Россехь дIаболабелла Пачхьалкхан юкъара экзамен хенал хьалха дIаяларан мур. Рособрнадзоран хаамашца кху шарахь ЕГЭ дIаяла езаш верг 40 эзар дешархо ву (стохка 44 эзар вара).
ЕГЭ дIалучарна юкъахь дIадаханчу шерийн выпускникаш бу. Экзамен хенал хьалха дIаяла бакъо ю 11-чу классийн дешархойн а, нагахь санна церан цунна ладаме бахьана делахь. Хенал хьалха экзамен дIалучарна юкъахь спортсменаш, выпускникаш хуьлу (дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь дакъалаца новкъа бовла дезаш берш я массара а экзамен дIалучу хенахь цомгаш хилла дарба дайта дезаш юкъарабовла безаш берш).
Нохчийн Республикехь ЕГЭ хенал хьалха дIаяла лаам хиллачарах регистраци йина чекхваьлларг 2 326 стаг ву, (царна юкъахь 5 стаг пачхьалкхан арахецаран экзамен (ГВЭ) дIалуш ву).
ГВЭ – иза могашалла ледара йолчарна шен башхаллаш йолуш билгалйина экзамен ю.
ГВЭ вайн республикин 10 пунктехь дIалуш ю, техникин оьшуш болу гIирс а болуш. Экзамен дIалучу хIора пунктехь онлайн рожехь хIоттийна видеотергам бен техника а ю. Экзамен дIалуш низам я бехкамаш талхош меттиг хааелча Рособрнадзоре хаам кхочу. Школийн выпускникаша хIинцале а дIаелла информатикин, географин, оьрсийн меттан, кхечу къаьмнийн меттанийн (барта дакъа), математикин (базови профиль), историн, химин предметашкахула йолу экзаменаш.
– Билгалдаккха деза, ЕГЭ хенал хьалха дIаяла луучарна иза юха дIаяла бакъо луш яц, кхечара массара а дIалучу хенахь (коьртачу муьрехь). Экзаменаш тIедогIучу шарахь дIаяла дезар ду церан. ДIаяла декхар дина массарна а тIейожийна йолу оьрсийн меттан а, математикин а экзаменаш кхечу, кхитIе а деллачу деношкахь дIаяла йиш хир ю – элира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон юкъарчу дешаран отделан коьртачу говзанчас Одаева Элисас.
З.ХИЗИРОВА
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо