СНИЛС массарна а оьшу

Хьалха СНИЛС болх беш долчу адамашна бен оьшуш ца хуьлура. Болх беш болчу белхахойн хьокъехь хаамаш Пенсионни фонде бан оьшура иза. Амма инновацин технологеш юкъаялорца доьзна цуьнга долу хьашт-дезар алсамдаьлла. ХIинца иза оьшу социальни службаш пачхьалкхаца юзу зIе санна. Тахана СНИЛС коьртачех цхьа документ хилла дIахIоьттина, и доцуш, ур-атталла, беран а гIуллакх хир дац. Цундела берана мелла а сиха яккха еза иза.

СНИЛС массо а хIуманна тIехь эша тарло. Масала, яр тIехь долу пенсионни страхованин тоьшалла оьшур ду медицинин хьашташ кхочушдарехь, гIоленаш еш молханаш эцарехь. СНИЛС оьшу саниторно-курортийн дарбанаш лелорехь, тайп-тайпана пособеш эцарехь. Иза оьшу пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран gosuslugi.ru порталехь регистраци ярна.

Порталехь регистраци яр (дуьххьалдIа пачхьалкхо хьашташ кхочушдарна эшна ца Iаш) «Лоьрана тIе» сайта тIе кхачархьама а оьшу. Цигахь аьтто хуьлу цунна тIекхача дIаязвала я электронни дневника тIекхача. Уьш тахана дукха яьржина Пермерчу школашкахь.

СНИЛС оццул мехала хиларца доьзна, хIинца дикка аттачу даьккхина иза яккхар, бер дуьнен чу ма делли яккхалуш а ю иза. Шен дахарехь дуьххьарлера документ – варан (яран) хьокъехь тоьшалла схьаэцарца цхьаьна берана регистраци йо яр тIехь долчу пенсионни страхованин системехь.

Бинчу бартаца нийса а догIуш, ЗАГС-н органаша дуьнен чу даьллачу (хьесапе эцначу) беран хьокъехь хаамаш бо Пенсионни фонде, цигахь СНИЛС кечъяйта. Карарчу хенахь цу тайпа хаамаш хIора кIирнах беш бу.

ЗАГС-ра шайга кхаьчначу хаамашца Пенсионни фондан меттигерчу органашкахь СНИЛС-ш кечйо, ткъа говзанчаша тоьшаллаш кечдо.

Бер даран хьокъехь тоьшалла схьаэцначул тIаьхьа 15 де даьлча оцу беран да-нана шаьш Iаш долчу меттигерчу Пенсионни фонде даха деза страховани яран хьокъехь тоьшалла схьаэца. Цу тайппана аттачу даьккхина дуьнен чу даьллачу берана СНИЛС яккхар.

Нагахь санна бер хIинцца дина а дацахь, цуьнан хIинца а СНИЛС а яцахь, Пенсионни фонде я МФЦ дехар (заявлени) яздан деза тоьшалла кечдайта. 14 шо кхачаза долчу берашна тоьшалла дай-наноша (шайгахь шайн паспорташ а, бер даран хьокъехь тоьшалла а долуш) схьаоьцу. Нагахь санна беран 14 шо кхаьчнехь я цул лакхара хан елахь, шайгахь паспорт а долуш «баьццара кехат» схьаэца бахка мегар ду.

Хьаххийначуьра аьлча, карарчу хенахь Россин Пенсионни фондан меттигерчу органаша дIахьош ду бахархошна яр тIехь долу пенсионни страховани яран системехь регистраци яр, царна циггахь, тIаьхьа ца тоьттуш СНИЛС дIаялар. ХIинца республикин бахархошна иза оьшуш, я иза хийца, я яйна тIебаьхкича страховани яран тоьшалла дIало. Бакъду, вахархочуьнгахь шен паспорт хила деза, цо анкета хIотто еза. ТIаккха иттех минотехь собар дичахьана, цунна СНИЛС а, тоьшалла а дIалур ду.

С.ХАСАНОВ

№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: