Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Нохчийн Республикин дахарехь мехала хилам хилира 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь – дIаяьккхира контртеррористийн операци дIаяхьаран раж. Оцу сацамца дIакхайкхош дара нохчийн халкъо терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам баккхар.

Контртеррористийн операцин раж дIаяккхар бахьанехь Нохчийн Республика Россин конституцин-бакъонийн хьаьрми юккъе яхана елира, регионехь меттахIиттийра пачхьалкхан Iедалан а, урхаллин а ерриге а институташ.

Нохчийн махкахь машар хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделира вайн халкъан эзарнаш майрачу кIенташа. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу бIанакъосташа а вайн мохк ларбира дуьненаюкъарчу терроризмах а, экстремизмах а. Церан коьрта Iалашо яра Росси йохор. Цара шайн синош дIаделира вайн халкъан кхане ирсе хилийтаран дуьхьа, вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан дуьхьа. Даймехкан тешамечу кIентийн турпалалла вайн дегнашкахь ехар ю.

Чолхечу некъах чекхдевлла вай, республика меттахIотторна тIера иза кхиаре а, цуьнга зазадаккхийтаре а кхаччалц. Вуно йоцачу хенахь, вайн хьуьнар а, ницкъ а, къинхетам а бахьанехь, Нохчийн Республика цкъа а ца хиллачу лакхенашка кхаьчна. Вай дозалла до сихха кхуьуш йолчу регионехь ваьш дехаш хиларх.

Таханлерчу дийнахь дерриге а дуьненахь а еккъа цхьа Нохчийн Республика бен яц терроризмана тIехь толам баьккхинарг. Кхерамазаллин гIуллакхашна кхузахь буьззинчу барамехь кхачо йина. Вай долчу мел веанарг инзарволуш хуьлу республикин хазаллех а, исбаьхьаллех а.

Социально-экономикин кхиорехь баьхначу бIаьрлачу кхиамашца Нохчийн Республика дерриге а дуьненахь евзаш ю. Вай долчохь дIахьош ю уггаре а сий-лараме ерригроссин а, дуьненаюкъара а спортан, культурин, Iилманан мероприятеш. Республикин пачхье – Соьлжа-ГIала – бIаьхаллин сийлаллин гIала – бакъонца лелош ю Кавказан жовхIар цIе.

Вайн регион кхиорехь совцуш дац вай. Вайна хьалха лаьтташ керла, кхин а даккхий, мехала декхарш ду. Вайн Iалашо ю республика Къилбаседа Кавказан туризман, культурин, Iилманан дахаран туш йина дIахIоттор. Цу тIе коьрта тидам тIебохуьйтуш бу Нохчийчоьнан бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодарна.

Вайн дерриге а гIуллакхаш тIехьовсийна ду белхазаллин тIегIа лахдарна, регионе инвестицеш юкъаозорна, социальни политика кхиорна, кегийрхошна шайн таронех пайдаэцарехь гIо дарна.

Вай доккхачу маьIне лору республикехь туризм кхиор. Воккхавево шо-шаре даларца вайн регионе оьхуш болу туристаш алсамбовлуш хиларо. Вай бегIийла хьелаш кхуллу хьешашна, вай долчохь царна садаIа аьхна, тоьлла хьелаш хилийта хьовсу.

Вайн шеко йоццуш кхиамаш бу могашалла Iалашъярехь, дешарехь, юьртан бахамехь, промышленностехь, хьашташ кхочушдаран декъехь.

Вай цхьаьна кхидIа а дан дезаш дерг Iаламат дукха ду. Амма вайна хьалха лаьтташ долу уггаре а коьрта декхар хьакъ йоллу тIаьхье кхиор ду. Вайн мехкан а, республикин а кхане яр цунна тIехь ду.

Хьомсара махкахой! Декъалдо шу Нохчийн Республикин Машаран денца! Даггара лаьа хIусамашкахь даима а машар, синтем, самукъа, ирс, аьтто лаьттийла!

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: