Оханан беттан 11-гIа де, 1939-гIа шо. Iалхан-Юьртахь вина Сатуев Хьусайн, поэт.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Дуккха а шерашкахь болх бина ша винчу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш.
Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь литконсультант лаьттира.
Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 1959-чу шарахь.
1967-чу шарахь араелира Сатуев Хьусайнан стихийн хьалхара «Лаьмнийн бер» цIе йолу гулар.
ХIетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн а, поэмийн а итт сов книга арахийцира поэта: «Сахуьлу седа» – 1969 шо, «Ненан мукъамаш» – 1971 шо, «Дайн байракх» – 1975 шо, «Йист йоцу аре» – 1978 шо, «Хазалла йовзар» – 1984 шо, «Дахаран абат» – 1988 шо, «Чов йина илли» – 1991 шо.
Стихаш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а, литературни журналашкахь а.
Халкъо дезаш тIеэцна дуккха а иллеш ду цуьнан дешнашна даьхна, къаьсттина шуьйра девзаш дара Магомедов Султана дIаолуш хилла «Маьлхан Нохчийчоь» илли.
1995-чу шарахь, хала цамгар текхначул тIаьхьа, кхалхар хилла Хь.Сатуевн, амма яха йисина цуьнан сирла поэзи.
Оханан беттан 12-гIа де, 1947-гIа шо. ГIиргIизойн махкахь вина Шайхиев Iалвади.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Белхаш бина Нажи-Юьртан кIоштан «Коммунизман байракх», «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газеташкахь, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь, книгийн издательствехь, «Орга», «Литературни Нохч-ГIалгIайчохь» (оьрсийн маттахь) альманахийн редактор волуш.
Яздан волавелла ша школехь доьшуш волуш дуьйна.
1967-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь араяьлла стихийн дуьххьарлера гулар «Синпха».
Цул тIаьхьа араевлла «Безаман алу», «Кхерчахь цIе», «ГIа-буц», «Стогаллин бIаьвнаш», (оьрсийн маттахь), кхийолу а стихийн, поэмийн гуларш.
Цуьнан стихаш гочйина ингалсан, французийн, японийн, немцойн, кхечу къаьмнийн меттанашка.
ТIаьхьарчу хенахь прозехь, публицистикехь болх беш а ву Iалвади.
Оханан беттан 14-гIа де, 1987-гIа шо. Дагестан Республикин Хьасавюьртан кIоштарчу Солнечное юьртахь вина Отарсултанов Джамал, Олимпийски ловзарийн чемпион (Лондон, 2012), Россин спортан хьакъволу мастер.
Шен 9 шо долуш дуьйна охьатохарх лата Iемаш ву кIант. Толаме болчу лаамо а, мало йоцуш, къахьегаро а спортехь баккхийчу кхиамашка кхачаво спортсмен.
Кегийрхошна юкъахь хьалхеяккхаран ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а дуккха а турнирийн толамхо хуьлу цунах. Дуьххьарлерчу боккхачу кхиаме кхочу 2008-чу шарахь. Оцу шарахь Европин чемпион хуьлу Д.Отарсултановх.
Цул тIаьхьа шозза а йоккху цо Европин чемпионат (2011-2012-чуй шерашкахь). Къаьсттина беркате хилира спортсменна 2012-гIа шо – Россин, Европин, Олимпийски ловзарийн чемпион хуьлу цунах. Цхьана шарахь спортехь и лакхенаш яха атта дац.
Оцу кхиамашка кхачарехь доккха дакъа кхочу цуьнан тренершна Айсултанов Амрудина, Маргиев Анатолийна.
Оханан беттан 15-гIа де, 1966-гIа шо. Новр-ГIалахь вина Дугучиев Ислам, СССР-н спортан хьакъволу мастер, греко-римски кепара охьатохархлатарехула 4-зза дуьненан чемпион.
Йоккхачу спортан новкъа иза ваьккхинарг ву СССР-н хьакъволу тренер Умаров Пазлу.
Спортехь баккхийчу кхиамашка кхаьчна гоьваьлла спортсмен: кхузза Россин чемпион (1987, 1993, 1997-гIий шераш), доьазза СССР-н чемпион (1988–1991-гIий шераш), шозза Европин чемпион (1990, 1993-гIий шераш), доьазза дуьненан чемпион (1990, 1991, 1993, 1994-гIий шераш).
Вуьшта аьлча, спортехь цо яккхаза лакхе ца йисна, Олимпийски ловзарийн чемпион цахиларан дагахьбаллам ца лерича.
Бакъду, дашо мидал ца яьккхинехь а, Барселонехь (1992 шо), Сиднейхь (2000 шо) хиллачу Олимпиадашкахь дакъалацар кхиаме ца хилла олийла дац. Барселонехь дато мидал яьккхира цо. Сиднейхь – 5-гIа меттиг.
2000-чу шарахь йоккхачу спортехь дакъалацар дитинехь а, спорт ца йитина Ислама тахана а: Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон вовшахтоьхначу командин лакхара тренер ву иза.
№27, шинара, оханан (апрель) беттан 10-гIа де, 2018 шо