Оханан (апрель) беттан 16-гIа де Нохчийн Республикехь Машаран де санна билгалдоккху. ДIакхайкхийна исс шо бен дацахь а, республикин коьртачу дезачу денойх цхьаъ хилла дIахIоьттина иза.
Исс шо хьалха, Россин Федерацин Президентан Медведев Дмитрийн тIедилларца, Россин Къоман антитеррористически комитето республикера КТО-н раж дIаяккхаран хьокъехь сацам бира. Цул тIаьхьа республикехь низам а, къепе а ларъян декхарийлахь хилира Нохчийн Республикин бакъонашларъяран органаш. КТО-н раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадаьллачу исс шаро гайтира, уьш шайна тIедехкинчу декхаршца сийлаллица ларийна хилар.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана оцу дезачу денна лерина долчу шен къамелехь билгалдаьккхира: «Республикехь КТО-н раж дIаяккхар – иза вайн махкахь хиллачу кхиамийн мах хадор а, дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам баккхаран билгало а ю».
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а бахьана долуш хилла кхиам бу иза. Цкъа хьалха Ахьмад-Хьаьжас а (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), тIаккха Рамзана а доггаха къахьегарца доьзна, цунах Дала бахьана а хIоттийна, Нохчийн Республикехь 1999-чу шарахь дуьйна лаьттина йолу КТО-н раж дIаяьккхира 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь. Цу дийнахь республика а, цуьнан къаьмнаш а маьршачу дахаре кхаьчна. Цул тIаьхьа Россин Федерацин муьлхха а субъект санна, шен декхарш а, цуьнца цхьаьна шен бакъонаш а йолуш, кога а хIоьттина, баха болабелла вайн мохк.
Республикин МВД-н куьйгалхочунна хетарехь, КТО-н раж дIаяккхар а, цул тIаьхьа дIадаьлла исс шо а республикехь экономика, социальни дакъа кхиарна а, низам а, къепе а чIагIъяларна а вуно мехала хилира.
«Соьга хаьттича, иза вайн пачхьалкхан Iедалан ерриге а органаш, къаьсттина бакъонашларъяран органаш зер дара. Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахойн декхарш тIекхетарх а, царна шайн болх бовзар бахьана долуш, вайн махкара криминогенни хьал денна а толуш, таханлерчу дийне схьакхаьчна вай. Вайна къаьсттина гIо-накъосталла динарг хIун дара теша аьлла, вай ойла йича, жоп атта карор ду: вайн бIаьхойн дуьненаюкъарчу терроризмана а, юкъарауголовни зуламашна а дуьхьало яран говзалла яра. Цундела маьршачу хорша дирзина республикера хьал хийца ойла кхоллаелларг, милла хиллехь а, юьххьехь дуьйна эшна вара. Дуккха а нах бара вайн бIаьхой шайна тIедехкинчу декхаршца ларор бац бохуш. Бакъдерг дийцича, уьш ца ларийча, хазахетар долуш берш а бара. Амма вайна а, вайна санна царна а го КТО-н раж дIаяьккхинчул тIаьхьа республикера хьал чолхе далар-м дуьйцур а дацара, денна а толуш догIуш хилар. Тахана вайн махка туристаш а богIу, вай юкъараллин-политикин дуккха а цхьаьнакхетарш а дIахьо. Масала, тIаьххьара шо схьаэцча, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша кхерамазалла а, къепе а латтош, дIадаьхьна бIеннаш тайп-тайпана цхьаьнакхетарш. Царна юкъахь дакъалаьцначу бахархойн барам масех миллион бу», – билгалдаьккхира министра.
Иштта, Р.Алхановс дийцарехь, республикехь КТО-н раж йолчу муьрехь шайн декхарш кхочуш деш, шайн халкъана, махкана тешаме волуш, кхелхина 1,5 эзар сов бIаьхо.
«Вайн накъосташа шайн синош дIаделла нохчийн махкахь машар а, барт а хилийтаран дуьхьа. Уьш бара уьш, вайн махкахь конституцин къепе дIахIотторан некъа тIехь шайн синош а, догIмаш а цакхоийнарш. Цундела со тешна ву вайн халкъо уьш цкъа а бицбийриг цахиларх», – элира Алханов Руслана.
«Нохчийн Республикина тIех чолхе хиллачу оцу денойн ойла ян воьлча, со кхета, оцу муьрехь вай дерриге а нийса дина хиларх. Тахана вайн Iалашо ю вайн мохк кхиоран некъа тIехь къахьегар. Цу некъа тIехь къахьоьгуш Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву. Цо шен дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхина некъ хьакъ ма-дду дIакхоьхьург хиларан цхьа а шеко яц. Цундела вай декхарийлахь ду цунна накъостий а хилла, дIахIитта», – дерзийра шен къамел республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Р.Алхановс.
И.ХАСАХАНОВ
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо