Оьзда а, къинхетаме а Марха

Курбанова Марха ТIехьа-Мартан кIоштан СемаIашка юьртарчу юккъерчу юкъарадешаран №3 йолчу школехь тIехдика дешарца исс класс чекх а яьккхина, 2011-чу шарахь Нохчийн медицинин колледже деша яхара. Цигахь ша доьшучу деа шарахь колледжан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш яра. ЦIечу дипломаца чекхъяьккхира цо иза.

Таханлерчу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин а, психологин а, дефектологин а институтехь школал хьалхара дефектологин говзалла караерзош, 3-чу курсехь доьшуш ю Марха.

ДIадаханчу шеран гIуран (декабрь) баттахь Саранскехь дIаяьхьначу Ерригроссин студентийн логопедехула йолчу олимпиадехь дакъалаца хаьржинчу пхеа йоIана юкъахь яра Курбанова Марха. И бакъо цара шайна яьккхинера университетерчу студенташна юкъахь дIабаьхьначу къовсамехь (тесташна нийса жоьпаш даларна).

Университетан ректора Халадов Хожа-Ахьмада проектана финансировани а йина, Алиева Сацитас (декан), Алиева Малкана (деканан заместитель), Газиева Маринас (кафедрин заведующи), кхиболчу хьехархоша гIо а дина, дика кечам а бина новкъа елира вайн команда олимпиадехь дакъалаца. Цигахь къов-салуш яра Россин регионашкарчу тоьллачу вузашкара 68 команда.

Олимпиадин хьалхарчу номинацехь ша доьшуш йолу университет йовзийта езара. Сцени тIерачу экрана тIехь гойтуш шаьш берашца бен болх бовзуьйтуш йолу ролик а йолуш, вайн шина йоIа хелхар дира. Цуьнан идей – малделла зезаг охьадаханчу хенахь, хин тIадам а кхетта, иза юхадендалар – хазъеллера жюрина.

ШолгIачу номинацехь шен проект йовзийта езара. М.Курбановас йинарг «Нохчийн Республикехь логопедин туш» проект яра. Иза цигахь йовзийтинчу проекташна юкъахь массарал а гIолехь лерира. Цул тIаьхьа проектан презентаци йира. Оцу тIедилларца а дика ларийра Марха. Иштта, шина а номинацехь вайн республикера мехкарий туьйлира.

Курбанова Мархина «Проектная деятельность: от замысла к воплощению», «Национальный колорит» Дипломаш а, олимпиадехь дакъалацаран сертификат а, ректоран Х-А.Халадовн цIарах Ерригроссин студентийн логопедехула йолчу олимпиадин гIолацарна Баркаллин кехат а делира. ТIетоха лаьа сертификаташ пхеа а йоIана делла хилар.

Москварчу пачхьалкхан университетера а, Россин кхечу регионашкара а баьхкиначу хьешаша, тIе а оьхуш, нохчийн мехкарех шайн цецдийлар хоуьйтура. Республикехь цу тайппана говзанчаш кхиош кафедра схьайиллина дукха хан йоццушехь дика кечам а бина, дика хаарш ду шун, бохуш. Университеташна юкъахь хьалхара меттиг а яьккхина, цIабирзира вайн мехкарий.

Цигахь ша толам баьккхина аьлла, паргIата яьлла Iаш яц Марха. Шен нийсархошна оьздангаллин масал а хилла, дешарца а дика ларош схьайогIу.

Ши шо ду цо Республикин онкологин диспансерехь радиотерапин отделенехь болх бен. Иштта, иза практикехь хуьлу бIаьрса а, лерса а ледара долчу берийн интернаташкахь а, берийн дешаран цу тайппанчу кхечу учрежденешкахь а, иштта берийн реабилитационни больницашкахь а.

Лелар оьзда долуш а, къинхетаме дог долуш а ю Марха. Цо дечу къамелехь а, дечу гIуллакхашкахь а хаало иза.

«Дукха бераш ду вайн шерра мотт ца бийцалуш, – дуьйцура Мархас. – Иштта бераш гинчул тIаьхьа чIогIа царна гIо дан лаьа. Ма хетта сиха жамI ца хуьлу, берийн лазаре хьаьжжина, шерашкахь къахьега дезаш хуьлу цаьрца. Практикехь йолчу хенахь цхьацца идейш кхоллало сан, берана муха-хIун дича гIолехь хир дара аьлла. Оха теори Iамочу хенахь и болх иштта хала хир бу аьлла а ца хетара суна. Ткъа практике дIайолаелча хиъна суна иза мел хала а, синна тIеIаткъам беш а бу. Оцу берех а, церан дай-нанойх а чIогIа къахета суна».

Шен Iалашо а ю йоьIан. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа магистратурехь деша ойла ю цуьнан.

«Республикин дозанал арахьа магистратурехь сайн говзалла дикка лакхаяккха лаьа суна. Кхузахь оцу декъехь болу говзанчаш кхитIе а долу дешар дешна бу. Ткъа цигахь коьрта говзанчаш кхиабо. Соьгара гIо накъосталла а, дарба а эшна сайна тIедалочу дерриге а берашна ян ма-еззара гIоле ян лаьа суна», – бохура йоIа.

Дас Зеламхас а, нанас Луизас а, девашас Вахас а оьшучунна тIехь даима а гIо дина шена боху Мархас. Цара гIо лоцуш ца хиллехь иштта кхиам шен хилла хир бара аьлла а ца хета цунна.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрта тIехь: Курбанова Марха олимпиадехь дакъалаьцначу мехкаршца цхьаьна

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: