Нохчийн мехкарий – ястаза къайле

Нохчийн къоман истори мелла евзачарна юьйцу хезна 1808-чу шарахь дуьнен тIе ваьллачу Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин цIе. «ШайтIа къардина ГIеза-Хьаьжа» олуш хилла цунах. Шен кIант вийнарг, лулахь цIенош дина, бIаьргана гуччохь ваха охьахаийна хиллера бохуш дуьйцура баккхийчара.

КIорггера дешна Iеламстаг хилла ГIеза-Хьаьжа. Амма оьрсийн паччахьан харцонца юьйцина къизаллаш алсамйовла йоьлча, герз карахь, мостагIчунна дуьхьал волуш а хилла иза.

Иштта, оьрсийн паччахьан Александр ШолгIачун ямартло бале яла йоьлча, 1860-чу шарахь Нохчийчохь гIаттам хилла, вайн турпалчу махкахоша шайн маршонехьа къийсам латтош. Оцу гIаттамехь жигара дакъалацарна, Зандакъара охьаваьккхина, шен доьзалца Теркайистехь Iер-вахар тIедожадо ГIеза-Хьаьжина. Теркайистера воьду иза Iаьрбийн махка хьаьжа кхочушдан а.

1867-чу шарахь Iарбийн махкахь дIавалар а нисло цуьнан. Иштта, махках ваьккхинчохь дIавалар хилла ГIеза-Хьаьжин жимах волчу кIентан МутIалан а.

Бакъду, ГIеза-Хьаьжин воккхах волу кIант Пир-Мохьмад, 1877-чу шарахь, Iаьлбаг-Хьаьжас дIаболийначу гIаттамехь гIазотехь кхелхина.

Амма къонахаша бина ца Iа шайн маршонехьа къуьйсуш тIемаш. КIезиг бац турпалаллийца эгначу бIаьхошна юкъахь вайнехан оьзда мехкарий а.

ГIеза-Хьаьжин йиъ йоI хилла: Жовжан, Iабдат, Небисат, Тоита.

Нохчийн доьзалшкахь, дукха хьолахь, мехкарий алсамбовла боьлча хуьлуш ма хиллара, жимах йолчу йоIана Тоита аьлла, цIе тиллина хилла. Иза жима хилла ГIеза-Хьаьжа Нохчийчуьра дIавоьдуш. Амма шен ден санна, нохчийн къам дезар а, цуьнан дуьхьа яла кийча хилар а цIийца хилла йоьIан.

Хууш ма-хиллара Iаьлбаг-Хьаьжа, ГIеза-Хьаьжин жимах волчу вешин Олдуман кIант ву. Цо 1877-чу шарахь дIаболийначу гIаттамехь жигара дакъалоцуш хилла ГIеза-Хьаьжин йоI – Тоита.

Бакъду, тIедуьйхина барзакъ божарийн хиларна, девешин кIант воцчунна, цхьанна а хууш ца хилла, и мила ю. Топ нийса кхуссуш, мостагIчух дера леташ хилла йоI.

ТIеман накъосташа Iаламат майра, доьналла, гIиллакх-оьздангалла долуш жима стаг, бIаьхо лоьруш хилла Тоита. Буьрса кхехкачу тIамехь турпалаллийца йожар а хилла цуьнан. Делан къинхетамца, йоьIан дакъа мостагIчун кара ца дохуьйтуш, кIелхьара даьккхина гIаттамхоша. Симсара цIе йолчу нохчийн юьртахь дIайоьллина ю иза.

Дай баьхначу лаьттан маршо къуьйсучохь майра леташ Тоита мила ю ца хиънехь а, иза йоьжначул тIаьхьа, Iаьлбаг-Хьаьжас хаийтина тIамехь йийнарг шен девешин йоI хилар.

Доьзалехь массара Тоа олуш хилла оцу майрачу йоIах. Иза дIаяьллачул тIаьхьа, къоман иэсехь ГIеза-Хьаьжин йоьIан яха йисина цIе а Тоа ю.

Симсарахь хIинца а болуш бу цуьнан кошан барз.

ТIекхуьучу къоначу чкъурана цунах дерг ма-дарра ца хаа там бу, «Тоин барз» алар бен, кхин цхьамма а дуьйцуш хIума ца хилча. Ткъа иза, вайн йицъян бакъо йоцу, нохчийн халкъан истори ю.

ГIеза-Хьаьжин йоI Тоита санна, доьналла долуш а, майра а мехкарий дуккха а хилла вайн къоман исторехь. Шайн синош, догIмаш ца кхоош, майра летта уьш, арахьара тIевеанчу мостагIчух.

Халкъан иэсехь яха йисина церан сийлахь цIерш. Цхьа де догIур ду, Дала мукъ лахь, царах хьакъдолу довха дош олуш!

ГАЗИЕВА АЗА

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: