Дархошца къинхетаме ю

Асетана даима а хазахетара лоьран говзалла. Шен ерриге а тайнигаш схьа а гулйой, ша церан лор ю бохуш ловзура иза.

– Тайнигаш ловзийна ца Iара со, тхан луларчу берашна а хаьара сан оцу говзаллица гергарло дуйла. Уьш со йолчу баьхкича, лоьрах ловза дуьйлалора тхо. Царах цхьаъ корта лозуш, важа дог дика доцуш, ткъа кхоалгIаниг – бIаьрса ледара долуш хуьлура. Жима хиларна хилла хир дара иза, хIетахь суна массо а хIуманна дарба дийриг цхьа лор ю моьттура. Школе яханчул тIаьхьа бен ца хиира суна, хIора а цамгарна шен-шен лор хуьлий, – дуьйцу Алимсултанова Асета.

Шелан кIоштарчу Эвтарара ю иза. Школехь дика а доьшура йоIа. Литературица цхьа шатайпа уьйр яра цуьнан. Гергарчарна-м цунах хьехархо хир ю а моьттура. Замано кхин гайтира…

Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, Волгоградан пачхьалкхан медицинин университете деша яхара Асет. Ша хаьржина некъ жоьпалле хиларх дика кхеташ яра иза, ша деша яханчу хьалхарчу дийнахь дуьйна. Цундела, университетехь ша доккху хIора де, сахьт шена хаарш гулдарца доккхура цо.

Цул сов, занятеш чекхъевллачул тIаьхьа, библиотеке а йоьдий, шена оьшур йолу медицинин книгаш йоьшуш Iара. Университетехь дIахьочу Iилманан-талламан конференцешкахь жигара дакъалоцура. Иза эрна ца дайра. Университетехь дешна яьлча, Волгоградерчу кардиологин туьшахь ординатура чекхъяьккхира йоIа.

– Университетехь дешна а яьлла, лор а хилла со дIахIоьттича, сайна тIебогIур болу цомгаш нах бара суна дагахь. Шайн могашалла сох цара тешийча, царна нийса дарба яздан сайна цахаарна а, со кIеззигчу хIуманна тIехь гIалат яларна а кхоьрура со. Ас чIогIа сагатдора, – бохура Асета.

Тахана Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин больницехь кардиолог ю Асет. Къона елахь а, хIинцале а дархоша дика цIе йоккхуш ю иза. Хийлазза, цаьргара довха дешнаш а хеза.

– Дагца лазар долу нах бу суна денна а гуш берш. Цаьргахь йолу гIайгIа-бала цара шаьш схьа ца бийцича а, церан бIаьргаш чохь го. Ткъа лор, уггаре а хьалха, царах кхета хьажа веза. Лоьро олучу хIора а дешан леррина тидам бо дархочо, цундела, цхьажимма мукъане а цуьнан лазар дайдан довха дош ала деза, – дийцира къоначу лоьро.

Дагна кIеда хилар цуьнан амалехь ду. Дархошца къинхетаме ю иза. ЦIеххьана дог лаза даьлла стаг больнице валийча, дерриге а дуьтий цунна орцахйолу. Ткъа иза лоьрехь уггаре а коьртаниг ду.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: кардиолог Алимсултанова Асет

№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: