Мисаран футболисташ тIелаца кийча ю Нохчийчоь

Карарчу шарахь Россехь дIахьур йолчу футболехула Дуьненан чемпионатан гурашкахь, Соьлжа-ГIалахь соцур йолу Мисаран футболехула вовшахтоьхна команда тIелацаран декъехь, леррина кечамаш бина яьлла республика. Иштта хаам бина Мисаран футболисташ тIелацаран вовшахотахараллин комитетан куьйгалхочо, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада.

«Ца кхоьрруш ала мегар ду хьеший тIелаца вай кийча ду. Мисаран вовшахтоьхначу командин векалша лаккхара мах хадийра кхузарчу инфраструктурийн. Иштта, транспортан маршруташ бегIийла хилар а, спортан объекташ юх-юххехь хилар а, хьешацIийнан номерш тоьллачу, кхузаманахьлерчу лехамашца йогIуш хилар а, белхахой шайн болх бевзаш а, безаш а болчу говзанчех лаьтташ хилар а билгалдаьккхира цара», – элира Даудов Мохьмада.

Цо бинчу хаамца нийса а догIуш, Мисаран футболисташ Соьлжа-ГIалахь керла йина а, схьаелла кийча а йолчу «The Local» отела чохь дIатарбийр бу. Иза «Ахмат-Арена» стадионна 500 метр бен генахь яц.

«Отела чохь хьалхара хеший Мисаран футболисташ а, цаьрца баьхкина болу белхахой а хир бу. ХьешацIийнан менеджментана ингалсан а, Iаьрбийн а меттанаш хаьа. Оццу отела чохь хир бу Мисаран футболистийн кхерамазаллин а, медицинин а службийн белхахой. Цул сов, вайн агIор цIеяйархойн а, сихачу гIоьнан а тобанаш хир ю отелан кертахь а, мисархоша стадионехь тренировкаш ечу муьрехь а», – элира Даудов Мохьмада.

Иштта, отелан директор а ву Мисаран командин менеджершца зIенехь. ХIинцале хIоттийна меню а, кечйина кхийолу мероприятеш а.

Пхеаседанан «The Local» отела чохь 120 номер а, ресторан а, бассейн а, конференц-зал а, махлелоран туш а, 500 машен дIахIуттийла а ю.

Хьешаша тренировкаш йийр йолчу «Ахмат-Арена» стадиона тIера бай а, кевнаш а хийцина.

Самукъадаккхаран а, синкъераман а программа Нохчийн Республикин культурин министерствос кечйина.

Дагадоуьйту Мисаран футболехула йолчу ассоциацин (EFA) векала Курди Карама Соьлжа-ГIалара «Ахмат-Арена» Россехь а уггаре а тоьлла ларалучу стадионех цхьаъ ю аьлла, билгалъяьккхина хилар.

Футболехула йолу дуьненан чемпионат асаран (июнь) беттан 14-чу дийнера дIа мангалан (июль) беттан 15-чу дийне кхаччалц лаьттар ю.

Чемпионатан гурашкахь йолу матчаш Россин 11 гIаларчу 12 стадионехь дахьур ю.

И.ИСЛАМОВ

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: