Дукха хан йоццуш берийн республикин библиотекехь «Соьлжа-ГIала – БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьллачу гайтамехь хилира библиотекин ешархой.

Вайна ма-хаъара, 2015-чу шеран оханан (апрель) баттахь Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла, еза цIе елира.
Соьлжа-ГIалина тIе хIиттина хала киртигаш берашна йовзийтаран а, шайн гIалин истори царна хаийтаран Iалашонца вовшахтоьхнера и гIуллакх. Библиотекара Авдуева Мадинас ешархошна дийцира Соьлжа-ГIалин еза цIе яларан бахьанех а, вайн гIалин цхьана заманахь лан дезначух а лаьцна.
Берийн библиотекин ешархой хIинца а кегий бу, делахь а, жимачохь шайна дина хьехар а, шайга дийцинарг а дика схьалоцу цара. ТIаккха еххачу хенахь иэсехь а дуьсу иза. Жимачохь гулдина хаарш боккха бахам хиларе терра, гIалин истори яра берашна йовзийтинарг.
Соьлжа-ГIалина лерина гайтам кхаа декъах лаьтташ бара: «Соьлжа-ГIала терахьашкахь а, бакъдолчаьргахь а» а, «Соьлжа-ГIала Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь» а, «Соьлжа-ГIала поэзин могIанехь» а.
Гайтаман хьалхарчу декъехь Соьлжа-ГIала ярх лаьцна книгаш а, материалаш а яра ешархойн кхиэле ехкина.
ШолгIа дакъа вайн Соьлжа-ГIалина гIаролехь, шайн синош а ца кхоош, лаьттинчу турпалхошна лерина дара.
Царах цхьаберш цIерш йохуш бовзийтира библиотекара. Цо дийцира уьш, доьналла, майралла, яхь йолуш къонахий ца хиллехьа, шайн гIала ларъян уьш дIахIиттина хирг цахиларх лаьцна.
Тахана шу кегий ду, делахь а, кхана шу даккхий хилча, кхечу къоман нахана хьалха а шуна иэхь ду, шайн гIалин истори ца евзича. Цундела, дозаллица шайн гIалана дош ала а, даккхийде а шайн таро хилийтархьама тахана шаьш кегий долччуьра вайн гIалин истори Iаморна тIегIерташ хила деза шу, – элира М.Авдуевас.
Цул тIаьхьа, ешархоша Соьлжа-ГIалина лерина йолчу байтех шайна уггаре а хазахетарш йийшира.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: библиотекин ешархой
№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо