Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос тIедогIучу Нохчийн меттан денна лерина Этнографин йоккха диктант язъяр дIакхайкхийна карарчу оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь.
Цуьнца доьзна министерствон куьйгалло республикин дешаран ерриге а организацешна тIедиллина Нохчийн меттан дийнахь диктант язъяран гIуллакхна оьшуш долу хьелаш кхоллар. Диктантан цIе «Бовза, беза хьайн ненан мотт» аьлла ю.
Диктант язъяйтаран Iалашо кегийрхойн а, юкъараллин а нохчийн матте безам-марзо кхоллар а, вайн къоман матто Iер-дахарехь дIалоцу меттиг, маьIна довзийтар а ю.
Диктантехь дакъалаца аьтто бу республикерчу дешархойн, студентийн, церан дай-нанойн, хьехархойн, цхьана дашца аьлча, шен къоман меттан кханенах дог лозуш волчу муьлххачун а.
Диктант дIахьочу дийнахь регистраци яйта еза дакъалаца лаам болчо.
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо