ХIокху деношкахь Владимир гIалахь дIаяьхьира къорачу спортсменашна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара къора спортсменаш. Вайн республикин цIарах турнирехь дакъалецира РДЮСШ-ра 2 спортсмена, церан тренер М.Таипова. Къийсадаларш ялх дийнахь дIадаьхьира.
Вайн спортсмена. Алиев Асадуллас (65 кг.) шолгIа меттиг яьккхира, ткъа Хайсмеков Минкаила (55 кг.) – кхоалгIа меттиг.
Атта дац ца хезаш долу бераш Iамийна, уьш Россин тIегIанерчу турнире дигна, цаьрга совгIатан меттигаш яхийта.
Делахь а и дан ницкъ кхаьчна тренеран М.Таиповн.
З.ШИШХАНОВА
№28, пIераска, оханан (апрель) беттан 13-гIа де, 2018 шо