Нохчийчохь билгалдаьккхира Машаран де

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театрально-концертийн залехь Машаран денна лерина даздаран коьрта цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул сов, зала чохь вовшахкхеттера Правительствон а, Парламентан а векалш, кIоштийн куьйгалхой, динан а, юкъараллин а гIуллакххой, Iилманан а, культурин а векалш.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана гулбелларш а, республикин бахархой а дезачу денца декъалбина ца Iаш, КТО-н раж дIаяккхарца Нохчийчоьнна хьалха «схьаеллаеллачу керлачу неIарех» лаьцна а дийцира.

«Вайн дегнаш синтемах а, самукъадаларх а «дузош» долу дезде ду тахана республикехь. Исс шо хьалха дIаяьккхира контртеррористически операцин раж. Оцу хиламо гайтира тIеман а, терроран а мур чекхбаьлла хилар. Цуьнца цхьаьна вайн исторехь схьайиллира керла агIо – кхиамийн а,маршонан а агIо. Делахь а, хIокху дийнахь Даймахкахь барт а, машар а хилийтаран дуьхьа шайн синош ца кхоийна болу вешан вежарий а, йижарий а дагалоцу вай – Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан эзарнаш бIанакъостий а. Вай цкъа а дицдийр дац цара гайтина хьуьнарш!», – элира цо.

Иштта, республикин Куьйгалхочо дийцира КТО-н раж дIаяккхарца республикехь хиллачу хийцамех лаьцна а.

«КТО-н рожан а, и дIаяьккхинчул тIаьхьа даьллачу исс шаре а бIаьргтоьхча, вайна гучудолу мел мехала хилла тIаьхьарлера шераш. Вайн республика меттIахIоьттина ца Iаш, кхиаман новкъа а яьлла, Россин субъектех уггаре а кхерамазаллечеран могIаре а хIоьттина», – тIетуьйхира цо.

Парламентан спикера Даудов Мохьмада дийцира КТО-н раж йолчу муьрехь республико а, цуьнан халкъо а лайначу халонех лаьцна.

«Бахархойн маьрша баха-бахка йиш яцара, «комендантийн сахьташ» дара, массо а маьIIехь блокпосташ яра, кехаташ толлура, уьш ца хилча, дIа а лоций латтавора, цул сов, вайн адамийн сий-ларам бацара, сийсаздора уьш, юьхь-Iаьржа а хIиттадора», – дийцира Даудов Мохьмада.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна а дийцира Парламентан спикера.

«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчоьнан ханна йолчу Администрацин куьйгалле хIоттийна мур уггаре а хала бара. Дийнахь федеральни эскарша шайн «зачисткаш» йора, ткъа буьйсанна – экстремистийн зуламаш, ярташна тIелетарш, маьрша бахархой байар а, лечкъор а, и.дI.кх.а.», – элира цо.

Даудов Мохьмада билгалдаккхарехь, Ахьмад-Хьаьжас дIаболийнарг нохчийн халкъ къовсаран тIом а бара, оцу тIамехь цо толам а баьккхира.

«Ахьмад-Хьаьжин дешнаш дара, ша «ТIом сацо веана вац, гуттаренна а и чекхбаккха веана ву» аьлла. Баккъал а бакъдолуш, нохчийн халкъ къовсаран тIом бара цо дIаболийнарг. Оцу тIамехь, цхьа а шеко йоцуш, цо толам а баьккхира», – тIетуьйхира республикин Парламентан спикера.

Цхьаьнакхетаран коьрта дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, концертан программа хилира – Пачхьалкхан театрально-концертийн залан сцени тIехь нохчийн эстрадин артисташа а, республикин хелхарийн коллективаша а шайн говзалла гайтира.

И.ИСЛАМОВ

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: