Вай-м Iеминера эшамашна.
Мехкан маршо хьаша тIелета мостагI юхатоха я и ойла кхоллаелларг кхерийна кога кIел сацо йолчу Iалашонца, ХХ-чу бIешеран лаккхарчу технологешца кхоьллина дерриге а герз Нохчийн лаьмнашна, цуьнан адамашна тIедассийна, велларг веллачул тIаьхьа а дIа ца йоьрзучу цуьнан ачонна, вайн адамаша тахана лелон лазарш а тоьур дара.
ХIетте а, даха лууш, и дахар дукхадезарна, Европин хотIаца керла гIишлош еш, машенаш оьцуш, чохь-тIехь нисдеш таса а делла дуьненан даьхни гулдеш дохку вай.
Мел дукха дезча а, мел дукха даьхча а Дала сиз хьаькхначу дийнахь дахар охьадилла дезарна, тIаьххьарчу денна а оьшу, боху бехказло йо вай.
БIеннаш мехкашкара къаьмнаш вовшахкхеттачу Хьаьжахь, оццул дукхаллехь а сибатан хазаллица, гIиллакхан оьздангаллица къаьсташ ду нохчийн къам. Цунах дерг дика элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Буммат схьайоьллучу дийнахь: «Нохчийн къомо лайна хало ловр йолуш наггахь а къам дац. ВаллахIи, вай, куьйгалхоша, шайга харцо ца йийцичхьана, хIуъа а дийр долуш дика къам ма ду вай».
Доггах аьллачу оцу дешнаша хийла къаночун бIаьргаш тIундира, дог кIаддира. Кхечу хIуманна тIедоьгIна цо и аьллехь а, вайн Куьйгалхочунна шен къам довзар, цунах тешар дара иза.
Бусалба дог дерг бумматхой дIатарбаларх воккхавеш, Кадыров Рамзанан рогIера кхиам иза хилар билгалдоккхуш, вовшашка кхаьънаш дохуш вай долчу деношкахь, юха а мехкан тезет хIоьтти Нохчийчохь.
Хийла ненан неIартIе тешнабехкаца вийна кIант веа, хийла доьзал тIехь да воцуш биси, хийла йиша елхий, хийла вешин дог Iовжий. Хийланна а вас хили, хийламмо а хораман шад би.
Шерашкахь са дадийна девдда лела чIогIа кIордийнера вайна, дукха сатийсарна, чIогIа Iехаделлера де-буьйса маьрша долчу дахарх. Вай хIинцца бен Iемина догIуш дацара вовшашна делакъажа, берийн аьзнаш хаза, церан синкъерамах сакъерадала, церан кхиамех дозалла дан.
Дависарг, кхечу мехкашкахь хIора дийнан вахаран хьал хиллачух а мах бала безаш хIунда нисло-те вайн? Цхьана Делан мостагIчо боьллина луьра сардам бахча санна, къацахетарийн ун даржор а кест-кеста хIунда нисло-те вайна? Цхьанггара а жоп хир доцу хаттарш кхоллало тахана нохчийн къоман кху тIаьхьарчу 13–14 шарахь арадевлла тептарш гулдинчу метте, Зорбанан цIийне кхаьчча.
ГIалин муьлххачу а маьIIера гуш, шен лекхачу бохьца курра лаьтташ, маьлхан зIаьнаршлахь къегинчу бIаьргашца лепаш хилла Зорбанан цIа, массо а бIаьрг баьккхина, бохь бойна, сийначу цIарах дагийна, делхийна, даржийна, сийсаз дан ларий цхьа ийман доцурш. Селхана а шагатIулгах къегина лаьттина цуьнан терхеш, кхоамза йохийна, аьтта, Iохку.
Нохчийн къоман синмехаллин ондда меттиг дIалаьцна Зорбанан цIа, гуш доцчу бIаьрхишца тийжаш хета. Цуьнан Iаржделлачу сибате хьоьжу адамаш а хорамо аз дукъдеш, дог доьхна лаьтта.
Зорбанан цIа, тхох массарах а чекхдаьлла хьуна кхетта даш, тхох хIора а вагийна хьо дагийначу цIаро.
Генарчу 1923-чу шарахь дуьйна, вайн къоман синкхача хилла лаьтта «Даймохк» газет, «Орга» журнал, кху ткъех шарахь бусалба динан серло хилла лаьтта «Исламан зIаьнарш» газет, «Вайнах» журнал, вайн къоман кхане кхиорна серло хилла лаьтта «Хьехархо» газет, вайн берийн герггара доттагI «СтелаIад» журнал, кхин хIумма а ца хилча а тоьар дара, докъаза байначу шайн кIенташка сатуьйсучу наноша кхуза бен некъ а, нагахь нохчийн къомах къахеташ, дог лозуш хилча. Дуккха а дара-кх кхузахь шайн кхерч, метта-мотт карийнарш, цхьана Делан мостагIаша цунах хадийнарш…
Цхьа а шеко яц, вайн республикин Куьйгалхочо, ша ма-аллара, кхин а сирла, кхин а башха хьалахIоттор ду Зорбанан цIа.
Амма тахана хьо иштта гуш, дог доьхна тхан…
Т.САРАЛИЕВА