«Со – дуьххьарлера хьехархо»

Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжехь хьехархошна юкъахь «Со – дуьххьарлера хьехархо» фестиваль – акци хилира. И хаам Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо бина.

Фестиваль вовшахтоьхнарш дешаран а, Iилманан а министерство а, Москвара «Издательство «Просвещение» акционерийн юкъаралла а ю.

Россехь гIарабевллачу дешаран-методикин комплексийн авторша а, методисташа а дакъалецира цигахь. Царна юкъахь яра «Издательство «Просвещение» акционерийн юкъараллин методист Тюрина Наталья а, 2–4-чуй классийн информатикин декъехула дешаран-методикин комплексан автор, педагогикин Iилманийн кандидат, доцент Матвеева Наталья, математикин декъехула дешаран-методикин пособи хIоттийнарг Петерсон Людмила а, «Мир деятельности» курсан соавтор Кегель Наталья а, «Издательство «Просвещение» юкъараллин методист Горбунова Татьяна а.

Бевзачу говзанчаша фестивалехь семинараш, мастер-классаш, конкурсаш йира дешаран белхахошна а, Хьехархойн колледжан студенташа а. Тайп-тайпанчу теманашна лерина яра фестиваль, масала, оьрсийн меттан урокашкахь, орфографин хаарш лакхадахар, информатикин, изобразительни искусствон предметашкахь керлачу технологешца болх бан Iамор, иштта дIа кхин а.

«Со – духхьарлера хьехархо» фестиваль яр мехала дара нохчийн хьехархошна а, студенташна а, хIунда аьлча республикехь арахьарчу говзанчашна зеделларг довзар оьшуш ду. Дуьххьарлерчу хьехархочух боьзна хуьлу вайх хIораннан а дешаре болу безам.

Москвара баьхкинчу говзанчашна тайнера шаьш Нохчийн Республикехь дика тIеэцар, къоначу хьехархойн шайн хаарш тIедузуш къахьега лаам хилар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: «Со – дуьххьарлера хьехархо» фестивалан дакъалацархой

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: