Зайнап яздархо ца хила йиш яцара

Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь поэтан, берийн яздархочун Сулейманова Зайнапан кхоллараллин суьйре дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин директор Сайдумова Зулай, республикин Яздархойн союзан декъашхо, поэт Гакаев Iаьрби, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина, иштта къона яздархой, Зайнапан гергара нах, цуьнан книгашъешархой.

Суьйре дIахьош вара республикин Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран.

– Шен ден, яздархочун Сулейманов Ахьмадан лорах дIайоьдуш ю Зайнап. Ахьмадана уллехь, цунна гIо-накъосталла деш хьалакхиъначу Зайнапах яздархо бен хила йиш яцара. Иза кхоллараллехь къахьоьгуш йолу дукха хан ю.

Цуьнан кхолларалла коьртачу декъана, берашна лерина ю. Кханенах тешош, синъайаме ю цуьнан поэзи. Муьлхха а байт схьаэцча ваха дог доуьйтуш ю, ткъа хIинцалерчу къоначу поэташкахь иза кIезиг го. Царна пайдаэца дуккха а хIума ду Зайнапан хIора а могIанехь.

Цо берашна лерина язйина говзарш вайн къомана доккха совгIат ду, хIунда аьлча, берийн литература кIезиг хиларо школашна книгаш вовшахтухуш кхечу къоман берийн яздархойн дийцарш гочдан дезаш хуьлу. Дика хир дара берашна язъеш яздархой вайна юкъахь алссам хилча.

– Зайнапан дийцарш берашна деша а, атта уьш кхетар а болчу кепара яздина хуьлу. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь бераш кхиорехь чIогIа гIо дийр долуш ю цуьнан говзарш, – дийцира «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас.

Оцу суьйренехь Сулейманова Зайнапан «Марша я хьо, Iуьйре!» байтийн гулар а, Сулейманов Ахьмадан стихийн, поэмийн, гочдарийн «Лам чохь сатосуш» книга а йовзийтира (Зайнапа вовшахтоьхна и книга).

– Сулейманов Ахьмадан кхоллараллина лерина суьйренаш, конкурсаш вовшахтуху оха кегийчу ешархошна юкъахь. Берийн библиотеке догIуш долчу хIора а берана дика евза Ахьмадан кхолларалла. Зайнапа шен ден сий деш, цуьнан сийнна язйинехь а, тхуна доккха совгIат ду Ахьмадан стихийн, поэмийн, гочдарийн книга араялар, – элира Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс.

Зайнапа баркалла элира шен кхоллараллин лаккхара мах хадорна: «Со дукха жима йолуш дуьйна а сан дена юххе хьийзина ю. Суна хазахетара цуьнан белхаш боьшуш, и волчу хьаша-да веача, церан къамеле ладугIуш. Хийлазза, хIума яа йиц лой книгаш йоьшуш Iара со. Дуьненан литература дукха ешна ас, я дохко а ца яьлла», – бохура цо.

Шен къомах дог лозуш, цуьнан лазам шен лазам хеташ, шен йозанашкахь иза яздеш волчу яздархочун йоI иштта бен хуьлийла а дацара.

ВЕГИЕВА МАККА

Авторан суьрташ тIехь: Сулейманова Зайнапан кхоллараллин суьйренехь

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: