Соьлжа хи йистехь Буьрса (Грозная) гIап йогIале хьалха кхузахь нохчийн ярташ хилла хиларан цхьа а шеко яц. Маса хилла уьш? Оцу хаттарна жоьпаш лоьхуш вай теллинчу белхашна юкъахь ю Нохчийчоьнан цIеяхханчу мохкталлархочун Сулейманов Ахьмадан «Нохчийчоьнан топономи», яздархочун Кусаев Iадизан «Соьлжа-ГIала» книгаш а, мохкталлархочун А.Бержен «Нохчийчоь а, нохчий а», Iилманчин З.Тесаевн белхаш а.
Оцу а, кхечу а талламхоша тоьшалла до хIинцалера Соьлжа-ГIала йолчу меттехь нохчийн дуккха а ярташ а, кIотарш а хилла хиларна.
Ткъа Тесаев Зеламхас, кхечу Iилманчаша а санна, цIерш йохуш, ягарйинарг нохчийн 31 юрт ю. Цо билгалйоху уьш хилла меттигаш а. Изза дина шайн белхашкахь А.Сулеймановс а, I.Кусаевс а.
Иштта мехала ду А.Бержес XIX-чу бIешарахь Соьлжин хица Буьрса гIап яле хьалха хилла хьал довзуьйтуш, цхьаболчеран (харц Iилманчийн) хетарш совцош аьлларг а. «Нохчийчоь а, нохчий а» цIе йолчу шен Iилманан-талламан балха тIехь цо чIагIдо: «1819-гIа шо тIекхаччалц (Нохчийн махкахула охьадогIучу) Соьлжица, нохчийн ярташ йоцург, вайн цхьа а юрт ца хилла…».
Амма гIап йилла йолийча, цунна гуонаха хилла ерриге а ярташ инарлин А.Ермоловн омрица ягийна, кIелхьаравала кхуьург кIелхьараволуш, ца кхуьург оцу чалтачин омрица хIаллаквеш. Оццу 1818-чу шарахь ягийначу ярташна юкъахь хилла тахана а вайна евзаш йолу Соьлжа (1). Иза хIетахь Соьлжа хин аьрру агIорчу бердайистаца хилла, «Консервийн завод» хиллачу меттехь.
Юрт ягорах лаьцна шен «Йозанашкахь» А.Ермоловс яздо: «Соьлжа хьал долушяра. Цигарчу бахархошца кIеда-мерза дара тхо. Юрт а ларйора, хIунда аьлча, тхайна оьшуш йолу хIума йохьура оха цигара. Цига хIума эца бахийтинчу салтех цхьанна меттигерчу бахархойх цхьамма топ туьйхира, вордана боьжна болу сту шена дIа ца белча. Иза шен бу бохуш хилла цо (салташа гIопе дIадуьгуш ма-хиллий нохчийн даьхни – С.Х.)…
ТIаккха корпусан штабан хьаькам вахара оцу юьрта шеца масех рота а йолуш, цаьрца барт бан лууш. Амма царна герзаш туьйхира… Юьртана тIелетира, цхьадолчу эскаршна омра дира юьртана гуо лаца аьлла, юьртара нах ара ца бовлийта.
Делахь а, хьуьнахула бевдда къайлабевлира уьш, царна тIаьхьакхуьийла дацара. Юрт схьаяьккхира. Цигара ялта а, дама а, кхидолу кхачанан сурсаташ а, гIишлошъярна мегар йолу дечигаш а, кхийолу коьчалш а масех дийнахь гIопе схьакхийхьира». Цул тIаьхьа юрт ягийра…
ХIаллак ца хуьлуш паччахьан Iедалан эскаран таIзарх хьалхабевллачу соьлжахоша керла юрт йиллира Соьлжа хина аьтто агIор йолчу меттехь. ХIинцалера Гурина, Киевски, Садови, 2-гIа микрорайон йолчохь. Амма, хетарехь, цигахь а гIоперчу эскархоша паргIат баха а ца битина, тахана йолччохь керла юрт йиллира соьлжахоша.
ГIап йиллале хьалха Беликовн тIай долчуьра Войковн поселки тIекхаччалц йолчу меттехь Къулой-Юрт (2) хилла. ГIап йиллинчул тIаьхьа, юрт гIопана мелла а гена яьккхина, хIинца Батумски урам болчухьа, Заводской кIошта йолчу. Соьлжа хица дукха дIасаяьржина хилла йолу иза «тIегоргйина» масех куьпе ерзийна хилла паччахьан Iедало, цигахь бехаш болчу нохчашна тIехь терго латто атта хилийтархьама.
Цу хенахьлерчу карти тIехь билгалъяьккхина ю Сарачан-Юрт (3). Иза хIинцалерчу Пионерски урамера «Минутка» майдане кхаччалц йолчу меттехь хилла. Оцу юьртара нохчий паччахьан Iедало гIопана юххе схьакхалхийна хилла. Герггарчу хьесапехь А.Невскийн а, Кишиев Висхин а цIарах болчу урамашна юккъехь йиллина хилла и юрт.
Янги-Юрт я Яхья-Юрт (4) Соьлжи хина аьрру агIор хилла, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран завод хиллачохь.
1856-чу шарахь Яхья-Юрт Буьрса гIопана дуьхьал Iуьллуш хилла, хIинца А-Хь.Кадыровн проспекта тIера ЧГУ-н коьртачу гIишлона а, М.Кировн парк лаьттинчу а меттигана а юккъехь. ТIаьхьо и юрт йохийна, цигара нохчий арабаьхна. Юрт лаьттина меттиг гIопана юкъаяхана.
Юьхьанца Iалхан-Чурт (5) Соьлжа хина аьрру агIор хилла. Советийн заманахь таксопарк лаьттинчохь, Чурт-ТогIи боьдучу некъаца. ГIап шоръяла а, чIагIъяла а йоьлча и юрт цунна юххера «дIатеттира». Цигахь баьхначу нохчаша цул тIаьхьа йиллинарг ю хIинца Ленинан кIоштахь йолу Iалхан-Чурт (юрт) поселок.
Заводской кIоштарчу аймина (пруд) юххехь хилла Iамарханан гечо (6) цIе йолу юрт. Ермолов Нохчийн аренашка кхачале хьалха а шозза ягийна и юрт паччахьан эскарша 1785-чу шарахь. Ермоловс гIап йиллинчу хенахь, Соьлжа хина аьрру агIор, хIинца йолчу «Буьрса гIап» автодромана къилбехьа цхьаъ ах чаккхарма генахь хилла юрт. 1859-чу шарахь гIопана кхин а генаяьккхина иза.
Чеча юьрт ана дуьхьал, хIинца Маяковскийн цIарах болчу урамца (Заводской кIошт) хилла Iашхой-отар (7). ГIап юьллучу хенахь йохийна иза. Цигахь баьхна нохчий кхечанхьа дIа ца кхелхича ца бевлла.
Алда юрт я Шира Алда (8) цкъа хьалха БухIан-Юьртара хи Iалашдолийна къилба а, къилба-малхбале а агIор йолчу бердайистехь хилла, Ростов-Баку некъ ГIойтIа йолчу агIор дIабоьрзучехь. Шира Алда, Соьлжица хилла кхийолу ярташ а санна, ягийна а, А.Ермоловн эскарш тIелеташ хьийзийна а ю.
1826-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу февралехьлерчу шен рапортехь инарлас яздо Алдана тIелатарх, цигара бахархой лахкарх, цIенош дагорах лаьцна.
С.М.Кировн цIарах хилла парк а, А.П.Чеховн цIарах хилла библиотека а, беш а лаьттинчу меттехь хилла Алкханч-Юрт (9). Цхьаццанхьа Алкан а, Алханч а аьлла хьахийна ю иза. ТIаьхьа юрт «дIатеттина» къилбаседа-малхбалехьа а, къилбехьа а.
Иштта, XIX-чу бIешаран 1-чу чийликерчу (четверть) карти тIехь и юрт, Алкан цIе а йолуш, хIинцалера Гуринан а, Назарбаевн а цIарах долчу урамашна юххехь хилла. Иза Гудермесски урам чекхболучехь хилла бохуш яздина А.Сулеймановс.
Беной-отар (10) цIе йолу юрт билгалъяьккхина ю вай кIеззиг лакхахь хьахийна долчу карти тIехь. Гуной кIотарна къилбаседехьа а, Алда юьртана малхбузехьа а хилла иза. Гарехь, юрт ягийна, йохийна дIаяьккхина Буьрса гIап юьллуш, ткъа цигара бахархой кхечанхьа дIакхелхина.
Нохчаша, дукха хьолахь, цхьаъ лоруш хилла йолу БухIан-Юрт (11) а, Алда а. Паччахьан эскарийн карташ тIехь ша-ша къастош билгалйоккхуш хилла. ХIинца БухIан-Юрт, вайна ма-хаъара Соьлжа хинна аьтту агIор а, «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь а ю. Даима а хилла иза цигахь. Паччахьан эскарша Iазапехь латтийначарах ю и юрт а, цигара бахархой а. Нохчийн бахархоша юха ехкинчу яртийн карти тIехь, стенна делахь а, Керла Алда аьлла цунах.
Чеча юьртана дуьххьал, Карпински гунан кIажера хIинцалера Маяковскийн цIарах болчу урамна тIекхаччалц йолчу меттехь хиллачух тер а ду юьхьанца Гунаш-Юрт (12). ТIаьхьуо юрт Iалхан-Чуьртан тогIене (шина регIа юккъе) «юхатеттина».
Теркан областан карти тIехь (XX-чу бIешеран юьхь) хIинца Долинск поселок йолчохь Гуюшки кIотар хилла. Ширачу Алдана малхбален агIор йолчу меттехь, Суьйра-Коьртан малхбузенан басешца хилла Гуной-отар (13). Амма тахана цунах дисина хIумма а дац, нохчийн аренашца хиллачу иттанаш кхечу яртех а санна.
Соьлжа хина аьрру агIор йолчу бердайистаца, хIинца «Грознефтяная» социйла йолччохь хилла Доьлак-Юрт (14). Делахь а, гIап йиллича, иза йитина, хIинца «Ипподромни» микрорайон йолчу сехьа бовла дезна цигарчу бахархойн. ГIап шоръян йолийча, цунна гуонаха эскарехь гIуллакхдина бевлла гIалагIазкхий охьаховшо болийча, цигара а дIабовла дезна церан.
ХIинца Лермонтовн цIарах болу урам болчохь хилла юьхьанца Кемсийн юрт (15). Паччахьан эскаран а, Iедалан а Iаткъамца цигара кхелхина Соьлжа хина аьтту агIор сехьа бевлла нохчий. Кхуззахь, хIинца Киевски урам а, №6 йолу ПТУ а йолчохь юрт йилла гIоьртина. Гарехь, цунах а гIуллакх ца хилла…
Андреевски тогIина къилбехьа йолчу меттехь хилла Луллу-Юрт (16). Дийцарехь, 17 ков-керт бен доцуш жима хилла юрт. Иза билгалъяьккхина ю XIX-чу бIешеран хьалхарчу чийликехь а, 1825-чу шарахь а хIиттийна долчу карташ тIехь.
Мамакхин юрт (17) Буьрса гIап йиллале хьалха «Ипподромный» микрорайон а, РТС а йолчу меттехь хилла. Цигара «юхахуьлуш» Мамакхин-Юрт хIинца Первомайски станица йолчу метте кхаьчна. Цигахь, Хьач-хин («Нефтянка») хьостанехь керла юрт йиллина мамакхиюьртахоша. Тахана а цхьаболчу къаноша Первомайски поселках Мамакхин юрт олу.
Старопромысловски дукъаца, хIинца 15-гIа куп йолчохь хилла Муж-Корта (18) юрт. Довха хиш долуш меттиг хилла иза. ЧIогIа бегIийла хилла даьхни лелон.
Андреевски тIогIи йолчу меттехь хилла нохчийн Назар-Юрт (19) цIе йолу кхин цхьа юрт а. Амма 1859-чу шарахь хIоттийначу карти тIехь иза Соьлжа хина аьрру агIор ю, хIинца Чурт-ТогIи боьдучу некъана а, Соьлжа юьртана а юккъехь. Хетарехь, хьалха хилла юрт йоха а йина, кхуза сехьа бовла дезна оцу юьртарчу бахархойн.
ХIинцалера Б.Хмельницкийн (А.Айдамировн) урам чекхболлучехь, «Родина» поселкана уллехь хилла Сурхай-Татол (20) юрт.
ХIинца болчу Чурт-ТогIи боьдучу некъаний, ТIуртIин колл хиллачу меттигний юккъехь хилла ТIуртIин отар (21). Циггахь хилла ТIуртIин тогIи а.
Таш-ГIала а, Таш-Кхаьлла (22) а олуш хилла хIинца вайна евзаш йолчу Ташкалах. Юьхьанца Таш-Кхаьлла Заводской кIоштан Яьнги-Юьртана юххехь хилла. Оцу юьртарчу бахархойх ташхой олуш хилла.
ХIинца республикин больница йолчохь хилла Хан-ГIала (23) чIагIо. Шовданан-Юрт (п.Гикало) цунна юххехь хилла. Иза хIинца Сбербанкан а, еш йолчу гIалин хьалхарчу больницан а гIишлош йолччохь хилла аьлла хеташ ву М.Шамаев. Делахь а, билггал хууш ду гIап йиллале хьалха, Хан-ГIала (Хан-Кала) ХангIалин борза тIехь, Йоккхачу АтагIара Хан-ГIалин чIожах чувуллучохь хилла хилар. Цигахь хилла Хан-Кхаьлла цIе йолу гIаролхойн юрт. Шина Суьйра юкъ олий цIе йоккхуш хилла цуьнан.
Соьлжа хина аьрру агIор, тIаьхьа йий деш йолу завод хиллачохь, Лермонтовн цIарахчу урамца хилла Ханакхин юрт (24).
Делахь а, оцу юьртарчу бахархойн Буьрс а гIап йиллинчул тIаьхьа шайн бахам, цIенош дитина хIинца хьехархойн колледж йолчу метте схьакхалха дезна.
Хьаьжин эвла (25) Соьлжа хина аьрру агIор Карпински дукъ долчохь (Заводской кIошт) хилла.
Хьач-хи-Юрт (26) юьхьанца Нефтянка («Хьач-Хи») хинна шина а агIор цхьацца куп йолуш хилла.
1825-чу шарахьлерчу карти тIехь и юрт «Гачихи» аьлла язйина ю. Ткъа и бIешо юккъе доьдучу хенахь хIоттийначу карти тIехь иза Атчики-Юрт аьлла язйина ю. ХIетахь иза Хьачхинна аьрру агIор хилла, иза Соьлжех дIакхетачу меттехь.
Хьидин юрт (27) юьхьанца Консервийн заводана уллехь, Соьлжа хи аьтту агIор дIахьаьвзачу меттехь хилла. ТIаьхьуо иза хIинца Соьлжа йолчу метте «дIатеттина». Тахана а оцу юьртан къилба-малхбалехь хаало цуьнан лар.
Чеча (28) дукха йоккха хиларна, цунах Нана-Чеча олуш хилла (вай юьйцуш ерг хIинцалера Чечана яц). Юрт Нохчийчоьнан дегаюккъехь хилла, Соьлжа хина аьрру агIор, хIинцалера ЦIечу Фронтовикийн, Маяковскийн, Хабаровскийн урамаш, Красный молот» завод хиллачохь. Юьртан кешнаш хIинца С.Билимхановн («Динамо») стадион йолччохь хилла.
Шатойн юрт (29) Соьлжа хина аьрру агIор, хIинца Петропавловское Шоссе ураман 1-ра переулок йолччохь хилла. Иза билгалъяьккхина ю XIX-чу бIешарахь хIоттийначу карти тIехь.
ЭгIашбатойн юрт (30) А.Сулеймановс дийцарехь Кировн цIарах хиллачу паркехь лаьттина Телецентр йолчохь хилла. Иза ягийна, цигара бахархой хIаллакбина инарла Ермоловс а, цуьнан эскарша а. Царах бевдда кIелхьара бевлларш Йоккхачу АтагIа дIакхелхина. Гелин ГIойтина юххехь ЭгIашбатойн ГIойтIа йиллина цара.
Эндериэ (31) хIинца Андреевски тогIи хиллачохь лаьттина. Эндере-Юрт а олуш хилла цунах.
Вай ягарйина ярташ а, кIотарш а Буьрса гIап йиллале хьалха хIинца Соьлжа-ГIала йолчу лаьтта тIехь хилла ю. Амма царах цхьа а (Соьлжа а, кхин а цхьа-шиъ йоцург) яц тахана. Уьш яйна, ягийна, дийна бисина нохчий кхечанхьа дIакхелхина. Яйна нохчийн, ян йиш йоцу, ярташ. Уьш меттахIиттор вайн, тIаьхьенийн, сийлахь декхар ду.
С.ДАДАЕВ
№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо