Наркотикаш схьаяьхна
ХIокху деношкахь полицин белхахоша Соьлжа-ГIалахь а, Шаройн кIоштахь а гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.
«Тергамбар» оперативни-лехаман мероприяти дIахьочу хенахь полицин белхахоша Соьлжа-ГIалахь сацийна 55 шо долу меттигера вахархо. Цуьнгахь, кара а йина, схьаяьккхина боьмашчу басахь чIогIа хIума чохь йолу кехатан ларча. Шен билгалонашца гашиш олучу наркотиках тера ю схьаяьккхина, 2–4 грамм хIума.
Оццу хенахь, республикин Шаройн кIоштахь йолчу талламан-чекхбовларан пунктехь сацийна «Лада Приора» автомашенна тIехь хилла 39 шо долу Шелан кIоштара вахархо.
Полицин белхахошна шеконе хеттера оцу вахархочун лелар, тешаш а болуш автомашене хьаьвсира уьш.
Таллам дIахьочу хенахь, машенан багажника чохь кара а йина, полицин белхахоша схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу хIума юкъахь йолу кехатан ларча.
Юккъерчу барамехь 15-20 грамм йозалла ю схьаяьккхинчу наркотикан.
Лакхахь хьахийначу бахархоша Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь (Законехь доцуш наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш а, царах терра хIуманаш а йох-кэцар, лелор а, дIасаяхьар а, яр а, юхакечъяр а) билгалдина зулам дина.
ДIахьош таллам бу.
Масех некъан-транспортан бохам хилла
Хьалха-Мартан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла хIокху деношкахь.
«Кавказ» федеральни автомобилийн некъан 635-чу километрехь, «Лада Гранта» автомашенан 1988-чу шарахь вина волу водитель, некъан дуьхьалйогIучу машенийн а санна тIевалар бахьанехь, шен автомашен тIетоьхна 1967-чу шарахь вина волчу Хьалха-Мартан вахархочун ВАЗ-217050 автомашенна.
Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь тайп-тайпана чевнаш хилла, Хьалха-Мартан кIоштан больнице бигна шина а автомашенан водительш а, «Лада Гранта» автомашен чохь хилла 1990-чу шарахь йина йолу пассажирка а.
Иштта некъан-транспортан бохам хилла Гуьмсан кIоштахь а. «Кавказ» федеральни автомобилийн некъан 682-чу километрехь тIеттIакхетта 1984-чу шарахь вина волчу Ставрополан крайн вахархочун ВАЗ-2108 автомашен а, 1983-чу шарахь вина волчу Дагестан Республикин вахархочун «Тойота Хайлендр» автомашен а.
Некъан бохам бахьанехь лазийна ВАЗ-2108 автомашенан водитель а, цу чохь хилла 2 пассажир а. Царна оьшуш долу лоьрийн гIо дина.
Оцу некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.
I.МУРТАЗОВ
№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо