Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан цхьаьнакхетар хилира Гуьржийчуьра еанчу Iилманан делегацин декъашхошца.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, Iилманийн академин фольклоран а, литературин а декъан заведующи Мунаев ИсмаьIал, Нохчийн пачхьалкхан университетан культурологин кафедрин заведующи, философин Iилманийн доктор Мазаева Тамара.
Гуьржийчуьра еанчу делегацин а коьртехь вара Гуьржийчоьнан комплексни кхиоран проблемаш талларан туьшан куьйгалхо Метревели Леван.
Умаров Джамбулата билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца ша Гуьржийчохь, Эрмалойчохь хилла хилар.
«Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна тIедиллина нохчийн халкъан истори таллар. Цо лерринчу тидамехь латтош ду нохчийн халкъан историн мехаллаш а, культурин тIаьхьалонаш а Iалашъяран гIуллакх. Тхо тешна ду республикин Куьйгалхочун гIоьнца цу декъехь баккхий кхиамаш бохург хиларх»,– элира министра.
Гапуров ШахIруддис баркалла элира Гуьржийчуьрчу делегацина нохчийн халкъан истори толлуш дакъалацарна.
«ТIеман хиламаш хилар бахьана долуш хIаллакьхилла Нохчийчуьра архиваш а, музейн экспонаташ а. Уьш меттахIитторехь жигара белхаш бу дIахьош. Вайн истори таллар мехала гIуллакх ду, цундела суна баркалла ала лаьа хIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна», – элира цо.
Метревели Левана хаийтира Нохчийн Республикин культура а, истори а Iалашъяр шена Iаламат мехала хеташ хилар.
«Нохчийчу тхо дахкаран коьрта Iалашо ю вайн къаьмнашна юкъара гергарло чIагIдар. Денна хазлуш а, кхуьуш а ю Нохчийчоь. Оьшуш йолу материалаш гулъярехь а, лахарехь а гIо дан кийча ду тхо. ХIинцале а гулйина мехала материалаш, уьш денна а алсамйовлуш ю. Царна юкъахь ду герз а, Iер-дахаран гIирсаш а, бедарш а. Гулйинчу материалийн Европин тIегIанехь гайтам дIабахьа дагахь ду тхо. Со тешна ву, вайн гергарло кхидIа а чIагIлург хиларх», – элира Метревели Левана.
Цхьаьнакхетаре баьхкинарш Гуьржийчохь гулйинчу экспонатийн эскизашка хьаьвсира.
А.АЛИЕВ
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо