дуьйна суна хьо марзбина,
Хьоьга дагара дуьйцуш, хийла ойла йина.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк,
Ахь кхиийна, ахь стаг вина со новкъа ваьккхира.
Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма суна хьо хетара.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина, нур къагийна суна хьо лепара.
Вайна ма-хаъара, «Даймохк» иллин дешнаш яздинарг Дикаев Мохьмад ву, ткъа мукъам баьккхина и дIааьлларг Ганаев Олхазар ву. ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь и илли гучудаьлча, кест-кеста радиоэфирехь хазадоьлча ладогIархойн шуьйрачу гуонашкахь Олхазар вевзаш вацара.
Илли моссазза хеза, иза вовза, цунах цкъа мукъане а бIаьрг тоха лаам хуьлура. Иза ларамаза дацара. Олхазара дIаолучу иллино ойлане воккхуш, заманан йохалла нохчийн халкъо лайна къа-бала карлабоккхуш, АллахI-Дала нохчи кхолларх дозалла дойтура дара.
«Даймохк» илли мукъаме дерзийнарш дешнаш хилла ца Iара. Иза вайнаха 13 шарахь сица литтинчу, цIийца лезначу, Iедалан ямартлоне а, харцоне ца хьашаеллачу нохчийн халкъан нуьцкъалчу амалан узам бара, иллиалархочо ца кхоош, шен синан дакъа юкъадуьллуш, гIийла балош. Бакъдолу илли бIешерашкахь деха. Иштта даха хьакъдолуш ду Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь вайн турпалхочо мукъам баьккхина, дIааьлла «Даймохк» цIе йолу илли а.
Кхиамийн лакхенашка
ХХ-чу бIешеран 60-гIа шераш юккъе доьлхуш Соьлжа-ГIалара хьехархойн институт чекхъяьккхина, Шеларчу №1 йолчу школехь лакхарчу классашна оьрсийн мотт, литература хьоьхуш дIаболийра Ганаев Олхазара шен къинхьегаман некъ. Белхан хан сихха чекхъяларе сатуьйсучу хьехархойх вацара иза. Цуьнан самукъадолура дешархошца, къаьсттина хазахетара уьш дешарна тIера, хаарийн кIоргенашка кхийдаш хилча. Кхин цхьа башхалла яра Олхазар кхечу хьехархойх къастош. Цунна шен декхарш чекхдовлуш цахетара дешархошна оьрсийн мотт, литература хьехарх.
Къоначу хьехархочо дукха сахьташ дойъура классал арахьа бечу балхана. Дукха хьолахь, дешархой кхетош-кхиоран Iалашонца, Олхазара шен дешархошна йовзуьйтура нохчийн литература, халкъан бартакхолларалла, къоман истори, вовшахъеттара тайп-тайпана кружокаш. Амал самукъане йолу Олхазар воккха забарча вара.
Муьлххачу стагана пароди ялора цуьнга. Амма и пародеш цкъа а ца хуьлура стаг аьшнаш веш, дастам воккхуш. Олхазара мел лелошдерг шена уллерачеран догъэца, самукъадаккха лелош дара. Цундела цхьа а оьгIаз ца воьдура. Ткъа дукхах болчара «ШолгIа ваьлла ШитIа» олура цунах. Даима дукха доттагIий а, бевза-безарш хуьлура О.Ганаевн. Иза ца кхочуш, ца воьдуш меттиг яцара.
Ша дIакхаьчначохь бIаьстенан малх гучубаьлча санна, самукъане а хуьлура. Массанхьа а везаш тIелоцура. Кхача хьевелча, кхойкхий а вуьгура.
ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьхь яра Ганаев Олхазаран керла илли юкъадаьлча. Дикаев Мохьмадан «Тхан юьртахь тийна ду» байта тIехь, цо ша мукъам баьккхина дара и башха илли. Цуьнан хIора могIанца, хIора хьаьркаца нохчийн къоман хIо дара. Шовда санна, цIена, сирла безам бара иллехь буьйцуш берг.
Тхан юьртахь тийна ду.
Наб яйнарг со цхьаъ ву.
Лерина лоьхуш, цагарна кхоьруш,
Сахиллалц лехарх кIад ца луш,
Ас лоьхург мила ю?
Ала соьга, сирла седа, ирсах хьоьгуш,
Ас лоьхург мила ю?
Хетарехь, Ганаев Олхазарна шен ирс карийна зама ю иза. ХIусамнана ялийна, чуверзар ца хуьлуш, мелла а хьевеллера жима стаг. Иза ткъе итт шарал тIехъиккхина вара. Цхьаъ бен воцчу кIанта шен доьзал ца кхуллуш сингаттамехь да-нана а дара. Эвтарахь хиллера иза ирсе ван кхаж баьлла зезаг. Иза ворхI вешин цхьаъ бен йоцу йиша Малика яра.
1971-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дахаран керла тептар долийра цо. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Маликас йина ши йоI яра церан доьзалехь: ПетIамат, Амнат. Мел халахеташ делахь а, Амнат масех бутт хьалха дIакхелхина, цунна Дала гечдойла! Ткъа ПетIамат, ХIинжа-ГIалахь лоьрийн институт чекхъяьккхина дуккха а шерашкахь Соьлжа-ГIалахь лоьран болх беш ю. Делан къинхетамца, шен бераш долуш, берийн бераш а долуш, Шелахь Iаш ю иза.
Малика ялош Шелан кIоштан газетехь корреспондентан болх беш вара Олхазар. Муьлххачу балхахь хилча а, белхан накъосташа лоруш, цаьрца тарлуш чекхваьлла ву иза. Церан дагалецамашкахь воккха забарча санна висина а ву. Массара а билгалйоккху Олхазаран деган комаьршалла. Даа санна, массо а адам дукхадезаш вара иза.
Оьшучунна гIо-накъосталла дан даима а кийча вара. Цуьнан хIусаман неIарш цкъа а къовлуш яцара. Де-буьйса ца лоьруш, хьаша-да хаддаза алссам лаьттара иза волчохь. Бевза-безачарах йиша-ваша дина шен гуо стамбина вехаш вара иза.
Ганаев Олхазара мукъам баьккхина, дIааьлла Дикаев Мохьмадан цхьа-ши байт вай билгалъяккхарх, иза данне а дац кхечу поэташца цуьнан кхоллараллин гергарло дацара бохург. Дукха иллеш дара цуьнан репертуарехь. Уггаре а хьалха царна юкъахь билгалдаккха догIу Окуев Шимин дешнаш тIехь даьккхина «Шела» илли.
Лекхачу ломара
Лахенга лар яхьаш,
Сирлачу седанал
Сайн цIена дог дахьаш,
ДоттагIийн дегнашка,
Мехкарийн эшаршка
ЛадогIа веъна со
Безамна ийци ахь.
Шела – шера аре,
Хьосту хьо ас лоре,
Ю хьо лаьмнийн лулахь,
Даим дагна уллехь!..
Йоккха, сирла ю О.Ганаевс нохчийн музыкальни культурехь йитина лар. Iер-вахар Шелахь хиллехь а, иза цхьана Шелан иллиалархо хилла Iаш вацара. Дала деллачу похIмица, лаккхарчу корматаллица, оьздачу гIиллакхашца, тайначу амалца, куьзга санна, цIеначу дог-ойланца вуьззина нохчийн къоман яхь йолу кIант вара Олхазар. Цуьнан хьанал къинхьегам халкъан, мехкан кхане сирла хилийта болчу лаамах буьйцина бара.
ЛадогIархойн синкIоргене кхочуш дара цуьнан иллеш. Цаьрца нохчийн къоман хилларг а, хиндерг а дехара. Уьш декара, ваьш нохчий хилар вайга диц ца дойтуш, цкъа а диццадаре кхойкхуш. Иллиалархочун шатайпаналла яра иза. Кхиамийн лакхенашка мукъамча кхачийна шатайпаналла. Вайна иза вицван бакъо ца ло шатайпаналла! Халкъан иэсехь цуьнан сирла васт латто исбаьхьа башхалла. Маьлхан зIаьнарех Ганаев Олхазаран сийлахь цIе серлайоху башхалла.
ТIаьххьара шераш
ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь 50 шаре вирзина Олхазар, шен хьуьнарш журналистикехь, культурин хьаьттах зийна, цкъа мацах ша болх бинчу Шеларчу №9 йолчу школе хьехархочун балха юхавирзинера. Советийн заманахь хьалакхиънехь а, иза, уггаре а хьалха, нохчийн яхь йолу кIант вара, ворхIе ден оьздачу гIиллакхаш тIехь дас, нанас кхиийна. Иза цакхетара доха карзахадаьллачу Кремлерчу Iедалан ямартчу ловзаршна нохчий тIаьхьа хIиттарх. Ца кхетара Нохчийчоьнан урамашкахь ловзадаьккхинчу герзах, даржаш бахьанехь вайн махкахой вовшашца эвхьазбовларх.
Цакхетарал сов, цуьнан экамечу даге ла а ца лора и шога хийцамаш. Цунна товш дацара хIинцца хьалакхиъначу къоначу чкъуран цхьаболчу векалша устазаш сийсазбар, мехкан майданахь зударий латтар, даржаш бахьанехь, мацалла лацар.
БIешерийн кIоргенера, хIайкал санна, лардеш схьадеанчу вайнехан гIиллакхашца догIуш дацара урамашкахь кегийрхоша цIогIа деттар, къаной чехабар, дас-нанас бохучуьнга ла ца дугIуш, церан лаамна бIостанехьа берзар. Ткъа и эрчо чIогIа олалла дан яьллера Нохчийчоьнан ерриге а ярташкахь, шахьаршкахь. Цундела юхавирзира Ганаев Олхазар хьехархочун балха тIе. Тохара санна, оьрсийн мотт, литература хьоьхуш вара иза.
Ши йоI дIанисъеллера. ХIусамнана балхахь яра. КIант вац бохуш, Олхазаре гIийла оланаш ца яйта, шина йоIа, нанас цхьабарт бина, керла цIенош дира.
1994-чу шеран гуьйранна дара и керла цIенош дина девлла, дукха къаной гулбина зуькар дайтина, ГанаевгIар царна чукхелхича… Ткъа цул тIаьхьа, масех бутт балале, вайн махкахь тIом болабелира. Буьрса тIом.
Бехк боцу адамаш дойъуш бераш байлахь дуьтуш, долчун да-нана холчу хIиттош. Ганаев Олхазар кхийринарг дара иза. Шегахь йолчу таронца, ца хилийта орцадаьхнарг дара. Делахь а, иштта харцдуьне ду-кх хIара! Мел чIогIа хьекъале аьлла дош а, гIовгIа яьллачохь ца хезаш, тергал ца деш, зуламхоша шайн аьрхачу тобанехь воцчуьнга ла ца дугIуш.
Буьрсачу тIамо деш лаьттачу зенаша дог Iийжадора Олхазаран, хаддаза къаьхьа къурдаш дойтуш, хорамаш лаьттара. Амма мел инзаре ирча денош тIехIиттарх, Шелара ара-м ца велира иллиалархо. Шен доьзалца цхьаьна керла динчу цIенойн ларми чохь Iаш вара Олхазар, иза а шина йоIа чIогIа дехарш дарна. Церан дог ца дохо вуссура ларми чу а, ца догIучу дагца. Иллиалархочун экамечу синна Iеткъара шен декъазчу халкъе хIоьттина хьал, буьрса кхехкачу тIеман кIуьрлахь миска адам дисар. Масех бутт баратIом болабелла.
1995-чу шеран бекарг (март) баттахь шуьйрачу хаамийн гIирсаша цхьацца къедамаш бора тIом дIабоьрзуш бу бохуш. Амма хаддаза болх беш авиаци яра, нохчийн ярташна тIеетташ бомбанаш яра, бIаьрг белла ца вуьтуш. Нохчийн шира юрт Шела яра оцу декъехь.
Вахар-вар а лахделлера, гергарнаш вовшашна тIекхача йиш йоцуш бисинера. Амма дагахь доцуш, цхьана дийнахь Олхазаран хIусамненан Маликин ваша веара Эвтарара, кхаьргахь хIун хьал ду хаа лиъна. Ларми чохь сацар бегIийла ца хетта, стунваша эцна, цIеношна чувахара хIусамда.
Юург вовшахъетташ дIасауьдуш Малика яра. Мичара дели ца хууш, цIеххьана йоккхачу гIовгIанца кема хьаьвзира Шелана тIехула, бомбанаш етташ. Массо а Iадийча санна, ша волччохь сецира. Эххар а, гIовгIа дIаяьлла са метта деана, юург эцна чуяхана Малика вийна Iуьллучу шен вешина Iайндина, хIусамдена Олхазарна тIекхечира.
И дара 1995-чу шеран бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь.Буьрсачу авиатохаро декачуьра сацийра иллиалархочун зевне аз, хадийра маьрша илли, кхолийра нохчийн къоман музыкальни культура. Делахь а, цхьана тIеман ницкъ кхочур бац Ганаев Олхазаран сирла амат, иза вевза-везаш хиллачеран даг чуьра дIадаккха. Иза вайца дисина, цуьнан башха кхолларалла санна.
Нохчийчоь мел еха дехар ду цуьнан «Даймахках» долу илли. Ткъа и илли моссазза дека вайн иэсехь карла дер ду Ганаев Олхазаран сирла васт.
ХIора йогIу кхане хьоьца йоккхур, бохуш,
Винчу махка кхача ас сатийсинера.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьстина, дог диллина, Iалург ца хиллера.
ГАЗИЕВА Аза
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо