«Бекалахь, ненан мотт»

Хьалха-МартантIехь дIайолийна хIора шеран «Бекалахь, ненан мотт – 2018» конкурс-фестиваль.

КIоштан культурин цIийнехь хилира конкурс-фестивалан хьалхара мур.

Нохчийн Республикин культурин министерствон пресс-службо хаам ма-барра, фестивалан шолгIачу муьрехь дакъалаца бакъо къовсур ю Соьлжин, ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан кIоштийн а, Устрада-ГIалин а культурин учрежденийн кхоллараллин коллективаша.

Конкурс-фестивалан Iалашо ю кегийрхошна нохчийн мотт марзбар а, цуьнан хазалла, йовзийтар а. Шен халкъ, Даймохк, къоман гIиллакх дезар-довзар ненан маттехула кхиош ду.

«Бекалахь, ненан мотт» санна йолчу конкурс-фестивалехь карабо нохчийн матте шатайпа безам болу дешархой а, кегийрхой а.

Конкурс-фестивалан дакъалацархойн хьуьнарш «Исбаьхьаллин дош», «Забар», «Вокал». номинацешкахула теллира жюрин декъашхоша.

Хьалхарчу муьрехь чекхбевллачара конкурс-фестивалан шолгIачу муьрехь дакъалоцур ду.

Къоначу артисташа нохчийн халкъан къоман культурех долу хаарш гойтуш, исбаьхьаллин дашца, забарца, эшаршца хазйира фестиваль.

ШолгIа мур Курчалойн-Эвлахь дIахьур бу. Конкурс-фестивалан даздарш Нохчийн меттан де билгалдоккхучу оханан беттан 25-чу дийнахь дIахьур ду.

«Бекалахь, ненан мотт» конкурс-фестиваль Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан проект ю.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: конкурс-фестивалан дакъалацархой

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: