ТIаьхьарчу деношкахь дерриге а дуьненахь шуьйра дийцаре деш ду Iамарко а, Великобританис а, Францис а цхьаьна Шемина дина ракетийн, бомбанийн тохар. Тоьхнарг ерриге а 103 ракета ю. Царах 73 ракета стигалахь йоллушехь эккхийтина. Оцу тохаро, цхьадика, цхьа а вен а ца вийна, лаза а ца вина. Дума шахьарахь Шемин Iедалан эскарша химин герзах пайдаэцна аьлла, доцу бахьана а кхоьллина, дина и тохар.
***
Нидерландерчу Гаагехь дIаяьхьначу ОЗКО-н Советан кхеташонехь Россин векала А.Шульгина, делилаш а далош, дийцира Шемарчу Думехь химин герзах пайдаэцна бохуш дуьйцург бакъцахилар а, и ямарт питана юкъадаьккхинарг Великобританин леррина службаш хилар а. Делахь а, цунна мукIарло даран метта, даррехь, харц дерг дуьйцуш ду Ингалсан куьйгалла, ша аьлча Премьер-министр Тереза Мэй.
***
Россин парламетнареш кхо де хьалха Дамаскехь цхьаьнакхийтира Шемин Президентаца Б.Асадца. Цара, коьртачу декъана, дийцаре дира США-с а, Великобританис а, Францис а цхьаьна дина ракетийн тохаран жамIаш, Шемин гIаланаш, ярташ меттахIитторан хьокъехь долу гIуллакхаш. Шемин Куьйгалхочо чIагIдарехь, масех де хьалха динчу тохаро доккха зен ца дина Россин ПВО-н герзийн дикалла лакхара хиларна.
***
ОвгIанера хьал тIеттIа чолхе долуш ду кхузахь террористийн гIеранаш алсамйовларца. Говзанчаша дийцарехь, таханлерчу дийнахь 10 эзар гергга террорист ву оцу махкахь. Царах дукхахберш «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацин декъашхой бу. Цара кест-кеста тIелетарш до Iедалан эскаран дакъошна а, бакъонашларъяран органийн векалшна а. Иштта, кхо де хьалха террористаш тIелетира цхьана КПП-на. Цигахь хиллачу тIеман тасадаларехь 11 стаг кхелхина.
***
Iамаркерчу Къилба Каролина штатерчу набахтера тутмакхаш, чIогIа дов а даьлла, вовшах летта. ГIаролхойн дукха къахьега дийзира вовшах леташ берш дIасакъасто гIерташ. Оцу девнехь 7 тутмакх вийна, 17 тутмакхана чевнаш йина. Набахтехь хан токхуш болчеран дов хIун бахьана долуш даьлла хууш дац. Карарчу хенахь дIахьош ду девнехь дакъалаьцнарш лебар а, талламаш бар а.
***
Германехь жима ши кема вовшахкхетар бахьана долуш, шина а кеманахь хилла, 2 летчик кхелхина. Цуьнца доьзна талламан белхаш дIахьош бу бакъонашларъяран органийн векалш. Церан юьхьанцарчу жамIашца ши кема вовшахкхетта шина летчико кема лелоран бакъенаш кIоршаме талхор а, и шиъ тидаме цахилар а бахьанехь.
***
Танзанехь тIаьхьарчу хенахь, дукха догIанаш а оьхуш, йочанаш латтарца доьзна, хиш дистина. Уьш ярташка а, гIаланашка а хьавдда. Iаламан оцу бохамехь 9 стаг кхелхина. Вуно доккха зен дина догIанаш эхаро а, хиш дестаро а юьртан бахамна. Оцу бохаман тIаьхьенаш дIайохуш бу Iедалан векалш.
***
25 шо хан яра Узбекистанера Таджикистане а, цигара Узбекистане а пассажирийн автобусаш лелаш йоцу. ТIаьхьарчу шерашкахь шина пачхьалкхан вовшашца йолу зIенаш, уьйраш дикка чIагIъелла хиларца доьзна доккха хьашт кхолладеллера уьш юха юкъаяхаре. И хьал хьесапе а эцна, шина а пачхьалкхан куьйгалхоша сацам бина пассажирийн автобусийн рейсаш юкъаяха. ХIинцале хьалхара рейсаш а йина.
***
Россин Президент В.Путин стомара цхьаьнакхийтира Россехь адамийн бакъонашларъяран векалца Т.Москальковаца. Мехкан куьйгалхочунна цо дийцира Россехь адамийн бакъонаш ларъяран декъехь беш болчу хIора дийнан балхах лаьцна, адамийн бакъонаш ларъярехь вайн пачхьалкхехь дика хьал хиларх лаьцна. В.Путина билгалдаьккхира Россехь хIора а вахархочун бакъонаш а, маршонаш а ларъяр Iаламат мехала хилар.
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо