Нохчийн зударшлахь географин Iилманийн дуьххьарлера доктор Забураева Хьава «Даймохк» газетан редакцехь хьошалгIахь хилира. Газетан белхахошна хаза кхаъ хиллера иза хьошалгIа еана хиларх. Хьава географин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъярца декъал а еш вистхилира Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан.

– Шен къоман стага муьлххачу а хьаьрмахь кхиам хилча я маьIне гIулч яьккхича хазахета вайна, тхо къаьсттина даккхийде вайн къоначеран кхиамех. Тахана, оццул къона йолушшехь, хьекъал а, хьуьнар а, ницкъ а тоьъна хьуна айхьа юьхьарлаьцна некъ кхиамца чекхбаккха. Ахь нохчийн халкъана а, вайн республикина а боккха юьхькIам бина. Тхо дерриге а даккхийде хьан кхиамех, – элира цо.
Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа Газиева Азас, Аболханов Хьаькима, газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа Iилманийн докторан диссертаци чIагIдаран хьокъехь хаттарш дира цуьнга.
Забураева Хьавас дийцира ша аспирантурехь дешарх а, кандидатан а, докторан а диссертацеш тIехь ша къахьегарх а лаьцна.
– Нагахь санна стаг Iилмане бахаман дуьхьа кхийдаш велахь, иза эрна ду. Баккъал а, Iилманца гергарло а долуш, билггал шен цхьа Iалашо юьхьар а лаьцна иза велахь, тIаккха шен Iалашоне кхочур ву. Со тIех хьекъал долуш а ца хета суна, тахана со сайн Iалашоне кхачар уггаре а хьалха сан къинхьегамах а, сан лаамах а доьзна дара аьлла хета суна, – бохура Хьавас.
Къонанаш а ца Iийра къамелана юьстаха географин Iилманийн доктор шайл а башха йоккха а цахиларна, шайна хаа луург цуьнга хатта таро хилира церан. Къоначарна масал дара Хьавас гайтинарг. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, дас-нанас а, вежарша а (Хьава бархI вешин йиша ю) шена гIо дина ца хиллехь, ша шен Iалашоне кхача генахь хирг хилар.
– Вайна ма-хаъара, вайн Iадаташца а, нохчийн гIиллакхашца а догIуш дац, нохчийн йоI ша новкъа а яьккхина, хийрачу махка яхийтар. Оцу бахьаница, хIокху шерашкахь ас Iилманехь къахьоьгучу юкъана суна баккхий накъостий а хилла дIахIиттира сан нана а, вежарий а. Мел гена а соьца йогIура тхан нана, – бохура Хьавас.
Диссертацин хьокъехь къамел диначул тIаьхьа, цхьаьна чай а молуш, Хьаваца цхьаьна мерза хан яьккхира газетан редакцин белхахоша. Шен ларам а бина, ша хьошалгIа кхайкхарна а, шен кхиаман лаккхара мах хадорна а баркалла элира къоначу Iилманчас редакцин коллективана.
Хьавас хаийтира, хIинцачул тIаьхьа а «Даймохк» газетан редакцин белхахошца гергарло лело шен лаам хилар. Географин декъехула хилла ца Iаш, нохчийн меттан декъехула а хаарш долуш хиллера Хьава. Иштта, цхьаьна хаза яьккхинчу хенан (цхьаьна яьккхинарг дукха хан яцахь а) безамна цхьаьна сурт а доккхуш дирзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
И.ХАСАХАНОВН суьрта тIехь: газетан редакцин коллектив
№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо