Мах боцу хазна – вайн турпалхой

       OLYMPUS DIGITAL CAMERA

 Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас 2007-чу шеран 26-чу    

             январехь  меттахIоттийна, паччахьан заманчохь дуьйна Россехь

             хилла долу Даймехкан Турпалхойн Де. И де меттахIотторан

            документа тIехь Россин парламентареша билгалдаьккхира:

            «Турпалчу тхайн дайн, дедайн сий дарал сов, оха сий до вайна    

            юккъехь бехачу, баьхначу Советски Союзан Турпалхойн а, Россин    

            Федерацин Турпалхойн а…».

Махкарчу сий дан хьакъ болчу кIентийн цIераш йицъян ца езар а, церан дахаран масаллина тIехь Даймохк беза, цунна баца кегийрхой Iамо безар а билгалдаьккхира депутаташа. Иштта цIерш йолу кIентий карор бу вайн хIора юьртахь а, хIора кIоштахь а. Амма халахета, уьш дIабовлуш, баккъал а цIераш бен ца юьцуш. Дахаран гуо вай ца хьовзийна, вайга саца а лур бац…

-Шуьйта районерчу Уьрдуьхой юьртахь вехаш Сталинградан тIеман дакъалацархо Мансураев Iабдурахьим ву аьлла хаам бинера тхоьга, оцу районан архиван белхахочо Шамсадова Эсилас, — дуьйцу Нохчийн Республикин Правительствон Архивни Урхаллин коьртачу говзанчас Батаева Раисас. – Цуьнан кIанте Хьамиде тилпон тоьхна, тхаьш догIург хилар хаийтина, Iаш дара тхо. «Iаш дара-кх»… Дависарг, тхо сихха дахана хиллехь, рогIера дагахьбаллам буьсур бацара.

Шуьйтан лаьмнийн хазаллех ца Iебаш, гонахара Iалам «дууш», эххар а, тхайн дагахь турпалхо вехачу, цуьнан цIарахчу ураме дIакхечира тхо. Дуьхьалвелира кIант Хьамид.

— Дада чIогIа сатесна вара шу дахкаре, шен дерриге а совгIаташ гулдина, ша дозалла ден полкан байракхан копи а охьайиллина кечвеллера иза, амма цхьа кIира долуш дIакхелхина…

Тхуна стигал тIекхеттера. Когаш кIелхьара латта а дIахаддера…

Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеран ваьхначу чоьхьа девлира тхо  эхьо юьхь ягош, баттамаллин дагахьбалламо дог дууш.

1940-чу шеран февралехь ЦIечу Эскаре шен лаамехь вахара Мансураев.

343-чу стрелкови дивизехь гIуллакх деш волу Iабдурахьим лаккхарчу низамца, тIеман гIуллакх карадерзорна тIера волуш  билгалвелира куьйгалхошна. 1941-чу шарахь, тIеман юьххьехь, автоматчикийн ротин куьйгалхо хIоттаво иза. 20 сов фашист шен куьйга вийнера къилба фронтехь Мансураевс-иччархочо Ростов а, Чантырь а гIаланаш йохучу тIемашкахь.

Инарла Рокоссовскес куьйгалла дечу Донской фронтан дакъошца 1943-чу шарахь Сталинграде кхечира Iабдурахьим. Дивизин штаб ларор тешийра кхунах. Цкъа иштта гIаролехь лаьттачу кхунна уллохула тIехбаьхна, дивизин куьйгалхочунна тIебигира йийсаре балийна фашисташ. ЦIенчу тIаьрсиган палашаш йоьхначу эпсаршна юккъехь вара лекхочу дегIахь, цхьанцца а къамел дан тIе ца воьрзуш, шен лаамехь цхьа эпсар. ТIаьхьо хиира кхунна, Сталинград гора хIоттон араваьлла, немцойн 6-чу армин куьйгалхо фельдмаршал Паулюс, шеца шен штабан хьаькамца инарла-лейтенантаца Шмидтаца иза хилар.

Сталинград йоккхучу тIемашкахь турпалхочун доьналла, майралла гайтарна Мансураевна «За боевые заслуги» дуьххьарлера мидал ло. Цул тIаьхьа хуьлу  «За оборону Сталинграда», «За победу над Германией», «Отечественная война» орден а. Сталинградера мостагI  лаьллина Киеве, Минске, Купельске кхечира Iабдурахьим юккъехь волу Рокоссовскийн Армин 97-гIа дивизи.

Цул тIаьхьа яра Европин пачхьалкхийн пачхьенеш — Варшава, Бухарест, София.

1945-чу шарахь толамца тIом дIабирзинехь а, Мансураев эскарера мукъаваьккхира 1946-чу шарахь Украинерчу Николаев гIалара. Iабдурахьиме кест-кеста хоьттура, нохчий, гIалгIай тIамна юккъера а бохуш, Казахстане дIахьовсош, хьо муха висира тIамтIехь, олий. Цо дуьйцура:

— 1944-гIа шо дара дIадоьдуш. Дивизин штабан гIаролехь лаьттачу суна гуш цхьана «курчу» машен чуьра охьавоьссира дукха башха кечвелла эпсар. Къаьрззина соьга а хьаьжна: «Хьо муьлхачу къомах ву?» — хаьттира цо. «Нохчи», — жоп делира ас. Къаьсташ хийцаелира эпсаран юьхь: «ХIун деш ву хьо кхузахь?», — луьра дийкира эпсаран хаттар. «Советски Союзана гIуллакх деш ву!» — жоп делира ас. Дикка схьахьаьжна, кхин хIумма а ца олуш чувахара эпсар.

Iабдурахьимна хууш дара нохчи махках баьхнийла а, кхечу дивизешкара салтий юкъахбаьхнийла а, иза ца хууш вацара кхуьнан командир а. ХIинца шех хиндерг хууш а вацара къона салти. Амма хIун жоп дезара эпсарна? Кхин хIун эр дара шен Даймохк ларбан тIаме хIоьттинчу къоначу стага а? Эпсаро хIун ойла йина хир ю а, я иза мила хилла а ца хиира кхунна, амма хIара юкъах-м ца ваьккхира.

1946-чу шарахь тIеман гIуллакхах мукъавитина Iабдурахьим Казахстане шен гергарчаьрна тIе дIавахара. Кхунан тIеман совгIаташ лараме дацара цигахь. Наха хьегнарг хьегна цIавирзира.

Хьанал вехаш, иштта шен доьзал кхиош, воккха стаг хилира кхунах. Цо дозалла дора ша Даймехкан гIаролехь латтарна, цуьнан дуьхьа шен са а, дегI а ца кхоорна. Цуьнга лерам бара юьртахойн, иза дукхавезара берашна.

Вайн ярташкахь «зачисткаш» йолуш а воккхачу стагца мелла а лераме бара федералаш а. Цкъа кхуьнан чохь сейф гина, хIун хазна ю хьан кху чохь, хаьттинера цара.

— Мах боцу хазна ю сан кху чохь, — велааьшна жоп деллера  воккхачу стага, — Даймохк мостагIех ларбечу тIамехь Iанийначу цIийнна дуьхьал дина совгIаташ ду сан кху чохь.

Жимма а хьекъал долчунна кхета хала дацара, Даймохк мостагIех ларбар цуьнан кIентийн-патриотийн гIуллакх хилар, ткъа кхара лелориг, шайн къам хIаллакдар хилар.

2011-чу шеран аьхка хедира Iабдулрахьиман дахар. Дала декъал войла и. Цуьнца дIахедира дийнна цхьа дуьне.

— Мансураев Iабдулрахьим санна болу нах вайн халкъан юьхькIам болу нах бу, — билгалдоккху Р.Батаевас, — вай декхарийлахь ду уьш бовза, уьш бийца, царах вайн кегийрхошка дозалла дайта, церан дахаран масаллина тIехь вайн тIаьхье кхион. Iабдулрахьим а, и санна шайн Даймахкана гIаролехь лаьттина алссам Нохчийчоьнан кIентех а лаьцна дуьйцу Архивни Урхалло арахецначу «Иэс» цIе йолчу шина томах лаьттачу тептарехь.

Лаьа, вайн кегийрхошна, къоначу тIаьхьенна шайн турпалхой бевзийла, церан сий-дозалла дойла.

Т.САРАЛИЕВА

Суьрта тIехь:Мансураев Iабдурахьим

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: