Шоьтан Iуьйранна 4 сахьт даьлча (Москвара хан) США-с а, Великобританис а, Францис а цхьаьна бомбанийн-ракетийн тохар дина Шемарчу объекташна. Кхоьссинарг 103 ракета ю. Царах 73 ракета Шемин ПВО-с стигалахь йоллушехь эккхийтина.
«США-н а, цуьнца берта баханчеран а ООН-ра санкци яцара и тохар дан. Делахь-хIета, цара талхийна дуьненаюкъара ерриге а бакъонаш. Иза, ма-дарра аьлча, ООН-н юьззина бакъонаш йолчу декъашхочунна, йозуш йоцучу Шемина дуьхьал агресси яр ду», – яздина шен Telegram каналехь Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, тIелатар дархьама цара пайдаийцира Дума гIалахь химин герз шаьш кхоьссина бохуш болчу эладитанечу харц хаамех. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира химин герз кхоьссина хилар чIагIдеш цхьа а тоьшалла цахилар. Цу хьокъехь дIахьедар до говзанчаша а, меттигерчу бахархоша а.
«Йозуш йоцучу пачхьалкхана ракетийн-бомбанийн тохар дар, ООН-ца бина барт а боцуш, цунах дагадовлар а доцуш, тIеман зулам дар а ду, акхаралла а ю… Россин Президента Путин Владимира емалдина и гIуллакх. Цо дIахьедина «США-с Шемара гуманитарни бохам кхин а кIаргбеш хилар, маьршачу бахархошка бала хьегийтар алсамдоккхуш хилар. Ма-дарра аьлча, Шемара халкъ ворхI шарахь Iазапехь латтош болчу террористашкахьа гIодаккхар санна иза хилар, цо мухIажарийн могIарш алсамдохург хилар», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
«Вайн къоман баьччас, Россин Герзашца кечбинчу ницкъийн Лаккхарчу коьртакомандующис тидам тIебахийтира историс массо хIума а шен-шен метте дIахIотториг хиларна. Цо хIинцале а доккха жоьпалла тIедожийна Вашингтонна Югославехь, Иракъехь, Ливехь цIий Iанорна. Амма суна кхин цкъа а билгалдаккха лаьа США-н а, цуьнан бартахойн а тIеман луьра зулам бехказадаккха цхьа а бахьана дац», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалло.
Цунна хетарехь, США-с дIахьошъерг бусалба пачхьалкхаш йохоран политика ю, цо Герггарчу Малхбалехь дIахьошъерг геноцид ю.
«Иттаннаш шерийн дохаллехь Iамарко дIахьош ю бусалба пачхьалкхаш йохоран политика. Терроризмана дуьхьал къийсам дIахьо бохуш, моттарханаш а лелош, цо хIаллакбеш берш маьрша нах бу. Иза бакъонца бусалбанаш хIаллакбар, царна геноцид яр ду. Бехк-гунахь доцчу миллионаш адамийн цIий Iенош, уьш хIаллакдеш, дерриге а дуьне шен кога кIел, шен лаамна кIел дерзо лууш ю иза. И вай дойтур дац. Иза дайта ца деза дуьненарчу кхетамехь долчу адамаша. Вай иштта Iахь, изза хьал тIехIотта тарло муьлххачу а махкана, халкъана», – яздина регионан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо