Вайн артисташа схьайиллира «Махкахой» фестиваль

Саранскехь дIаяьхьна йолу Оьрсийн драмин театрийн Дуьненаюкъара XIII-гIа «Махкахой» фестиваль Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театро схьайиллира.

Оццул йоккха а, мехала а йолу Дуьненаюкъара фестиваль схьаеллар доккха жоьпалла ду. Цундела, театран артисташа дукха лерина кечам бира оцу хиламна.

Режиссера Горник Дмитрийс хIоттийначу «Ночной переполох» спектаклаца схьайиллира Нохчийн къоман театран актераша фестиваль.

Хьовсархоша спектакль дика тIеийцира. «Ночной переполох» спектакль оьрсийн маттахь хIоттийнера. Нохчийн артистийн сцени тIехь лелар а, церан ловзар а тайнера фестивалан дакъалацархошна.

ШолгIачу дийнахь Нохчийн къоман театран директор Ахмадова Хьава а, актераш а Саранскехь йолчу С.Д.Эрьзин цIарахчу изобразительни искусствийн музей бахара.

Вайн артисташна хьалха аьлла яра Мордовин Пачхьалкхан оьрсийн драмин театран белхахо Пенчугина Зинаида. Мордовин халкъан культура а, истори а евзира вайн артисташна. Шена тIехь бIаьрг соцуш дара Мордовин къоман духар. Археологин мехаллашна юкъахь ширачу заманахьлерчу дашочу пхьерийн белхаш уггаре а чIогIа лоруш хилар билгалделира артисташна. Вевзаш волчу скульпторан С.Д.Эрьзин кхоллараллина леринчу эскпозицига хьажа а таро хилира актерийн.

Билгалдаккха лаьа, «Махкахой» фестиваль XIII-гIа дIаяьхьна хилар. Экспертни комиссина юкъахь Россин театральни критик Федорова Валентина а, Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо, театровед Богова Лидия а, театральни критик, Россин Федерацин культурин хьакъйолу гIуллакххо Гарон Светлана а, Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо Погосова Наталья а, театральни критик Бураченко Алексей а вара.

Нохчийн къоман театран артисташ дика ларийра шайна тIедиллинчу декхарца.

З.ХАСИЕВА

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: