КъинтIера ялахьа, нана

Тахана я кхана бохуш шу Iашшехь,
Ца кхиахь шайн нана къинтIера яккха,
Байттамал хирийтехь шуна и тIаккха,
Цундела сихо е ненан дог хьаста.

Неначух тера дог кхин хуьлуш дац-кха,
Нана а хуьлуш яц дуьнен чохь цхьаъ бен.
КъинтIера ца йолуш кхалхар хьан нислахь,
Декъала хьо хила цхьа бахьна дац-кха.

Шен ненал хьомсара кхин адам дац-кха,
Дуьненан самукъа хилац и йоцчохь,
Цундела сихло шу, денош ца дохкуш,
Хьомсара шайн наной къинтIера баха.

Сайн нене аса а даггара доьху:
– Дийлинчу гIалатех бекхам ца лоьхуш,
Хьайн кIантан эхарт а декъалдар доьхуш,
КъинтIера ялахьа, нана, хьо суна!

ГИЛАГАЕВ Маулди

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: