2020-гIа шо тIекхаччалц болчу муьрехь ярташкара меттигаш кхиоран федеральни программа кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикина 70 миллион сом гергга субсидеш лур ду. Оцу хьокъехь хаам бина хIокху деношкахь Нохчийчоьнан Юьртан бахаман министерствехь. Цо таро лур ю вайн ярташкахь а, бахамашкахь а дикка гIуллакхаш дан.

«2014–2017-чуй шерашкахь а, 2020-гIа шо тIекхаччалц болчу муьрехь а ярташкара меттигаш сацам боллуш кхиор» программа кхочушъярца доьзна субсидеш даларан хьокъехь 2018-чу шеран чиллин (февраль) баттахь бинчу бартаца вайн регионна 69,6 миллион соьман барамехь ахча лур ду», – хаам бо Юьртан бахаман министерствон сайта тIехь.
Стенна хьажор ду и ахча? Цуьнан чоьтах дан леринарг хIун ду? Оцу хаттаршна а жоьпаш карадо вайна министерствон пресс-релизехь. Цу тIехь дуьйцучунна тIе а доьгIна аьлча, ярташкахь Iаш болчарна субсидеш лур ду хIусамаш эца. Оцу субсидийн чоьтах 1 900 еакIов метр хIусамаш эца таро хир ю. Оцу таронех пайдаэца аьтто хир бу къоначу доьзалийн а, говзанчийн а. Царна 1 530 еакIов метр хIусамаш эццал ахча лур ду. Деккъа хIокху цхьана шарахь Нохчийн Республикин ярташкахь бехаш болчу бахархойн хIусамийн хьелаш тодарна къастон дерг 28 миллион сом гергга ахча ду.
Иштта, Нохчийчоьнан бюджетера харжаш хьовсор ю ярташкахь пачхьалкхан долаллин капитальни гIишлошъяран объекташ ярна. Цу юкъахь хир ду ярташкахь газаца а, хица а кхачояран гIуллакхаш дар, церан дикалла лакхаяккхар, кхидерг. Карарчу шарахь оцу Iалашонна билгалдинарг 17,1 миллион сом ахча ду. Оцу ахчанан чоьтах 8 километр газан биргIанаш йохкур ю.
Вай юьйцуш йолу программа кхочуш а еш, хIокху шарахь вайн ярташкахь 7,2 километр хин биргIанаш яхкар а ду билгалдаьккхина. Цу декъехь хIинцале а деш гIуллакхаш а ду.
Оцу дерригено а таро лур ю ярташкахь бехачу бахархойн дахаран-Iеран хьелаш дикка тодан. Ткъа Iедало шайн хьокъехь гIайгIабеш хилар хааделча, цхьа а шеко а йоцуш, бахархойн дог-ойла дика хуьлу, церан шайн яртийн, республикин дуьхьа къахьега дог догIу, къинхьегаман хьуьнар алсам а долу. Ткъа оцо вайн массеран а дахар токхе а, зовкхе а до.
Делахь-хIета, вайн дерриге а халкъана шех доккха беркат дер долуш, мехала ду лакхахь билгалдаьккхина программа Нохчийчохь кхочушъяр.
Д.ХУСЕЙНОВ
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо