21 шо хьалха, 1993-чу шеран 12-чу декабрехь Россин халкъо къаьжнаш тесира мехкан Конституци тIеэцарехьа. Россин Федерацин керлачу лаккхарчу нормативни бакъонийн акто бахархошна тешам лора коьрта бакъонаш а, паргIатонаш а хиларна, демократически законан масал хилира иза. Цуьнца нийса а догIуш, пачхьалкхехь вовшахтуьйхира Iедалан керла институташ, шайна юкъахь парламент а йолуш: Федерацин Советах а, Пачхьалкхан Думех а лаьтташ болу Федеральни Гулам.
ДIабаьллачу муьрехь мехкан Коьртачу законо лайна критика а, дика мах хадор а. Тахана, Россин Федерацин Конституцин де тIекхочуш, оха сацам бира юкъараллехь долчу Коьртачу законан маьIнех а, цо дIалоцучу меттигах а лаьцна Нохчийн Республикин Парламентан Председательца Д.Б.Абдурахмановца къамел дан.
– Баштин Дукхуваха, юкъараллина стенна оьшу Конституци, дахаран гIуллакхийн дерриге а дакъош нисдеш долу тайп-тайпана законодательни акташ ма-ду?
– ХIаъ, законаш долуш ду, амма шуна хууш ма-хиллара, ур-аттал стеган дегIаца а ю коьрта маьIна лелош йолу меже. Иштта юкъараллин дIахIоттамехь а, дахарехь а шатайпана чIагIонан маьIна къастийна Конституцина.
Коьрта закон юкъаралла шеца ехаш а, кхуьуш а долу къилба ду. Иза шел дехьавала йиш йоцу доза ду – стеган бакъонашний, паргIатонашний кхачо ярехь а, пачхьалкх кхиорехь а, цуьнан чоьхьарчуй, арахьарчуй политикехь а. Ткъа оха, законаш кхуллуш, муьлхха а законаш кечдеш, тIеоьцуш, гуттар а тхешан «сахьт нисдо» коьртачу «сахьтаца» – аьлча а Конституцица.
– Россин 1993-чу шеран Конституцис чIагIдира вайн мохк коммуцистически дIахIоттамах юхабалар. Ма-дарра дийцича, махкахь дахар мел хийцаделла?
– Дерриге а халкъан референдумехь тIеэцначу Россин Федерацин Конституцис бахархошна уггаре а шуьйра бакъонаш елира. Ларамаза дац Россин Конституци ерриге а пачхьалкхийн конституцешна юккъехь уггаре а демократически лоруш хилар.
Амма кехата тIехь санна, дерриге а дацара иштта шера. Оцу муьрехь мохк хьалхабалаза бара СССР йохоран, екъаяларан тIаьхьенех (со тешна ву, оцу Iаламат боккхачу карчаман тIаьхьенаш хIинца а хаалуш ю), иза синтеме йоцу хан яра, ала дашна, иттаннаш шерашкахь дIакъевлина латтийначу юкъараллина йоццачу хенахь хааделира, ма-дарра аьлча, цхьаммо а тIехь таллам латтош доцуш, муьлххачо а шена луъург дан йиш хилар. Оцо тIедалийра вайна массарна а евзаш йолчу тIаьхьенашна.
– Аьлча а, юкъаралла кийча ца хиллера-кх ишттачу хийцамашна?
– Оцу бакъдолчо а мехала маьIна лелийра. Амма махкана ницкъаца «демократизаци» йинчул тIаьхьа кегарий хиларан коьрта бахьана дара, билггал бакъдолуш, Ельцинан а, цуьнан гуонан а кхетаме йоцу политика. Сийлахь-боккхачу мехкан иттаннаш шерашкахь IаIийна хилла хьал-бахам кIеззигчу шерашкахь, беттанашкахь байра, лачкъийна, дIасабадийра берриге а.
Ельцинах юьхьанца мелла а тешам бара. Амма оцу сохьта къийбеллачу махко а, адамаша а оцу стагана гечдан йиш яцара тIалам боцуш советски дахарх цо динчунна.
Россин пачхьалкхана бакъонца демократизаци яран а, еххачу хенахь шега сатийсина йолу нуцкъала пачхьалкх хилла иза дIахIоттаран а муьран юьхь лара мегар ду Путин Владимир мехкан коьрте хIоьттина хан. Тешам боллуш а, сацам боллуш а волу политик а, ткъа коьртаниг – шен мехкан бакъволу патриот а волуш, цо оцу сохьта юьхьарлецира Iедалан тIегIанаш чIагIдарна тIе болу некъ. Росси массо а агIор юхаметтахIотторна тIехьовсийна долчу керлачу Президентан хьуьнаречу гIуллакхаша чIагIбира цунах болу халкъан тешам, хено гайтина ма-хиллара, иза нийса а хиллера.
– Россин исторера и мур хедар боцуш боьзна бу Нохчийн Республикин дахарехь хиллачу кхоллам хийцаран хиламашца…
– Россин Президент В.Путин дика кхеташ вара нуьцкъала Росси – иза уггаре а хьалха, нуьцкъала а, синтеме а Кавказ хиларх. Цундела цо юьхьарлецира мехкан Къилбехь, ша аьлча, Нохчийн Республикехь, болу къовсам сацам боллуш дIаберзорна тIебоьду некъ. Реза доцу дIахьедарш а, ойланаш а йоллушехь, цо шен сацамца Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. И гIуллакх инзаре доккха маьIна долуш дара. Россица цхьаьна цIиндаларан халачу, амма тешам боллуш болчу некъа тIе хIоьттира Нохчийн Республика а.
– Оцу гIуллакхашкахь а доккха маьIна лелийра-кх Конституцис?
– Кхеташ ма-хиллара, лелийра, кхузахь – Нохчийн Республикин Конституцис. А-Хь.Кадыров дика кхеташ вара машаре а, хьал кхидIа а тодарна тIе а боьду ша цхьаъ бен боцу некъ – иза халкъан лаам паргIат кхочушбар а, билггал и лаам кхочушбаран баххашна тIехь юкъаралла а, республика а дIахIоттор а хиларх. 2003-чу шеран 23-чу мартехь Россин Президента В.Путина дуьххьалдIа гIо а лоцуш, Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо А-Хь. Кадыров кхечира Нохчийн Республикин Конституци а, «Нохчийн Республикин Президент харжаран хьокъехь» а, «Нохчийн Республикин Парламенте харжамаш баран хьокъехь» а долу Нохчийн Республикин Законаш а тIеэцарехула йолу дерригхалкъан референдум дIаяхьаре. Референдумехь нохчийн халкъан доккхах долчу декъо кхаьжнаш тесира Россин халкъийн дуккха а къаьмнийн доьзалехь машарехь цхьаьнадахарехьа.
Билгалдаккха деза, цунах лаьцна ас тахана дозалла дарца дIахьедо, цхьаьннан а цIий ца Iанош, референдум дика дIаяхьар вайн къоман тхьамдин кIант Кадыров Рамзан бахьана долуш хилла хилар. Цо берриге а ницкъаш тIебахийтира нохчийн халкъан исторехь и тIех мехала гIуллакх дIадахьарехь кхерам цахилийтарна а, къепе хилийтарна а кхачо ярна.
– ДагадогIу, хIетахь дукха бара референдум а, дIаяхьар хенал хьалха дIахьош ю а, цуьнан жамIаш бакъонца лара мегар дац и.дI.кх. а бохуш берш, цу юкъахь сий-лараме нах а болуш. Баштин Дукхаваха, алахьа Конституцис билггал хIун делла вайн халкъана?
– 2003-чу шеран 23-чу мартехь тIеэцна йолчу Нохчийн Республикин Конституцис вай долчохь хиллачу кегарера республика Россин Федерацин бакъонийн хьаьрма яккхаран маьIна лелийра. Ма-дарра аьлча, цо республикин Iедалшна бакъонийн демократически пачхьалкх дIахIотторна оьшуш болу берриге а гIирсаш белира. Билгалдаккха деза, регионан куьйгалхо – юьхьанца А-Хь.Кадыров коьртехь волуш а, цул тIаьхьа ша Президент хаьржича, Р.Кадыровс а берриге а ницкъаш тIебахийтира тIеман тIаьхьенаш дIаяхарна, ирсе, токхе дахар дIахIотторна.
Тахана, вайн урамашка девлча, вай кхета Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула референдум дIаяхьаран хьокъехь болу Россин Президентан В.Путинан а, вайн къоман тхьамдин А-Хь. Кадыровн а сацам мел кхетаме а, хиндерг хьалххе гуш а хилла. Конституци машар баран гIуллакх кхидIа а дIадахьаран бух хилира. И гIуллакх чекхдаьккхира Нохчийн Республикин хIинцалерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
– Къамел дарна баркалла.
З.ЯХИХАНОВ