ДIахьо дешархой кхетош-кхиор

ХIокху деношкахь Йоккхачу АтагIара №3 йолчу юкъарадешаран школехь Нохчийн Республикин тIекхуьу тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран концепцин гурашкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан векал Кимаев Юсуп, Йоккхачу АтагIара №3 йолчу юкъарадешаран школин директор Джандарова Марем, Грозненски кIоштан къедин наиб Бачаев Сайд-Ахьмад, МВД-н куьпан инспектор Губашев Iийса.

Хьалхара дош а олуш вистхиллачу Элембаев Iалихана билгалдаьккхира вайн республикехь кегийрхой кхетош-кхиорехь дIахьош дуккха а белхаш хилар. Иштта цо дийцира, корта бахош йолчу хIуманех долучу зенах лаьцна а.

«Таханлерчу дийнахь кегийрхой интернетехула шайга кхочуш болчу харц-хаамех теша. Уггаре а хьалха терроризмах а, ваххабизмах а зулам долуш хилар шуна дIахаийтар ду тхуна тIехь. Цундела сан дехар ду шуьга: шайна ца хууш дерг кхетам болчу нахе хатта»,– элира цо.

Кимаев Юсупа дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран гIуллакх лерринчу тергонехь латтош хиларх лаьцна.

«Террористийн тобанийн сайташ тIехь йолчу роликашка хьоьжуш, цара бечу харц хьехамех теша а теший, галбовлу вайн кегирхой. Цундела Iаламат маьIне ду царна бакъдолу ислам-дин довзийтар», – бохура цо.

Бачаев Сайд-Ахьмада дийцира, кегийрхой оьзда а, дика доьшуш а хила безарх лаьцна.

Дешархоша Нохчийн Республикин историх лаьцна хаттарш дарца дерзийра цхьаьнакхетар.

А.ИБРАГИМОВ

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: