(Нохчийн зударех дуьххьарлера журналистка)
Нохчех дуьххьара инарла хиллачу Чермоев Орцин цIе яха йисина халкъан иэсехь. ЧермоевгIара доккха дакъалаьцна нохчийн къоман культура а, литература а, истори а кхиорехь. 1825-чу шеран мангалан (июль) беттан 16-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Чермоев Орца. Шен вуьрхIитта шо кхачале оьрсийн эскаре гIуллакх дан воьду. Буьрса кхехкачу тIемашкахь хаддаза майралла, доьналла, хьекъал гайтарна, 21 шо дузале прапорщикан чин делира Орцина.

50 шарахь гергга гIуллакх до цо оьрсийн эскарехь. МостагIчух оза ца луш, турпалаллица луьрачу тIемашкахула толамца чекхвийларна кхаьчна иза инарлин дарже.
Кхаа зудчо бина боккха доьзал а хилла цуьнан: ялх кIант, пхи йоI. Царах цхьаъ – Iабдул-Межед – дуьненна вевзаш политик, юкъараллин гIуллакххо хилла. Большевизман кхерам Къилбаседа Кавказана тIебазбелча, ламанхойн правительство кхоьллина, коммунисташца къийсам латтийна Iабдул-Межеда. Вайнаха-м Тапа олуш хилла цунах. Оцу заманахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь боккхачу ларамца йоккхуш хилла оцу яхь йолчу нохчийн кIентан цIе.
Вай тахана шех дийца леринарг, Тапин жимах йолу йиша Саракаева Марем ю. Саракаев – иза Мареман хIусамден ИбрахIим-Бекан фамили ю. Марем Орцас кхозлагIа ялийначу зудчо йина йоI ю. Цу замане ладоьгIча, кIорггера йоза-дешар девзаш хилла иза.
Соьлжа-ГIалара зударийн гимнази дуьххьара чекхъяьккхинчу нохчийн мехкарех цхьаъ хилла Марем. Нохчийн оьздачу кхерчара схьаяьллачу цунна, кIорггера ненан мотт хиъна ца Iара, дукха дика оьрсийн мотт буьйцура, паргIат немцойн, французийн, ингалсан меттанашкахь къамел дора. Нохчийн хьоладайн дукхах болчу мехкаршна санна, оьрсийн а, дуьненан а литература евзара.
Хаза, товш йоI хилла иза. Кхиъна йогIучу муьрехь, тIедеъна захало, дас, дош делла кхочушдина маре яха нисделла. Бакъду, цигара карахь йоI йолуш, цIа еана хилла. Оьрсийн эскаран эпсар хиллачу Саракаев ИбрахIим-Бекана евзина, езаелла иза.
Литературица уьйр-марзо йолуш хиллачу Маремана а чIогIа тайна къона эпсар журналистикехь шен хьуьнарш зуьйш хилар. Оцу хенахь Буру-ГIалахь арадолуш хиллачу «Терек» газетехь сих-сиха зорбане юьйлура ИбрахIим-Бека язйина статьяш. Масех псевдоним яра цуьнан: «Чеченец», «Нохчо», «Веданхо». Нохчийн Iилманан журналистикин бух лара мегар ду оцу шерашкахь Саракаев ИбрахIим-Бека бина историн-философин талламаш: «Мюридизм», «Суд и казнь Шамиля».
Марем цуьнга йоьду, амма дукха хан ялале, Дуьненан хьалхара тIом болало. Газеташ кест-кеста Нохчийчу кхочура, тIаккха инарлин доьзале уьш ца кхочуш дуьсийла яцара. Марем йоккхаера сирла кхетам, кIорггера хаарш, дешан говзалла йолуш, нохчашна юкъара жима стаг валарх. Ткъа уггаре а коьртаниг, ша схьаваьллачу нохчийн къомах дог лозуш, цуьнан кхане екхна ган лууш язбина хуьлура Саракаев ИбрахIим-Бекан массо а могIа. Иштта зорбане даьхна йозанаш чIогIа товра йоIана, цо дозалла дора хьуьнаречу журналистах. Ткъа хьакъ доллу дозалла долчохь, безамо зазахеца гена дац. Безаман ларда тIехь кхоьллина доьзал а ирсан зIаьнаршлахь когабоьду. Бакъду, синтеме денош кIезиг хилира къона доьзал кхоьллинчу СаракаевгIеран.
1914-чу шеран аьхка дIаболабелира Дуьненан хьалхара тIом. Ша эпсар хиларе терра, ИбрахIим-Бек, хьем боцуш, тIаме ваха кечвелира. Цуьнца новкъаделира къона нускал а. Нохчийн зудчун декхар ду-кх иза дуьне долийчахьана а, мел халачу хьелашкахь хIусамда хиларх, даима а цунна юххехь хилар. Шен дерриге адахарехула чекхдоккху Марема оцу декхарна тешаме хилар.
Дукха дийцина вайн историкаша «Дикая дивизия» олуш хиллачу буьрсачу дивизис бинчу тIамех лаьцна. Оцу дивизина юкъайогIуш хиллачу гIезалойн полкехь тIом бинчарах ву Саракаев ИбрахIим-Бек, ткъа Марем оцу дивизехь «сестра милосердия» хилла. ТIеман хьаьттара чевнаш хилла бIаьхо хийла кIелхьараваьккхина Марема. Подполковникан хIусамнана яра аьлла, кхерам боцу меттиг лехна, йовхачу чохь паргIатъяьлла ца Iийна иза. Кхечу медйижарша санна, шело, гIело, мацалла ловш, шен са а, дегI а ца кхоош, къахьегна луьрачу тIамехь.
Цул сов, тIеман кхийсарш лахъеллачу мIаьргонехь, СаракаевгIеран петарехь вовшахкхеташ хилла вайн махкара тIаме бахана нохчийн а, гIалгIайн а кIентий. Царна масарна а йиша хилла чекхъяьлла ю Марем. ЦIерачу кхачанах уьш хьоьгий хууш, даима а уьш шуьне кхойкхуш, нохчийн кхачанах кхетийта лууш лелла. Маха баккха безахь а, нуьйда йогIа езахь а, махкахошна накъост а хилла чекхъяьлла. Дархойн чевнаш йихкина, уьш лазартнешка идийна, хаза дош олуш, дог хьаьстина. Цундела массарна дукхаезна. Мел буьрса буьйса а цкъа мацца а чекхйолу. Иштта, дIабирзира Дуьненан хьалхара тIом а. Аьлча а, Россехь граждански тIамехьа бирзира иза. Цу хенахь, революцин шовкъехь сийсачу Петроградехь яра подполковник Саракаев ИбрахIим-Бек куьйгаллехь волу полк.
Мохк масийтта декъе бекъабелча санна хетара. Цхьаберш оьрсийн паччахь Николайгахьа бара, вукхара парламент, республика, демократи хьехайора, конституцин демократаш ду шаьш бохуш. Ткъа кхоалгIа дакъа гуттар чуьрадаьллера, берриге а хьоладай хIаллакбина, латтанаш халкъе дIадала деза бохуш. Хала дара бакъ- харц волчух кхета. Кегаелла еана зама хилла иза.
1918-чу шеран аьхка большевикаша тоьпаш туьйхира, Россин паччахь хиллачу Романов Николайна а, цуьнан доьзална а. Оцу кIуркIманехь нохчех болчу эпсарша цхьабарт хилла, сацам тIеийцира: вай тешамна дуй биъна паччахь дIавели, даржаш къуьйсучарна юкъагIерта вайн гIуллакх дац, цIадерза деза вай, аьлла. Оцу ирчачу хьелашкахь, Нохчийчу цIавирзира Саракаев ИбрахIим-Бек а, цуьнан хIусамнана Марем а. Кхин даладелла хьал кхузахь ца хиллехь а, делахь а, «Шен цIа – цIен цIа», – баьхна вайн дайша а.
Нохчийн ярташка тIеман ачо кхачаза хиллехь а, Соьлжа-ГIала яра революцин шовкъо сийсош. Мехкадаьттанхоша дагца къобалдина тIелаьцнера Советийн Iедал. Нохчашна юкъахь кIезиг бацара большевикийн хазачу хабарех Iехабелларш. ГIалагIазкхаша дIалаьцна латтанаш юхадерзоре сатуьйсура дукхахболчара.
Саракаева Марем дика кхетара нохчийн халкъана тIехIоьттинчу киртигах. Шайна даа худар ца даделлачаьрга, нахана дао хьовла далур доций хаьара цунна. Делахь а, махка-майдана яьлла, шена хетарг кхайкхош-м ца лийлира иза. Дог лозур-кха, йоза-дешарна гена долчу шен декъазчу халкъах, бIешерийн боданера схьатекха цуьнан къаьхьа кхоллам, мелла а серлаболийла лаьара. Шен ницкъ кхочург, дерриге а дан кийча а яра иза сатийсаме зовкх гергаозо.
1923-чу шарахь вайн махкахь арадала доладелира нохчийн маттахь дуьххьарлера газет. «Серло» (хIинца «Даймохк») яра цуьнан цIе. Цу заманахьлерчу интеллигенцис, коьртехь Арсанов СаьIид-Бей а волуш, дукха къахьийгира къоман газет схьаделла гIерташ. Иза схьадиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна оцу газетехь болх бина Саракаева Марема. Цундела олу цунах нохчийн зударех дуьххьарлера журналистка. Цкъа делахь, керла кхоьллинчу редакцера дIа мел яздеш долу кехат Марема яздеш дара. Цо сиха карадерзийра леринчу чарха тIехь (пишушая машинка) зорбатохар. ШолгIа делахь, оцу муьрехь Нохчийчохь дукха нах бацара гIалаташ доцуш яздан хууш. КхоалгIа делахь, божарийн синтем ца хуьлура хаддаза зорбатухуш богIабелла Iан. Йоза-дешарца кIорггера гергарло долчу Маремана чIогIа дика карабирзинера и болх.
Цуьнгахь шортта собар а, гIиллакх-оьздангалла а, балха тIехь каялар а дара. Кехаташ яздина Iаш яцара иза. Газет зорбане долучу хьалхарчу деношкахь дуьйна, журналистикехь ша зуьйш а, дика кхиамаш бохуш а яра. Цо яздора дикачу адамех, къинхьегамхойх, нохчийн ярташкарчу тишачу хьелех. Ира, чулацаме хуьлура Саракаева Марема язбина хаамаш. Цара ойлане воккхура, Нохчийчоь еза Iамавора, сирлачу кханенах тешавора. Дахаран аьзнех юьзна хуьлура Марема язйо хIора материал. Цундела дисина цуьнан амат вайн иэсехь. Къаьсттина «Даймохк» газетан 95 шо кхочу денош гергакхочуш, хьахо а, дагаяийта а лаьа и хьуьнаре зуда.
Къоман журналистикин хьостанехь лаьттинчарех цхьаъ ю иза. Нохчийн журналистика кхиийта, цуьнга беркате зазахецийта хьанал къахьегначарех а ю. Саракаева Марем санна долчу похIмечу адамаша йоьттина нуьцкъала лард ю «Даймохк» газет таханлерчу кхиамашка кхачийнарг.
Шайн къам а, къоман мотт а безарна къахьегна цара Нохчийчоьнан сирлачу кханенах дегайовхо кхобуш. Церан хьаналчу къинхьегаман а, доза доцчу хьуьнарийн а беркат ду тахана вайх хьерчарг. Иттанаш шерашкахь схьадогIуш ду иза нохчийн меттан а, къоман журналистикин а гIарол хилла.
Диъ бер дара Саракаева Мареман. Кхо кIант, цхьа йоI. Мареман йоI яра нохчийн гIараваьллачу поэтан Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера хIусамнана. КIентий – Азамат, Юсуп, Хьамзат шайн ден-ненан лорах бахана, дуккха а шерашкахь нохчийн къоман шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх бина а, нохчийн журналистика кхиорехь хьанал къахьегна а бу. Церан сийлахь цIерш евзаш ю вайн республикехь, ларамца йохуш ю уьш. Ткъа Саракаева Мареман дахар хилир-кха, мел хала хеташ делахь а, ткъес санна къегина а, доца а. Вайна цунах хууш дерг ду Мареман жимах волу кIант 1927-чу шарахь дуьнен чу ваьлла хилар. Жима Хьамзат, когавахана, дIаволавелла, дика мотт шарбелла валале, ненах велира.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн юьххьехь Iожалло, хIетта когаяха гIертачу нохчийн журналистикина боккха иэшам беш, вайна юкъара яьккхира Марем. Хедира сирла дахар, ненах девлира кегий бераш, дIабайра экаме сатийсамаш. Амма шен оьздачу дахаран, цкъа а йовр йоцу, нур-жовхIарх лепа беркате лар йитина Саракаева Марема нохчийн къоман журналистикехь. Иза ларийна йоццачу хенахь хьаналчу къинхьегамца шен заманхошна масал хилла дIахIотта а, тIаьхьарчу тIаьхьенашна шех лаьцна ала довха дош дита а.
Марем ю вайнехан зударшна корматаллин журналистике гечо даьккхинарг. Цундела деха цуьнан васт вайн дагалецамашкахь, седанах тарделла, дикане кхойкхуш, кханенах дегайовхо чIагIъеш, нохчийн мехкарийн хьоме сибаташ серладохуш.
ГАЗИЕВА Аза
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо