Россин пачхьалкхан коьртачу «Россин шеран хьехархо – 2018» конкурсан кхоалгIа мур ларалуш йолу «Шеран хьехархо – 2018» конкурс дIайолаелла Нохчийн Республикехь. Иза дIахьош ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос. Конкурсан Iалашо ю юкъараллехь хьехархочун белхан сий айъар.
Цигахь дакъалоцур ду республикин юкъарчу дешаран учрежденийн хьехархоша.
Шина муьрехь дIахьур ю конкурс. Цхьаъ заочни а, кхоъ очни а тураш хир ю. Заочни турехь конкурсан дакъалацархочун методикин портфолион экспертиза йийр ю. Оханан (апрель) беттан 16-гIа де тIекхачале интернет чу яьккхина хила еза портфолио. Иштта конкурсантан эссе а хила езаш яра оццу беттан 12-гIа де тIекхачале. Иза Хь.Ибрагимовн цIарахчу республикин математикин школехь язйина хила еза.
Хьалхарчу (очни) «Хьехархо – говзанча» турана юкъадогIу конкурсан шина талламах чекхвалар. Уьш «Методикин семинар» а, «Дарс» а аьлла тIедахкарш ду. ШолгIачу (очни) «Хьехархо – пхьар» турана юкъахь кхоъ тIедиллар ду: «Мастер – класс», «Хьехархойн кхеташо», «Дешаран проект». КхоалгIа (очни) «Хьехархо – лидер» турехь конкурсан зер хир ду «Дешаран декъехь йолчу политикин «горга стол», аьллачу темина.
Хьалхарчу турехь берриге конкурсанташа дакъалоцур ду, ткъа шолгIачу турехь – конкурсан финалисташа, кхоалгIачу турехь – лауреаташа.
Хьехархойн хьуьнарийн мах хадор бу кхул хьалхарчу шерашкахь «Шеран хьехархо» конкурсан лауреаташ хилла, зеделларг долчу хьехархоша а, юкъараллин организацийн векалша а, Iилманан а, дешаран а, культурин а гIуллакххоша а.
З.ХИЗИРОВА
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо