Тоьллачу журналисташа болх бина редакцехь

«Селханлераниг тахана а доцуш, та- ханлераниг кханене а ца долуш дIагIон долчу вайна стенна оьшу къоман цIарах йолу республика а, газет а, культура а, кхин мел дерг а? Ойла е. Вайн (нохчийн) са мел лаьттарг нохчийн маттаца доьзна ма ду. Вай тахана вовшашка орца даха дезаш хьал ма ду»…

Хь.УМХАЕВ

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу «Зорбанан цIийнехь» Нохчийн журналистикин говзанчаш, «Даймохк» газетаца юххера гергарло долу йозанан белхахой цхьаьнакхийтира. Цигахь газетан бакъйолу истори йовзийтира, хIинццалц ца дийцинарш а, ца девзинарш а довзийтира.

Цигахь дакъалецира: Нохчийн журналистикин къаночо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволчу журналиста, Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзан декъашхочо Магомаев Салавдис, филологин Iилманийн доктора, профессора Навразова Хьавас, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата, Россин Федерацин Яздархойн союзан а, Россин Федерацин Журналистийн союзан а декъашхочо, иштта Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, публициста, гочдархочо Юнусов Хьамзата, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхочо, поэта, гочдархочо Ахматукаев Адама, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, республикин культурин хьакъволчу гIуллакххочо, поэта, публициста, журналиста Аболханов Хьаькима, Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхочо, Нохчийчоьнан хьакъволчу журналиста, нохчийн меттан говзанчас Дадаев Сайд-Хьасана, Нохчийн Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара.

И гIуллакх вовшахтоьхнарг а, дIадаьхьнарг а Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист, публицист, яздархо, юкъаралин гIуллакххо Газиева Аза яра.

Цигахь дийцинчунна юкъара уггаре а мехала къамел ма-дарра довзуьйту оха.

– Марша догIийла хьеший! Тхуна мерза кхаъ бу шу «Даймахко» вовшахтоьхначу «горгачу стоьле» дахкар. Вай гулдаларан коьрта бахьана ду хIокху шарахь газетан 95 шо кхочуш хилар, – дIадолийра шен къамел Газиева Азас. – Вайнахана уггаре а хала еанчу хенахь кхолладелла ду газет – 1923-чу шарахь. Оцу хенахь хиллачу къонахийн доьналла, хьекъал, майралла хилла къоман шайн газет оьший хаа а, и арахеца а. Шен дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна нохчийн маттахь арадолуш ду «Даймохк» газет. Иза доккха дозалла хета. Вайна ма-хаъара, газето, заманан лехамашка хьаьжжина, цIерш а хийцина. Юьхьанца «Серло» хилла, тIаккха, ерриге а Советийн Союзехь хилла цIерш санна, «Ленинан некъ» а хилла.

Цул тIаьхьа, вайна ма-хаъара, Iер-дахарехь хийцамаш хилла, яьллачу паргIатонах пайда а эцна, 1990-чу шарахь, вайна тахана массарна а хьоме йолу, «Даймохк» цIе тиллина.

ХIара газет кхолладелчахьана а шен къомо бинна некъ беш схьадогIуш ду газет, цо лайна халонаш а лайна, цуьнан кхиамех доккха а дедина, дуьненна уьш дIабовзийта лууш къа а хьегна газетан белхахоша, хуьлийла иза вайн махкахь колхозаш кхоллар я немцойн фашисташ ямартлонца тIе а летта советан союзехь тIом хилар. Оцу массо а меттехь, хиламашкахь дакъалаьцна бу газетан белхахой.

Кхин хIумма а ца хилча а, 1942-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн леррина дошлойн полк тIом беш хилла Чиликово олучу станцехь, Сталинаградана уллехь хилла иза, 382 стаг шина дийнахь хьаьттан (август) беттан 2–3 чу дийнахь) вожийна оцу тIамехь. ХIокху газетан коьрта редактор хилла воллу Имадаев Мохьмад, оцу полкан комиссар хилла волу, оцу деношкахь кхелхина.

Иштта къонахий, кара герз а эцна Даймохк ларбинарш бу хIокху газетана гIароллехь лаьттинарш. Иштта, хIокху газетехь болх бина болу кхиболу белхахой а: Муталибов Зайнди, Мусаев Мохьмад, Музаев Нурди дуккха а кхин кIентий, хилла тIамехь дакъалоцуш.

Вайна массарна а хаьа, Нохчашна уггаре а чолхе еана зама, вайнах цIерабаьхнарг ю, ур-аттал оцу хенахь а, «Къинхьегаман байракх» аьлла цIе а тиллина болх бина газето.

Газето бина некъ а буьйцуш Нохчийн мотт кхиорехь хIун дакъалаьцна а хьахош вовшех дагадовла цхьаьнакхетта ду вай.

ХIара гIуллакх дIахьош со хиларе терра, озабезам зудчуьнгахьа а бина, хьалхара дош Навразова Хьавага дала лаьа суна. Дийцахьа, Хьава, хIун тIеIаткъам бина аьлла хета хьуна хIокху газето, вайн мотт а, культура а кхиорна?

– Вайна юкъара дукха хан йоццуш дIаваханчу Тимаев Вахас (Дала декъал войла иза) дуьйцура, шаьш Сибрехара цIадаьхкинчу хенахь, цигахь доьшучуьра юкъах а девлла, Нохчийчуьрчу къоман отделени шаьш деша дIахиттича цхьа а книга яцара, ткъа хьехархой вайна дика бевзаш болу Iилманчаш бара, и бахьана долуш, книгаш яцара аьлла ца Iаш, ненан мотт ца хьоьхуш ца буьсура.

Шайна хьалха охьадуьллуш хилларг къоман газет дара олура цо. Цуьнца болх бора шаьш, цу тIехь упражненеш а йора, иштта, цу тIехь гойтура хьаьркаш нийса муха хIитто еза а, цу тIехь далийначу дешнашца болх а бора. Доцца аьлча, Нохчийн мотт хIокху газетаца Iамийра шайна олий дуьйцура цо, – бохура Хь.Навразовас. – «Даймохк» газето яккхий гIулчаш яьхна ша арадала доладелчахьана а, вайца (халкъаца) кхуьуш схьадеана, таханлерчу дийнахь схьадогIуш а ду.

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш суо хиларе терра а ала лаьа.

«Даймохк» газето тхуна, хьехархошна а, студенташна а деш дерг Iаламат доккха гIо. Даима а газетах пайдаоьцуш белхаш бо оха таханлерчу дийнахь а. Цул сов, тхайн университетан истори а, цигахь болх бинчу а, болх беш болчу а Iилманчех лаьцна язйина материалаш карайо газета тIехь. Студентийн дахар гойтуш а хуьлу дуккха а материалаш, оцо а самукъадоккху тхан, кхин а жигара хила дог доуьйту студентийн а, тхан а.

ХIокху газето диинчу дикане цо лайначуьнга цо динчу гIуллакхашка хьаьжча, масийтта бIе шо цуьнан хан ю эр долуш, мах боцуш деза ду тхуна и газет.

Ас тидам бина кхин цхьа хIума а ду, шайн алапаш даккхий а доццушехь цкъа хIокху газетан редакце балха веана стаг, кху чуьра дIавахалуш вац. Мел чолхе зама еача а редакци йитина бац белхахой.

ХIокху газетехь болх мел бинчу а, тахана болх беш мел болчу а журналисташа беш берг турпала болх хета суна. Газетера ваддал чолхе хан а хилла, делахь а тасабелла баьхкина уьш шайн кехатах, шекъанах.

Сайца болх бечу Iилманчийн цIарах ас даггара баркалла, боху хIокху газетан белхахошна. Кхин дуккха а шерашкахь баккхий кхиамаш хуьлуш дехийла шу а, газет а, – дерзийра Хь.Навразовас шен къамел.

– 1957-чу шарахь хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь цIаэха буьйлабелла вайнах, ткъа газет оццу шеран асаран (июль) баттахь юха а арахеца долийна Нохчийчохь. Шуна моьтту хир ду хIинца санна охьахаа гIант, стол йолуш, я яздан кехат долуш дIаболийна болх. Дера, хьал аьттехьа а иштта ма ца хилла. Нохчийн халкъ цIадерзаре хьоьжуш къоьжа лаьмнаш, дайн кешнаш бен кхин хIумма а ма ца хилла. Делахь а, газет юха дендан хьуьнар а, собар а хилла редакцийн хIетахьлерчу белхахойн. Царах цхьаъ ву Магомаев Салавди а. Казахстанехь «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бан волавелла ву хьо. Оцу чолхечу хенахь Нохчийн маттахь газет арадаккхар муха нисделира шун?

ХIунда оьшура вайна оцу хенахь къоман газет? – хаьттира А.Газиевас.

– Алматахь «Къинхьегаман байракх» газетан хьалхара номер 1955-чу шеран асаран баттахь араъелира. Шу тешар-м дац, амма божарий а тIехь белха-м боьлхура. Ма боккха кхаъ бара иза вайнахана. Юьртара юрта ваха а бакъо йоцуш Iачу нахана, доккха совгIат дара газет арадалар. Кхин цкъа а вайн мотт а, истори а хир юй-те аьлла, гIаддайна ма-дарра халкъ. Казахстанан культурин министерствон газет дара иза оцу хенахь.

Газетехь вовшахкхийтира вайн уггаре а тоьлла яздархой, журналисташ: Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Музаев Нурди, Хамидов Iабдулла, Эдилов Хасмохьмад, Джамалханов Зайнди, Ахматова Раиса, Магомаев Хасмохьмад, Хасмагомадов Хьамид, кхиберш.

Вайн къоман интеллигенцин «заза» оцу газетехь дара. Газетан редактор Абазатов Мохьмад вара. КIирнах цкъа арадолура газет. Оцу шарахь арадийлиначу газетийн цхьайолу номерш хIинца а сан цIахь ю. ЧIогIа самукъадолу сан оцу газеташка бIаьрг тухуш.

Казахстанехь долуш, редакце баьхкинчу бахархоша, я арахь дуьхьалкхетча а «вай цIа дохуьйту-м ца боху?» –
олий хоттура, цул тIаьхьа хуьлура могашалла хаттар.

Гайрбеков Муслим, Дукузов Хьамид, Татаев Ваха вайнахана бевзаш болу къонахий оцу редакцехь вовшахкхеташ бара. Вай цIа дахийтаран гIуллакх цигахь дийцаре дора.

1956-чу шарахь Никита Хрущев Казахстане веача, редакцехь дукха адам вовшахкхеттера, редакци чу-м дуьйцур а дацара, арахь дIахотта меттиг а йоцуш дукха дара адам.

Цара тхоьга доьхура КПСС-н ЦК-н хьалхарчу секретарца цхьаьна а кхетий, вайнах цIа бахийтаран гIуллакх дийцаре де, бохуш. ТIаккха редакцин коллегин барт хилира Бакашева Раиса, Минциева Нина, Ахматова Раиса Н.Хрущевна тIе яхийта. Боьрша нах цара цунна тIе а кхочуьйтур бацара, цундела бахийтина бара зударий.

Уьш цунна тIе а кхаьчнера, цо царна жоп а деллера, вайн газета тIехь цунах лаьцна статья зорбане а яьллера. Н.Хрущевс аьлла долу: «Да будет вам ваш Кавказ» дешнаш массо а нохчичуьнга дIакхаьчнера.

И кхо зуда шайн машенахь редакце схьаялийра. Цаьрга хьоьжуш дукха адам дара, Н.Хрущевн къамел схьадийцича, Нохчийчу цIадерза паргIато хила мега бохучо а нехан дегнаш айъинера.

Цхьанхьа хезаш доIанаш, вукханхьа белхарш, вукханхьа ловзарш дара. Нохчаша уггаре а чIогIа сатийсина боккха, беза кхаъ бара цара беанарг.

Ас юха а, тIаккха а билгалдоккху, оцу заманахьлера вайн къоман интеллигенцин тоьлла векалш бара газетехь болх беш. Цара мотт а, литература а лаккхарчу тIегIане хьалаайъинера. Кхоллаелла ялаза яра оцу хенахь нохчийн меттан грамматика, делахь а, газетан белхахоша цхьана хорша берзийра мотт, массара а меттан бакъенаш ларйора.

Со Джамалханов Зайндица цхьаьна чохь, цхьана стоьла тIехь болх беш вара. Со подчитчик вара, иза корректор вара.

Тахана «Даймохк» газетехь болу белхахой лаккхара говзалла а йолуш, вуно бертахь а болуш цхьаьна болх беш схьабогIуш бу, церан кхиамех воккхавево со. Вайн халкъана а, махкана а юьхькIам а хилла лаьтта уьш а, къоман газет а.

Айса дукха дийцахь а, цхьа масал дало лаьа суна. Вайн чуьрчу кIентан йоIана школехь нохчийн литературин дарсехь цIахь деша цхьа жимма дийцар делла «Iай» цIе йолу. Соьга шена гIо де аьлла тIееана иза. Оцу дийцаран цIе а ца яккхало цуьнга.

«Ай», «ай» боху юх-юха, мел ала гIоьртича а халла бен ца аладели. Со хIун ала гIерта, вайн берийн бошмашкахь оьрсийн мотт бен ца Iамабо. Цхьадолу дай-наной куралла еш хуьлу шаьш бераш оьрсийн мотт буьйцучу школе бен ца дохуьйту бохуш. Иза нийса дац, цундела царна «I, пI, тI, чI» ала а ца хаьа. Шалха элпаш ца девза. Ма талхадейша вайн тIекхуьу чкъор, нохчий хила дитийша уьш, Iамабайша шайн берашна нохчийн мотт, ма хербайша уьш цунах, – дехарца дерзийра С.Магомадовс шен къамел.

Умхаев Хьамзата а дийцира, Нохчийн «Даймохк» газето къоман дахарехь дIалоцучу меттигах лаьцна.

– Ша деккъа «Даймохк» дош схьаэцча а доккха маьIна долуш, Iаламат чIогIа кIоргерра чулацам болуш ду. Ненан маттахь арадолучу газетах (иза цхьаъ бен хила а ца хилча мухалле а) дозалла ца дойла дац. Цхьацца алапаца йоьзна проблемаш бахьана долуш и газет ара ца долуш сецар боккха иэшам бу вайна тахана. Нохчийн мотт пачхьалкхан мотт бу аьлла дIакхайкхина бу, вайна ма-хаъара.

Салавдис аьллачунна тIедоьгIна масал дало лаьа суна а. Оха болх бечу гIишлонан шолгIачу а, кхоалгIачу а гIаьтнаш тIехь доьшуш юьхьанцарчу классашкара бераш ду. Цара чубохуш, арабовлуш вовшашка буьйцург оьрсийн мотт хуьлу, нохчийн маттахь цхьа а дош ца олу цара. Царна юкъахь наггахь нохчийн маттахь дистхуьлуш бер гича, иза мара а доьллина хьаста лууш ма хуьлу тхо.

Ткъа ойла йича, ма ирча хьал ду и тахана вайна тIедеанарг. Берийн бошмашкахь нохчийн мотт Iаморна тIехь тидам латто безар. Селханлераниг тахана а доцуш, таханлераниг кханене а ца долуш дIагIон долчу вайна стенна оьшу къоман цIарах йолу республика а, газет а, культура а кхин мел дерг а? Ойла е. Вайн (нохчийн) са мел лаьттарг нохчийн маттаца доьзна ма ду. Вай тахана вовшашка орца даха дезаш хьал ма ду.

Делан къинхетамца, вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан нохчийн маттана леррина терго еш а, вайн мотт даггара безаш а ву, и бахьана долуш тахана дIа ца бовш лаьтташ а бу вайн мотт, – элира Хь.Умхаевс.

– Адам, хьайн балха тIехь «Даймохк» газетах пайдаэцар хиллий хьан, цкъа а цхьанна хIуманна тIехь гIортор хиллий хьуна хIокху газетах? – хотту А.Газиевас Ахматукаев Адаме.

«Даймохк» газете вогIуш суна сайн цIа вогIуш санна хетта даима а. ХIокху газетехь болх бечаьрца юххера гергарло а лелош, дIахьош долу гIуллакх юкъара дуйла, мехкан дуьхьа дуйла а хууш хилла со. Аш ма-дийццара, дозалла дан хьакъболу нах дуккха а хилла хIокху газетехь. Церан цIерш ас юха йохур яц.

Хьалха хIора баттахь литературин агIо хуьлура газетехь. И агIо лерина ларайора оха. ХIокху газето дуккха а дика хIума Iамийна суна. Кхузахь могуьйтуш хиллачу йозанан гурашца язбина ас сайн белхаш. Айса язъечунна тIехь хилла а ца Iаш, дечу къамелаца а-м хилла.

Иштта со санна дуккха а бу «Даймохко» нийсачу хорша берзийнарш. Газетан белхахоша даима а лардина шайн могIанаш эвхьазлонах. Цкъа а ара ца даьлла газетан агIонехь маьттаза цхьа а хIума. ТIаккха го вайна, мел къахьегна газетан белхахоша, мел дукха хIума лардина цара. Дела реза хуьлда, хьалха кхузахь болх мел биначарна а, тахана къахьоьгучарна а, – элира А.Ахматукаевс.

– Хьаьким хьо дуккха а шерашкахь школехь болх а бина газете веана хиларе терра, хатта лаьа, берашна хIун гIо до те вайн газето? – хотту А.Газиевас.

– Вай тахана мел дийцинарг оьшуш хиларан цхьа шеко а яц. ХIокху чохь болчара дийцинчунна тIетовжар бен кхин сов ала хIума а дац сан. Мотт кхиор и ларбар ду вайн коьрта декхар ду. Вайн газет, масална а хIиттош, лелош ду махкахь, иза вайна кхиам бу. Деза, къоман газет оьшуш ма ду дешархошна а, студенташна а, белхахошна а, бахархошна.

ХIора газетан номер а шеца цхьа пайда болуш му хуьлу. Со балха веанчу хенахь ткъе итт сов журналист вара кхузахь, уьш меттан говзанчаш бара, царах муьлхха а газетан коьрта редактор вахийта а мегар долуш.

Тоьллачу журналисташа болх бина редакци ю хIара, республикехь бу мел боху кхоллараллин белхахой чекхбевла меттиг а ю. ТIаккха муха дийр дац хIокху газетах дозалла?!

ХIора а хIусамехь, дас-нанас ша а, шен доьзалле а доьшуьйтуш хила дезара вайн маттахь долу газет а, книга а, – элира Хь.Аболхановс.

«Горгачу стоьлехь» дакъалаьцначу говзанчийн къамелаша дог токхдинера тхан (къоначеран). ТIаьххьарчу шарахь хиллачу цхьаьнакхетарех уггаре а мехала дара аьлла билгалдаьккхира оха и гIуллакх дIадирзинчул тIаьхьа цара дийцинарг юх-юха вовшашлахь карла а дохуш.

Хь.БАХТАЕВА

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: