Яздархойн союзан совгIат

Республикин школашкахь жигара дIадолийна оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхур долчу Нохчийн меттан денна лерина гIуллакхаш дIадахьар. Иштта, Нажи-Юьртан кIоштарчу Даттахерчу а, Чеччалхерчу а школашкахь оцу денна лерина «Хьайн школина совгIат де нохчийн маттахь йолчу книгица» акци ю дIахьош.

Цуьнан Iалашо ю школийн библиотекашкахь нохчийн маттахь йолчу литературин фонд дебор. Акцехь дакъалоцу дешархоша, хьехархоша, хьалха шерашкахь хIокху школашкахь дешначара а.

Оцу гIуллакхан гIо лоцуш, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо шен совгIат дина школийн библиотекашна – царна елла нохчийн яздархойн говзарийн библиотекаш.

Ша аьлча, шина а школина шовзткъе итт-итт экземпляр книгаш елла. Царна юкъахь ю 2017-чу шарахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахецна берийн книгаш, Ибрагимов Кантин «Берийн дуьне» роман, Сулейманова Зайнапан, Малаков Вахин, Магомадов Мовсаран, Кадиев Русланан стихийн гуларш, «Заманхо» журнал.

Школийн куьйгалхошка – Зубайраев Ясине, Абалханов Хаважига – библиотечкаш дIаелира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана.

– Тхан школийн библиотекашна билггал доккха совгIат ду Яздархойн союзо динарг, – элира Даттахерчу юккъерчу школин директора Зубайраев Ясина. – Хаамийн гIирсашкара берийн книгаш араевллий хууш болу юьхьанцарчу классийн хьехархой чIогIа цаьрга сатесна бара. ХIинца церан аьтто хир бу уьш берашна йовзийта. Цул сов, Яздархойн союзо иштта гIо лацаро дIадолийначу гIуллакхан тIаьхье беркате хирг хиларх тешадо тхо.

Хь.ДОВКАЕВ

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: