Гайтам Нью-Йоркехь дIахьур бу

Соьлжа-ГIаларчу кхоллараллин «Арт-студия» школин тоьллачу суьртийн гайтам дIахьур бу асаран (июнь) беттан 20-чу дийнахь Нью-Йоркехь. Оцу школина санна, ерриге а Нохчийчоьнна а хаза кхаъ бу иза.

– Россин дуккха а фестивалашкахь, конкурсашкахь а дакъалаьцна тхан школо, толаман меттигаш а яьхна. Ткъа хIинца тхан аьтто хир бу аьхкенан хьалхарчу баттахь Нью-Йоркехь суьртийн гайтам дIабахьа. Ерриге а Нохчийчоьнна а боккха юьхькIам бу иза. Цигахь гайта схьакъастийначу суьртийн авторийн таро хир ю шайн говзалла дуьненна а йовзийта. Кхоллараллин «Арт-студия» школин хьехархой а, дешархой а тайп-тайпанчу жанрашкахь болх беш бу.

Цигахь гайта билгалъяьккхинарг нохчийн культура а, Даймехкан хазалла а ю, иштта кхечу жанрашкахь дехкина суьрташ а ду, – дийцира кхоллараллин «Арт-студия» школин директора Албастова Луизас.

2014-чу шарахь АлбастовгIара Луизас а, Элизас а студи кхолларца цхьаьна цIа чохь дIаболийначу белхан беркат ду тахана республикехь а дика цIе йоккхуш. ПохIме, говза хьехархой бу оцу школехь болх беш. Юьхьанца суьрташдахка Iаморан урокаш бен ца хиллехь а, хIинца цигахь йиш лакха а, илли ала, музыкин гIирсаш лакха Iамадо.

Кхоллараллин «Арт-студия» школин дешар кхитIе а долчу дешарна юкъадогIуш ду.

– Тхан хьехаран программа школин программех тера яц, дай-нанойн, дешархойн лаамашка хьожжий билгалйоккху хан а, программа а. Оха тхаьш вовшахтоьхна, язйина методика ю тхан. Йоццачу хенахь цуьнца сихха Iамо атта хуьлу жиманиг а, воккханиг а, – дийцира А.Луизас.

Карарчу хенахь шайн берриге а ницкъ, хан гайтаман кечамаш барна тIехьажийна студин белхахоша. Кхоллараллин «Арт-студия» школин дахарехь уггаре а жоьпалле гIуллакх ду иза.

ВЕГИЕВА Макка

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: