Махлелоран «Иман» цIа эцархоша дика цIе йоккхуш ду

Шен цIарца а шена тидам тIебохуьйтуш ду Заводской кIоштарчу Индустриальни урамехь долу махлелоран «Иман» цIа. Жимма некъа тIера чуоьзна а, сирлачу басахь а хиларна геннара дуьйна дика къаьсташ ду иза. ГIишлонна хьалха, силам а диллина, тойина йоккха майда ю. Машенашкахь богIучеран аьтто бо оцу гIуллакхо.

Хьалхарчу гIат тIехь аьтту агIор а, аьрру агIор а йолчу терхеш тIехь леррина дIанисйина тайп-тайпана юург-мерг ю. Эцархошка уьш дIакхачале дукха болх бо кхузарчу белхахоша. Цкъа хьалха дохка схьадеана долу массо а хIума цхьа бух болуш, компьютера чохь дIаяздина ду. Иза дар тIехь ду операторна Алихаджиева Иманна. Ткъа уьш терхеш тIехь нисдеш, охьадохкуш ю Гайсуева Разет, БицулаевгIеран Залуба, Умат.

Тускарца а, гIудалкхаца а туькана чухула буьйла а луш, шайна оьшург схьа а хаьржина, эцархой неIаре схьабаьхкича, кхаа касси тIехь болчу мехкарша – Алихаджиева ТIауса, Бицулаева Хедас, Яндиева Азас, Шахгиреева Луизас, Исаева Азмана – сихха чот туху цара эцначун.

Уьш шайн-шайн сменашкахь болх беш хуьлу. Консультантан болх беш ву Мальцагов Эмиль, Алихаджиев Хьамзат, Хусаинов Рамзан. Уьш мичча хенахь кийча бу эцархойн хаттаршна жоьпаш дала, оьшучунна тIехь гIо дан.

Нахана кхачанан сурсаташ доцург, кхин дуккха а хIума хуьлу Iер-дахарехь оьшуш. Цунна лерина ду шолгIа гIат. Цу тIехь бахамаллин, промышленни, канцелярски, иштта дIа кхин а товараш ду. Кхуза веанчу эцархочунна шена пайдехь дуккха а хIума карор ю.

Консультантан болх беш а, оьшучу хенахь сурсаташ тIедохьуш а ду ИбрагимовгIеран Зараъ, Зеламха, ткъа касси тIехь ю Мурзаева ПетIамат а, Ибрагимова Асет а.

З.Ибрагимовас шайн балхах лаьцна иштта дуьйцура: «Махлелоран «Иман» цIийне баьхкинчу эцархойн аьтто хуьлу, хьалхарчу гIат тIехь юург-мерг а эцна, кхузахь тIехь-когахь а, чохь-арахь а, берана школехь а, иштта дIа кхин а оьшург эца. Тхо гIали йистехь дара аьлла доцуш, муьлххачу хенахь а дукха эцархой хуьлу кхузахь. Иза доьзна ду аьлла хета, духкучу сурсатийн мехаш оха лахара латторах а, тайп-тайпана хиларх а. Нагахь санна бахархоша заказ йина меттиг хилча, иза кхочушйо оха. Иштта, эцнарг галъяьлла аьлла веача иза а хуьйцу. Токаца долчу сурсаташна гарантеш а ло оха».

Дукха хан йоццуш Джамалдинов Адама, кхузахь мичча хенахь а эца керла, дика жижиг духкуш отдел схьайиллина.

Билгалдаккха деза, кхузахь мархийн баттахь а, дешаран шо тIекхочуш а сурсатийн мехаш лахдеш ламаст хилар. Иза бакъболчу бусалбанийн-нохчийн амалехь хила дезаш дерг ду. Вай даима а хилла Дала хьарам динчух ларлуш а, хьаналчу къинхьегамца хене довлуш а. Ишттачарех ву махлелоран цIийнан да Алихаджиев Ваха. Ша низам дезаш а, лардеш а хиларна шен белхахошка а лардойту цо иза. Цуьнан кIант Ислам а, вешин кIант Адам а Вахина дика накъостий а хилла, оьшучунна тIехь гIо-накъосталла деш, даима а цунна юххехь хуьлуш ву. Ишттта, шен декхаршца ларош ву Сапаев Лом а.

Йохк-эцар лелош волчунна хуур ду иза мел хала хIума ду. Цхьа гIуллакх дIадолор мехала делахь а, коьртаниг ду иза дIадахийта кхетам хилар а, къахьегар а.

Юург-мерг а, сурсаташ а дорах хиларца гIарадаьлла ду махлелоран «Иман» цIа. Кхузарчу куьйгаллин хьуьнар а, белхахойн къинхьегам а бахьанехь, цхьана хорша а бирзина, дика дIабоьду кхеран болх. Хьанал а, бертахь а къахьоьгуш ю Махлелоран «Иман» цIийнан коллектив.

Л.ДАУТОВА

Авторан суьрта тIехь: «Иман» цIийнан белхахой

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: